|
|
|
|
|
|
::: Сийлахьчу КъурIанан маьIна а, цуьнан тидар а ::: |
|||
|
88-гIа сурат
«ал-ГIашийа» («ДIахьулдийриг»)
(Маккахь доссийна, ткъе ялх аят ду)
Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца!
1. Хабар кхаьчний хьоьга [хIай, Мухьаммад] - дIахьулдечух [къематдийнах]?
2. Оцу дийнахь цхьайолу яххьаш сийсазъевлла хир ю,
3. кIадъелла, хIиттина.
4. Йовхачу цIергахь богур бу уьш.
5. Кхехкачу хьостана чуьра (хи) мийлор ду царна.
6. ДIаьвшен кIохцалгаш бен даар хир дац царна -
7. Цара я то а ца веш, я мацалла дIа а ца йоккхуш.
8. Кхин яххьаш хир ю оцу дийнахь самукъане.
9. Дуьненахь болуш шаьш йиначу Iамалшна резахилла,
10. лекхачу бошмашкахь хир бу уьш.
11. Деса хабарш хезара дац царна цигахь.
12. Охьаоьхуш шовда ду цигахь.
13. Айдина маьнгеш ду цигахь,
14. иштта дIахIиттийна кедаш а,
15. могIаршкахь дIанисдина гIайбеш а,
16. кIелтийсина кузаш а.
17. Ца го-те царна: эмкал муха кхоьллина ю,
18. стигал муха аййина ю,
19. лаьмнаш муха дIадоьгIна ду,
20. латта муха дIадаржийна ду?
21. Хьехам бе ахьа [хIай, Мухьаммад] царна - хьехамча ма вай хьо!
22. Царна тIехь олалча вац хьо!
23. Амма [АллахIан динна] букътоьхнарш, керстаналла динарш -
24. тIехдоккхачу Iазапе лоцур бу АллахIа.
25. Тхоьга юхабоьрзур болуш бу уьш -
26. тIаккха Оха жоьпе озор бу уьш. __________________
1. Хабар кхаьчний хьоьга [хIай, Мухьаммад] - дIахьулдечух [къематдийнах]? Сийлахь-Везчо къематдийнахь хинболу хиламаш а, цигахь хиндолу даккхийра Iадораш а хьахийна. Оцу дийно шен баланашций, гIайгIанашций, халонашций голоцур бу массо а кхолламашна, ткъа хIора синна а ша диначунна дуьхьал боггIу бекхам хир бу. ХIан, тIаккха адамаш декъалур ду шина тобане: ялсаманина чу боьлхучаьрга а, жоьжагIатина чу боьлхучаьрга а. АллахIа, хаам беш, дийцина оцу шина а тобанан хинболучу беснех лаьцна. Цо аьлла, жоьжагIатехь Iазап хьоьгуш берш муьлхачу суьртехь хир болуш бу дуьйцуш: 2. Оцу дийнахь цхьайолу яххьаш сийсазъевлла хир ю, 3. кIадъелла, хIиттина. Яххьаш ягийна, юьхьIаьржа хIиттийна, таIзаро холчухIиттийна хир бу уьш. Яххьашна тIехь дIатекхор болуш бу уьш. ЦIаро дIахьулйина хир ю церан яххьаш. «Оцу дийнахь цхьайолу яххьаш сийсазъевлла хир ю» боху АллахIан дешнаш - хIокху дуьненахь дуккхаъ Iамалш йина а, Iибадаташ дина а хиллачийн хьокъехь ду. Амма цара уггаре а коьрта болу бехкам кхочуш цабарна а, Ша цхьаъ бен воцучу АллахIах цатешар бахьана долуш а - къематдийнахь церан Iамалш мохо дIасахьоькху чан а хилла дIахIуьттур ю. Боккъалаъ, маьIнехь нийса делахь а, хIокху суратехь къамел оцу хьокъехь дац. Оцу хьокъехь цхьаъ бен доцу нийсадерг - дуьххьарлера маьIна ду, хIунда аьлча цо буьйцу хиламаш - къематдийнахь хинболу хиламаш бу. Иштта шен чулацамехь массо а жоьжагIатехь хинболучарех лаьцна дуьйцуш а ду и. Ткъа шоллагIа хьахийначу хетаро хьахош дерг - жоьжагIатерачу Iазапхойн кIеззиг дакъа а бен дац. Цул а сов, оцу аятехь Сийлахь-Везачу АллахIа биначу хаамехь довзийтинарг - къематдийно дуккхаъчу бохамашца нах дIа муха хьулбийр болуш бу хаийтар ду. Ткъа церан хIокху дуьненчуьрачу хьелех лаьцна хьахийна а, къадийна а хIуммаъ дац. 4. Йовхачу цIергахь богур бу уьш. 5. Кхехкачу хьостана чуьра (хи) мийлор ду царна. 6. ДIаьвшен кIохцалгаш бен даар хир дац царна - 7. Цара я то а ца веш, я мацалла дIа а ца йоккхуш. ЖоьжагIатин цIаро массо агIор голоцур бу къиношдечарна. Сийлахь-Везачо аьлла: «Нагахь уьш гIо деха болахь - хица гIодийр ду царна, лалийначу эчигах терачу, яххьаш ягош долучу» («ал-КахIв»: 29). Иштта хир долуш ду церан малар! Церан даарах дерг дийцича - ткъа иза дIаьвшен къохцалгаш хир ду. Кхача шина Iалашонна бу: я мацалла дIайоккху цо, цуьнан Iазапах адам хьалха а доккху цо, я озачу стагана товала гIодо цо. Делахь а, жоьжагIатерачу кIохцалгаша оцу шиннах я хьалхараниг а дохьур дац, я шолгIаниг а дохьур дац. Мелхо а, иза – чIогIа къаьхьа а, дегаза а, боьха хьожа йолуш а кхача хир бу. Я, АллахI, цуьнах ларде Ахьа тхо! 8. Кхин яххьаш хир ю оцу дийнахь самукъане. 9. Дуьненахь болуш шаьш йиначу Iамалшна резахилла, Ткъа дикачу нехан яххьашна тIехь къематдийнахь ирсе къегар хир ду. Башхачу ниIматашкахь бохкур бу уьш. Церан догIмаш исбаьхьа, тайна хир ду, ткъа церан яххьаш нуьрах йогуш, тIех доккхачу ирсах юьзна хир ю. Дуьненахь болуш шаьш АллахIан лайшна дина хилла долучу шайн дикачу гIуллакхашна а, шаьш диначу диканашна а резаболуш хир бу уьш. Резахир бу уьш - шайга хьоьжуш долу, Iалашдина, дебийна долу совгIат шайна схьагича. Хастаме, сийлахь тIаьхье хир ю царна. Шайна мел дезнарг а хир ду царна. 10. лекхачу бошмашкахь хир бу уьш. ХIунда аьлча ялсаманехь хир болуш бу уьш, шена чохь кечдина массо а тайпанара диканаш долучу. Ткъа и бошмаш - ялсаманин бохь-лакхенехь ю. Царна юккъехь – лекха Iойлаш ю. Оцу Iойлашна тIехула а ю тIек-тIекала йина чоьнаш. Оцу лакхенашкара зовкхехь болу дика нах хьоьжур бу АллахIа шайна кечдина долучу комаьршачу диканашка. Оцу бошмашкахь дитташ карор ду царна, тIеххазачу, чомехьчу стоьмийн шортонех дуьзна долу. Лохха царна охьасаттийна хир ду церан генаш - къа а ца хьоьгуш, тIекхача а, стоьмаш схьадаха а йиш хилийтаран дуьхьа, шаьш уьш муьлххачу хьолехь белахь а. Царна тIера стоьмаш схьабаха гIерташ, дитташна тIе хьалабийла а, цхьана а кепара къахьега а оьшур дац царна. 11. Деса хабарш хезара дац царна цигахь. Ялсаманехь царна хезар дац кхетам боцу а, маьIна доцу а, пайденна доцу а, деса а къамелаш, къилахь къамелаш-м хIеттале а. Муххале а, церан къамелаш тIеххаза а, пайдехь а хир ду. Церан къамелашкахь - АллахI хьехор хир ду, Цо шайх бина йист йоцу къинхетам, Цо шайна хаддаза луш долу ниIматаш дийцар а. Вовшашца долу къамелаш хаза хир ду церан. Вовшашца гIиллакхе хир бу уьш - и бахьаница церан садекъалуш, дегнаш деллалуш. 12. Охьаоьхуш шовда ду цигахь. 13. Айдина маьнгеш ду цигахь, 14. иштта дIахIиттийна кедаш а, 15. могIаршкахь дIанисдина гIайбеш а, 16. кIелтийсина кузаш а. Ялсаманахь дуккха а охьаоьху шовданан хьосташ ду - ялсаманерачу бахархоша, шайна ма-лаъара, кIеж йохуьйтуш, бухдуьйлуьйтуш, шайна лиъначухула татолашлахь лоьлуьйтуш хин долу. Аййина охьаховшийлаш ю цигахь. ДоьгIна гаьънаш ду цигахь, кIелдаржийна кIеда меттанаш а долуш. Цигахь дIахIиттйина - дикачу нахана кечйина, царна хьалххахь, церан лаамехь пхьегIаш ю, тайп-тайпанарачу тIеххазчу, чомехьчу маларех юьзна йолу. Гуттаренна а кегийра лаьттан долучу бераша царна тIе дIасакхоьхьур ду и маларш. Ялсаманин бахархоша муьйлур ду царех шайна луъучул. Цигахь охьадехкина дарин а, махмаран а, кхечу кIадин а гIайбеш хир ду, царех дерг цхьана АллахIана бен хууш а доцуш. Царна тIеховша я тIе дIатовжа аьттонехь, магIаршкахь Iохкуш хир ду уьш. Цундела ирсе хилла болу дика нах хьалха бехна бу – уьш тегарах а, дIахIитторах а, дIанисдан дезарах а. Царна кIелтийсина тIеххаза кузаш хир ду, массо агIор а гаьънаш дIахьулдеш, церан охьаховшийлаш дIахьулъеш долу. КхиндIа Сийлахь-Веза АллахI къамеле ваьлла Шен элчанашка, иман цадиллиначаьрга, иштта массаьрга а - АллахIан кхолламийн ойла ян, уьш сама бохуш, АллахI-Дела цхьаъ хилар тоьшалла деш долу. 17. Ца го-те царна: эмкал муха кхоьллина ю, 18. стигал муха аййина ю, 19. лаьмнаш муха дIадоьгIна ду, 20. латта муха дIадаржийна ду? Сийлахь-Везчо дагадоуьйту элча бакъ цавечарна а, иштта массо нахана а - АллахIа кхоьллиначу кхолламийн ойла ян езаш хилар, И Цхьаъ хилар гойтуш долу. Ткъа ойла муха йийр яц наха - сел исбаьхьа кхоьллиначу эмкалийн а, АллахIа уьш Шен лаьшна муьтIахь муха йина а? Хьовсийша, цкъа, оцу тамашийначу дийнате - нахана доккха гIолоцуш долучу, сел чIогIа царна оьшуш долучу! Хьовсийша, цкъа, оцу чIогIачу, хазачу лаьмнашка! Уьш бахьана долуш, латта меттах ца хьуьйш лаьтта, техка ца техка иза, АллахIа шайлахь кхобуш яккхийра мехалаллаш йолу. Хьовсийша, цкъа, оцу йист йоцучу латтане! Сел чIогIа атта дина и: АллахIан лайшна оцу тIехь баха а, лела а, совца а аьтто болуш хилийта, царна аьтто хилийта латта лелон а, ораматаш кхион а, цIенош догIа а, некъашкаухла лела а. АллахIа латтанан хьокъехь «дIадаржийнарг» аьлла. Амма и аьлларг дуьхьал нислуш дац - иза (латта) глобус санна горга а ду, массо агIор стиглано голаьцна а ду бохучунна. Цунна тоьшалла до - сийлахьчу аяташа а, адамийн хьекъало а, вайн хаадаларан меженаша а, вайна гонаха хуьлучу хиламаша а. И доллу бакъдерг - дуьйцуш а, хууш а ду дуккхаъчу нахана, къаьсттина вайн деношкахь - АллахIа царна геннара долучунна тIекхача елла таронаш бахьанехь, нах лаьттан ерриге маьIигашка кхаьчна хиларехь. Къамел жимачу дегIан хьокъехь дечу хеанахь, иза «нийса а, чIапа а ду» бохучо - «горгалех тера» ду бохург юкъара доккху. Ва амма, латта доккха ду. Цундела цхьана хеннахь горга хила а, нийса хила а йиш йолуш ду иза. Оцу хьокъехь цхьана а агIор цхьаьна ца дан а, я цхьаъ вукхунна дуьхьал догIуш а хIума дац. Дешначу нахана оцу хьокъехь дерг дика хууш ду. 21. Хьехам бе ахьа [хIай, Мухьаммад] царна - хьехамча ма вай хьо! 22. Царна тIехь олалча вац хьо! ХIай, Мухьаммад! Хьехам бе нахана, довзийта царна! Хаза кхаъ дIакхачабе нахе, Iазапах ларло ала цаьрга! Нах АллахIан дине кхайкха а, уьш нийсачу новкъа нисбан а, царна хьехам бан а вахийтина ма вай хьо! Царна тIетесна вац хьо! Я олалла а дац хьоьгахь царна тIехь! Я цара диначух жоьпаллехь а вац хьо! Ахьа хьайна тIедиллинарг дерриге а кхочушдахь - цхьа а бехк баккха хIуттур вац хьоьгара. Сийлахь-Везачо ма аьлла: «Тхуна дикаха хаьа цара олуш дерг. Нуьцкъашха уьш (имане балор) дац хьуна тIехь - КъурIанца хьехам бе сан кхерамах кхоьруш волучунна» («Къаф»: 45). 23. Амма [АллахIан динна] букътоьхнарш, керстаналла динарш - 24. тIехдоккхачу Iазапе лоцур бу АллахIа. АллахIана муьтIахь хиларна дуьхьал ваьлла, керста мел ваьлларг - АллахIа баланечу а, абадаллалц хиндолучу а Iазапехь латтор ву. 25. Тхоьга юхабоьрзур болуш бу уьш - 26. тIаккха Оха жоьпе озор бу уьш.
Къематдийнахь берриге а
кхолламаш цхьаьний Тхайга дIагулбийр бу оха. Цара мел диначу диканах
а, вонах а жоп доьхур ду Оха цаьргара.
|
|||
|
|
|
|
|

