108-гIа дакъа
(Муьлхха а цхьана хIуманна) тIе а тевжина хIума яар дика цахилар
746. Абу Жухьайфа ВахIба бин IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Айса хIума юучу хенахь (цхьана а хIуманна) тIетевижий ца юу аса» (Бухари: 5398).
ХаттIабис аьлла: «Кхузахь дуьйцучу «ТIетевжина» бохучуьнан маьIна - «Шена кIелларчу маттана тIетевжина хиъна Iийриг ву». (Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) ала лиънарг: ша маттана а, гIайбешна а тIе хиъна Iаш цахилар ду, алсамо хIума яа Iалашо ерг хааре терра. Амма иза охьахуу - хьалагIатта кийчча а волуш, паргIатваьлла охьахиъна а, мацалла малъяллал (бен кхин сов) хIума яа (хиъна а воцуш)».
Иза - ал-ХаттIабин къамел ду. Кхечара «ТIетевжина» бохучуьнан маьIна – «АгIор а ваьлла, шен агIонна тIетевжина Iуьллург ву» аьлла до. Ткъа цуьнах дерг дика хуург АллахI ву.
747. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гира сунна - голаш аййина, лаьттахь хиина, хурманаш юуш Iаш» (Муслим: 2044).

