113-гIа дакъа
Хина тIе хIуп бахар дика цахилар
765. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хина чу хIуп бахар дихкиначу хенахь цхьана стага элира: «(Ткъа цкъацкъа) кедахь нехаш ма го суна». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «ТIехкхийса уьш (дIаIанае уьш)». (Оцу стага) элира: «Боккъалаъ, хIаваъ цкъа чуоьзарах ца Iеба со!». (ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «ХIета хьайн бетера дIабаккхахьа кад[1]»» (Тирмизи: 1888, цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» дарж долуш хьадис ду).
766. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршина) аьлла: «Пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкина пхьегIина чу садеIар а, цунна чу хIуп бахар а» (Тирмизи: 1889, цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» дарж долуш хьадис ду).

