236-гIа дакъа
Лайш маьршабахаран дозалла
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Амма иза ца хIоьтти (некъан) хало эшон! Ткъа мичара хиира хьуна: хIун ю и хало? Иза - лай маьршаваккхар ду» («ал-Балад», 11-13).
1358. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира соьга: «(Нагахь) шух цхьамма бусалба лай маьрша витахь - АллахIа жоьжагIатех хьалхайоккхур ю (лайн) дегIан хIора меженна дуьхьал (иза маьршавитиначуьнан) меже, цуьнан бехке меттиг а цхьана - (цо маьршавитиначу лайн) бехкечу меттигна дуьхьал» (Бухари: 6715, Муслим: 1509).
1359. Абу Заррас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) аса (пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Муьлхарш ю уггаре а еза Iамалш?»[1] Цо жоп делира: «АллахIах тешар а, АллахIан новкъахь жихIад дар а ю». Аса хаьттира: «(Маьршабитар) уггаре а дикаха (долу) лайш муьлхарш бу?»[2] Цо жоп делира: «Уьш долахь болучу дайшна доллучул мехала берш а, царна гергахь доллучул а механа безаха берш а бу» (Бухари: 2518, Муслим: 84).

