138-гIа дакъа
(Бусалба наха) гаурашка салам хьалха дIадалар хьарам хилар а, цара делла салам схьа муха эца дезаш ду хаар а, юккъехь бусалбанаш а, керстанаш а болучу гуламе салам далар суннат хилар а
866. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хьалха дIа ма лойла аша салам я жуьгташка а, я керстанашка а. Нагахь шаьш новкъахь царех цхьанна дуьхьал кхетахь – цуьнан (некъан) уггаре а гаттоне татта (таIаве) иза» (Муслим: 2167).
867. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь Китабан охIлано[1] шайга салам лахь, аша ала: «Ва Iалайкум (шуна а)»» (Бухари: 6258, Муслим: 2163).
868. Усама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), юккъехь бусалбанаш а, мушрикаш а (цIунашна лолла деш берш, жуьгтий) гулбеллачу нахана уллох волучу хенахь, цаьрга салам делира» (Бухари: 6254, Муслим: 1798).