289-гIа дакъа
МоттаргIанна ду а мотталуш, ва амма моттаргIанах доцучуьнан хьокъехь
1621. Абу Заррас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа цхьамма) АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Дика Iамал йича, и бахьанехь наха хастош волучу стеган хьокъехь хIун эра дара ахьа, дийцахьа?». Цо жоп делира: «Иза хIокху дуьненахь цунна (хуьлуш) дика кхаъ бу»» (Муслим: 2642).

