174-гIа дакъа
Муьлххачу а цхьана хIусамехь сецначу (стага) ала дезарг
982. Хьакиман йоIа Ховлата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Ша цхьана меттехь сецча, хIара аьллачунна: «Со ларло АллахIан кхачамечу дешнашца Цо кхоьллиначу массо хIуманийн вонах!» («АIузу бикалиматиллахIиттамати мин шарри ма холакъа!») - цуьнах цхьана а тайпана зен хьакхалур дац, иза оцу меттехь мел ву» (Муслим: 2708).
981. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, ша новкъахь а волуш, буьйса гергаеача, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кест-кеста олура: «ХIай, латта! Сан Дела а, хьан Дела а – АллахI ву! АллахIан гIоьнца ларло со хьан вонах, хьоьгахь (хьулделла долучу) вонах, хьуна чохь кхоьллина долучу вонах, хьуна тIехь лелаш (хьийзаш) долучу вонах! АллахIан гIоьнца ларло со лоьмах а, Iаьржачу текхаргах а[1], (ма-барра болучу) текхаргах а, сту лоцучу гезигах а, кхузахь дехаш долучарах а[2], (иштта) дех а, цуьнах девллачарах а[3]» («Я, арду, рабби ва раббукиллохI, аIузу биллахIи мин шаррика ва шарри ма фика, ва шарри ма хуликъа фика, ва шарри ма йадиббу Iалайки! АIузу биллахIи мин шарри асадин ва асвадин, ва минал хьаййати вал Iакъраби, ва мин сакинил балади, ва мин валидин ва ма валад») (Абу Дауд: 2603).

