• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

10-гIа дакъа

Опубликовано: 14 октября 2010

10-гIа дакъа

Диканашка сихо ян гIерта дезаш хиларах а, иштта дикачунна тIевирзинарг оцу тIе доггаха а, шен ойла ца керчуьйтуш гIерта сутаре варах а лаьцна

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Дика гIуллакхаш дарехь хьалхенаш яха гIерта» («ал-Бакъара», 148).

«Шайн Делан гечдаре а, ялсамане а гIерта маса, шен шоралла стигланашка а, лаьттане а нислуш йолучу, Делах кхоьруш болучурна кечйина йолучу» («Али Iимран», 133).

87. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дика гIуллакхаш дан сихо е, хIунда аьлча, цхьа а шеко йоцуш, зиэрийн (хан) кхочур ю шунна тIе[1], Iаьржачу буьйсанан боданан дакъойх тера: стаг Iуьйранна муъма хир ву - ткъа сарахь керста хир ву[2], сарахь муъма хир ву - ткъа Iуьйранна керста хир ву, кIеззигчу дуьненан диканах шен дин а духкуш» (Муслим: 118).

88. Абу СирваIа Iукъба Ибн ал-Хьарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа Меднахь, пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьхьа а хIоьттина, малхбузан ламаз деш вара со. Ша салам деллачул тIаьхьа, сихха хьала а гIаьттина, нехан могIанашна юккъешхула чекх а ваьлла, шен хIусамнанойх цхьаьннан цIа чу вахара иза. Адамаш кхераделлера оцу кепарачу цуьнан сихваларах. (Цул тIаьхьа цхьа хан яьлча) уьш болучу чувелира иза. Ткъа ша оцу кепара сихваларна уьш цецбевлла Iаш байча, цо элира: «Тхайгахь деши хилар дагадеънера суна. И дIасадекъа аьлла, омра дира аса, кхиндIа а цуьнга сайн ойланаш юкъах цаяхийта»» (Бухари: 851).

Оцу хьадисан кхечу ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Аса сайн цIахь сагIанех долу цхьа дакъа[3] деши дитинера. Со волучохь кхиндIа а и дита ца лиира суна».

89. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Ухьуд[4] тIом болучу дийнахь цхьана стага хаьттина пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «Дийцахь суна, мичахь хир ву со, нагахь со вехь?». Цо жоп делла: «Ялсаманехь». ТIаккха (оцу стага), шен карахь хилла хурманаш охьа а тийсина, (дIачухьаьдда) тIом бира, ша дIакхалххалц» (Бухари: 4046, Муслим: 1899).

90. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу веаначу цхьана стага хаьттина: «ХIай, АллахIан элча! Уггаре йоккхаха ял муьлхачу сагIина дуьхьал (хир йолуш ю)?». Цо жоп делла: «Ахьа деллачу сагIина тIера (хир ю) - хьо могаш а волуш, бIаьрмециг а волуш, къоьллах кхоьруш а волуш, хьал долуш хила догдохуш а волуш. (СагIа далар) тIаьхьа ма тетта - хьайга Iожалла кхаччалц, (хIета) алархьама: «Иштта хьенехана а оццул, иштта оцу минехана а хIоккхул». Ткъа (оцале-м) иза иштта оцу цхьаьннан (долахь хир ду)»[5] (Бухари: 1419, Муслим: 1032).

91. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Ухьудахь тIом болучу дийнахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шен кара тур схьа а эцна, хаьттира: «Соьгара хIара схьа муьлхачо оьцу шух?». Массо а шайн куьйгаш дIакхийдо хIиттира, хIорама а «Аса, аса!» (бохуш) мохь а бетташ. ТIаккха цо хаьттира: «Ткъа, эца ма-деззара, хьамма оьцу и соьгара схьа?»[6]. (И аьлча) нах юхаозабелира. Ва амма Абу Дужанас (АллахI реза хуьлда цунна) элира: «Аса оьцу-кха и, эца ма-деззара схьа». (И тур) схьа а эцна, мушрикийн кортош тIератийсийта вуьйлира иза» (Муслим: 2470).

92. Аз-Зубайр бин Iадис дийцина: «(Шен хенахь) Анас бин Малик (АллахI реза хуьлда цунна) волучу а даьхкина, ал-Хьажжажера[7] тхайна хуьлу (гIело а, цо шена луъург лелор а, цо шеггара таIзарш дар а) латкъийра оха. (Оцу хьокъехь) цо элира: «Собаре хила, хIунда аьлча шуна тIе цхьа а зама йогIур йолуш ма яц - цул тIаьхьа йогIург, цхьа а шеко йоцуш, цул а воха хуьлуш бен. (Иштта дIа даима хир ду) шу шайн Далла дуьхьал кхетталц». (И дешнаш) суна шун пайхамарера (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хезна ду» (Бухари: 7068).

93. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Катоххий (дика) гIуллакхаш дан (гIерташ хила) - ворхI хIуманах (муьлхха а цхьаъ шайга кхачале). Шайга догIу долу аша лардийриг дуй-те: шуна (дерриге) дицден йолу къоьлла йоцург; я тилош долу хьал доцург[8]; я балане цамгар йоцург[9]; я гужамдаьлла къандалар доцург - шун къамелаш кхетаме долучуьра дохуш долу; я цIеххьашха далар доцург; я Дажал - лардечу вонех уггаре вониг долу; я Сахьт[10] – (хIокху дуьненан бохамел) кхин доккха а, къаьхьа а долу?» (Тирмизи: 2307, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).    

94. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Хайбар[11] йоккхучу дийнахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кхана АллахI а, Цуьнан элча а везаш волучу цхьана стеган кара хIара байракх лур ма ю аса. Цуьнгахула АллахIа вайна толам лур бу». ТIаккха Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «И де доцучу цхьана а дийнахь куьйгалла дар (амиралла) дезна дацара суна, ткъа (оцу дийнахь, и) байракх схьаэца сайга тIекхайкхаре сатуьйсуш, тIе а-м гIиртира со»[12]. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iали бин Абу ТIалиб (АллахI реза хуьлда цунна) тIекхайкхира, тIаккха, байракх цуьнан кара дIа а елла, элира цо: «ДIагIо, АллахIа хьайна толам баллалц цхьанне хIуманна юкъах а ма вийла!»[13]. Iела, цхьана юкъанна дIаволавелира, тIаккха, вуха а ца воьрзуш[14] саца а сецна, мохь туьйхира цо: «ХIай, АллахIан элча! Стенан дуьхьа бе аса цаьрца тIом?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делла: «Ахь цаьрца тIом бе – цара «АллахI воцург кхин дела а вац, Мухьаммад Цуьнан элча а ву» аьлла, тоьшалла даллалц. Нагахь цара и дахь - шайн дахар а, шайн бахамаш а ларбина (хуьлу) цара хьоьх[15]. (Цул тIаьхьа оцу тIе кховда йиш яц) бакъонца а бен, ткъа церан хьесап АллахIа дийр ду[16]» (Муслим: 2405).



[1] Вуьшта аьлча: «Цамгарш а, тишдаларш а, гужамдолар а, иштта царех тера кхинболу эшалун боцу хьовзамаш а, баланаш а, дуьхьалонаш а - уьш бахьанехь стеган дика гIуллакхаш дан а, дика Iамалш ян а таро-аьтто бухуш долу, цунна и дика гIуллакхаш мел чIогIа дан лаахь, иза и Iамалш мел чIогIа ян гIертахь а».

[2] Кхузахь дуьйцург - я «керстаналла» бохучу дешан дуьззиначу маьIнехь керстаналла ду, я АллахIана шукаре цахилар ду.

[3] Кхузахь къамел закатах лаьцна ду, ткъа закат - къехошна пайдехьа хьоладайшкара схьаоьцу парз йина ясакх (налог) ю. Шен лаамехь луш долу сагIа (садакъа) дац кхузахь дуьйцург. Хьадисашкахь закат – сагIа олий а хьахадо кест-кестта.

[4] Ухьуд – лам бу, Медна гIалина къилбаседехьа пхи километар дехьа. Цигахь 625-чу шеран 23-чу мартехь маккахошца тIом бина бусалба наха. Оцу тIамехь эшна бусалбанаш. Оцу тIамехь чов хилла пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).

[5] Кхузахь дуьйцург - кестта лийр волуш волучу стеган хьал-бахам ШарIо ма бохху цуьнан гергарачарна а, юххерачарна а юккъехь бекъабезаш хилар ду, царех хIоранна а цунна ШарIо билгалдина дакъа дIакхочур долучу кепара. Оцу декъах хIумма а хьедан бакъо йолуш вац весетхо.

[6] Вуьшта аьлча: «Схьа муьлхачо оьцу аша хIара - АллахIа бусалба нахана я толам баллалц, я ша кхалххалц тIом бан».

[7] Ал-Хьажжаж бин Йусуф ас-Сакъафий – шен къизаллица гIараваьлла, омийадахойн халифан Iабд ал-Малик бин Марванан сардал хилларг ву иза, цкъа хьалха Хьиджазехь, ткъа цул тIаьхьа Iиракъехь.

[8] Вуьшта аьлча: «…шу доллучу диканна тIера дохун болу хьал-бахам боцург».

[9] Кхузахь дуьйцург - я дегIан гIорасизалла, я хьекъал эшар ду.

[10] Кхузахь дуьйцург - къематде ду. Цхьадолучу аяташкахь а, хьадисашкахь а «сахьт» олий хьахадо къематде.

[11] Хайбар – Меднина къилбседехьа йолу гIамаршкара тогIи (оазис) ю. Цигахь бехаш жуьгтий хилла. 628-гIачу шарахь царна дуьхьал тIом бан бахана.

[12] Кхечу кепара аьлча: Iумар (АллахI реза хуьлда цунна) куьйгалле гIерташ хилла вац, ткъа цо сатуьйсуш а, лоьхуш а хилларг - оцу берриге нахана юккъера ша къаставар дара, АллахI а, Цуьнан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) везаш стаг ву аьлла.

[13] Вуьшта аьлча: «Цхьана а хIумано юкъаха ма воккхийла хьо. Вериге а тIевола хьайн гIуллакхна». Оцу «ла талтафит» бохучу дешнийн иштта маьIна а долу: «агIонашка дIаса ма хьежа; вуха ма верза».

[14] Iела (АллахI реза хуьлда цунна) ма-дарра кхетта пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дешнех.

[15] ШарI юкъара хуьлуш ду адаман коьрта мукъалла а, хьал-бахам а лардарехь Ислам-динан гIиллакхаш талхош воцучу муьлххачуьнан а. И бахьана долуш, адам ден мегаш дац - цо бакъонца а доцуш кхин адам дерна цуьнгара чIир-бекхам оьцучу хенахь бен, иштта кхиндолучу ШарIо билгалдиначу хьелашкахь а. Ткъа бахамах цхьа дакъа дIадаккха магош ду цуьнгара - нагахь иза гIоне хьаште болучу таро йоцучарна а, кхин цхьацца болучу бусалба нахана а пайденна хьовзош долу парз закат дIа ца луш дуьхьал ваьллехь.

[16] И бохург: нагахь цара цIеначу даггара шайн маттехула ший а тоьшалла схьаалахь - оцо царна пайда бохьур бу хIокху дуьненахь а, догIу долучу эхартахь а; нагахь цара и, доггаха ца олуш, моттаргIанна алахь - мунепикъийн могIарехь хир бу уьш, шайна кечйина жоьжагIати йолуш болучу. Ткъа стеган бакъ йолучу ойланан кхиэл ян йиш ерг - цхьа АллахI ву, къематдийнахь хIорангара хьесап оьцур долуш волу.

11-гIа дакъа

Опубликовано: 22 ноября 2010

11-гIа дакъа

Доггаха къахьегар

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Тхан дуьхьа леташ берш (тхан дуьхьа шайн ницкъ мел бу къахьегнарш) - билггал, Тхайн нийсачу некъашка нисбийр бу Оха[1]. Боккъалаъ, АллахI – дика дечаьрца ву» («ал-Iанкабут», 69).

Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:

«Хьайн Далла лолла де - хьайга шеко йоцург[2] яллалц» («ал-Хьижр», 99).

Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:

«Хьайн Делан цIе хьехае (дагахь латтае). Хьо верриге Цунна хьажавай хила» («ал-Муззамил», 8).

Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:

«Ша мискъалан зарратал дика диначунна а - гур ду иза» («аз-Залзалат», 7).

Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:

«Муьлхха а аша шайна хьалххе[3] кечдина дика - АллахIна гергахь карор (долуш) ду шуна и (кхин) дикаха а, йолехьа доккха а» («ал-Муззаммил», 20).

Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:

«Муьлхха а (шайн) диканех аша йиначу харжах дерг - боккъалаъ, АллахI и хууш ву» («ал-Бакъарат», 273).

Ткъа оцуьнан хьокъехь долу аяташ дуккха а, девзаш а ду.

95. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Сайн гергарачуьнца (велийца) мостагIалла лелош волучунна - тIом дIакхайкхабо Аса! Сан лайно Суна герга хила гIерташ дечух Суна уггаре дукха дезаш дерг - Аса цунна парз дина тIедиллинарг ду. Сан лай хаддаза Суна герга хила гIертар ву, хьакъ долучул сов (навафилаш) а деш, - Суна ша везаваллалц. Суна иза везавелча - цуьнан хазар а хилла дIахIуттур ву Со, цуьнан гIоьнца цунна хезар долуш; цуьнан гар а хилла - цуьнца цунна гур долуш; цуьнан куьг а хилла - цо цуьнца (хIума) схьалоцуш долу; цуьнан ког а хилла - цуьнан гIоьнца иза лелан волу. Нагахь цо (муьлхха а хIума) Соьга дехахь – Аса, билггал, лур ду цунна (и). Цо Соьга ша ларвар дехахь – Аса, билггал, ларванза а вуьтур вац иза»» (Бухари: 6502).

96. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Шен доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу Делан къамел схьадуьйцуш, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Нагахь лай Суна цхьа ше гергавагIахь - Со цунна дол гергагIур ву. Нагахь иза Суна цхьа дол гергавагIахь - Со цунна сажен гергагIур ву. Нагахь иза гIаш Со волучухьа схьаволалахь - Со цунна чухьодур ву ведда!» (Бухари: 7536).

97. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дукхаха болу нах ши дика бахьаница декъаха баьхна бу: могушаллица а, мукъачу хенаца а» (Бухари: 6412).

98. Iайшата  (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Гуттар а пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) буьйсанашкахь (гIоттий, сел деха) ламаз дора, цуьнан ши ког лелха а лелхаш. (Цкъа) аса хаьттира цуьнга: «И хIунда до ахьа, хIай АллахIан элча, хIунда аьлча АллахIа хIинцале а гечдина ма дуй хьуна хьан хьалхалерачу къиношна а, тIаьхьа тIехиндолучарна а?». (Суна жоп луш) цо элира: «Со вац, ткъа, со, баркалле лай хила лууш?» (Бухари: 1130, Муслим: 2819, 2820. Кхузахь далош дерг Бухарин ривайат ду. Ткъа цуьнах тера догIуш дерг а ду шина а «Сахьихь» жайнахь ал-МугIира бин ШуIбас дийцина).     

99. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Рамадан) беттан (тIаьххьара) итт де тIекхаьчча[4] - АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламазашкахь буьйсанаш денйора, шен доьзал сама а боккхура, къовллуш шен изар а къовлура»[5] (Бухари: 2024, Муслим: 1174).

100. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нуьцкъала муъма стаг[6] гIолехь а, АллахIана дукха везаш а ву гIийлачу муъма стагал а. Делахь а, цаьршиннах хIорангахь а ду цхьацца дика. Хьайна пайдехьа дера долучуьнгахь къар ца луш хила, АллахIера гIо а деха, хIуъа хилча а, осал а ма вала. Нагахь хьайна хIуъа цхьаъ хилахь[7] - ахьа ма ала: «Дависарг, аса иштта дина хиллехьара, изаъ, хIараъ хилла хир ма дара!». Цул а ахьа ала: «(ХIара) АллахIан къадар ю, ткъа Цо Шена луург дина». ХIунда аьлча, боккъалаъ, оцу «хиллехьара» бохучо шайтIанан хIуьмалгашна аьтто схьабоьллу» (Муслим: 2664).

101. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ЖоьжагIати (дегIан) лаамашна тIехьа хьулъелла ю, ткъа ялсамани – (дегIан) цадезадаларшна тIехьа хьулъелла ю» (Бухари: 6487, Муслим: 2822). 

102. Абу IабдуллахI Хьузайф бин ал-Йамана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Цкъа, цхьана буса, АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна ламаз деш вара со[8]. «Бакъарат» сурат деша волавелира иза[9]. Сайллахь элира аса: «БIе аят а дешна, рукуI дийриг хир ду цо». Амма цул тIаьхьа кхин дIа а дийшира цо. Сайллахь элира аса: «(ХIокху) ракаIатехь чекхдаллалц дерриге дIадоьшург хир ду цо и[10]». Цул тIаьхьа кхиндIа а дIадеша вуьйлира иза. ТIаккха элира аса сайллахь: «И чекх а даьккхина рукуI дийр ду цо[11]». Ва амма оцунна тIаьххье «Нисаъ» сурат деша долийра цо - иза а дийшира цо (дерриге). Ткъа цул тIаьхьа «Али Iимран» сурат деша волавелира иза - иза а дийшира цо (дерриге). (И сураташ доьшучу хенахь) хIора элп дика къаьсташ схьа а олуш (доьшура цо). Ша муьлхха а АллахI сийлахь варца омра дечу аятна тIекхаьчча - сийлахь вора цо И. АллахIе дехар (омра чулаьцначу аятна) тIекхаьчча - доьхура цо. АллахIе ларвар деха дезар дагадоуьйтуш долучу аятна тIекхаьчча - ткъа иза а дора цо. Цул тIаьхьа рукуIе охьа а вахана, циггахь (хIара дешнаш) элира цо: «Хастаме ву сан Сийлахь Дела!» («Субхьана роббийал Iазим!»). РукуI а дахделира цуьнан - лаьтташ яьккхиначу хеннал. Цул тIаьхьа элира цо: «АллахIна хезалда Шена хастам бинарг![12] Тхан Дела, хастам бу Хьуна!» («СамиIаллахIу лиман хьамидахI, роббана лакал хьамд!»). Цул тIаьхьа, хьала а нисвелла, вехха лаьттира иза - рукуIехь ма вахваллара. Цул тIаьхьа (хIара) дешнаш олуш сужда дира цо: «Сийлахь ву сан Лекха Дела!» («Субхьана рббийал аIла»). Сужда а дахделира цуьнан - цо лаьтташ яьккхиначу хене гергга» (Муслим:772).

103. (Мухха а цкъа) ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла дийцина: «(Цкъа) цхьана буса со пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) буса ден ламаз деш а волуш, сел веха ирахь лаьттира иза - сан коьрте вониг а догIуш!». (Наха) хаьттира: «Билггал, хIун дара и - (хьан коьрте деанарг)?». Цо жоп делира: «Охьахаа лаам хиллера-кха сан - иза (лаьттачохь а) витина» (Бухари: 1135, Муслим: 772).

104. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кхо хIума тIаьхьадоьду веллачунна: цуьнан цIийнан охIла а, цуьнан хьал-бахам а, цуьнан Iамалш а. (Ткъа царех) шиъ юхадоьрзур долуш ду, цхьаъ дуьссур ду. Цуьнан цIийнан охIла а, цуьнан хьал-бахам а юхадоьрзур ду, ткъа цуьнан Iамалш юьссур ю» (Бухари: 6514, Муслим: 2960).

105. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ялсамани шух хIоранна а уллохь ю - цуьнан гIулчашел а, оццул уллохь жоьжахати а ю» (Бухари: 6488).

106. АллахIан эланан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ялхочо Абу Фирас РабиIа бин КаIб ал-Асламис (АллахI реза хуьлда цунна), рагIуна кIел Iийначарех (ахIл ас-суффех)[13] хилла волучу, дийцина: «Гуттар а буьйсанаш пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIийнан неIаршна уллохь йохура аса, цунна ламаз эца хи а дохьура аса, иштта кхиндолучу цуьнан гIуллакхе а хьожура со. (Цкъа) цо элира соьга: «Цхьаъ дехахь соьга»[14]. Аса элира: «Аса доьху хьоьга - ялсаманехь хьоьца цхьаьна хилар!». Цо хаьттира: «И доцург, кхин хIуммаъ дезий-те хьуна?». Аса жоп делира: «ХIан-хIа, и цхьаъ!». ТIаккха цо элира: «ХIета, и кхочушдан суна гIоде ахьа - хьайн синна (харц лехамашна) дуьхал (къийсам латторца) а, дуккха а сужданаш дарца а» (Муслим: 489).

107. АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) азатхочо Абу IабдуллахI (я Абу Iабд ар-Рохьман) Совбана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан эланано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна суна: «Дуккха а сужданаш дан деза ахьа, хIунда аьлча, боккъалаъ, ахьа АллахIан дуьхьа диначу хIора сужданна дуьхьал АллахIа (цхьа) дарж вазвийр (айвийр) ву хьо, и бахьанехь цхьа къа дIадоккхур ду хьуна тIера» (Муслим: 488).  

108. Абу Сафван IабдуллахI бин Бусра ал-Асламийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нахах диканиг - еххачу оьмарехь ваха а ваьхна, шен Iамалш дика хилларг ву» (Тирмизи: 2330, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).

109. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Бадрахь хиллачу тIамехь дакъалаьцна воцучу сан девашас Анас бин ан-Надра (АллахI реза хуьлда цунна) пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «ХIай, АллахIан элча! Ахьа мушрикашца дьуххьара биначу тIамехь дакъа лацанза висси-кха со. Ва амма, аса АллахIах дуй ма буу хьуна: (нагахь хIокхул тIаьхьа) мушрикашца тIамехь (дуьхь-дуьхьал нисвала аьтто балахь), боккъалаъ, АллахIна гур ма ду хьуна аса ден дерг!». Ухьудахь тIом болучу дийнахь бусалба наха (шайн тIеман меттигаш) дIахийцира. (Эццахь) мохь туьйхира цо: «Я, АллахI! Цара диначунна[15] бехказа витар доьху аса Хьоьга» (цо хьехош берш шен накъостий бу). «ДIачара (диначунна) со гуьнахь цахилар (тоьшалла дар а доьху) аса Хьоьга![16]». (Иза а аьлла,) хьалхатаьIIина воьду иза (ведда вогIучу) СаIд бин МуIазан дуьхьал Iоттавелла. (Цо) аьлла (цуьнга): «ХIай, СаIд бин МуIаз! (Со-м) ялсамане (кхача гIерташ ма ву), КаIбин Делора! Боккъалаъ, суна-м цуьнан хаза хьожа а ма ю Ухьудан агIонгара хаалуш!». (Цул тIаьхьа)[17] СаIда аьлла: «Ницкъ-м ца кхечира сан, хIай АллахIан элча, цо диннарг дан!». Ткъа (тIом чекхабаьллачул тIаьхьа) мушрикаша эрчаваьккхина вийна карийра тхуна иза. (Цуьнан дегIана) тIехь тарраша а, гоьмукъаша а, пхерчаша а йина езткъа чов а йолуш, (сел чIогIа эрчаваьккхинера цара иза), цхьанне вовза а ца вевзаш, цуьнан йиша йоцучунна, цуьнан куьйган пIелг бахьанехь. Тхуна хеташ дара (я: тхан ойланехь дара): хIара аяташ, билггал, цуьна хьокхехь а, цуьнах терачеран хьокъехь а доьссина ду-кха аьлла: «Муъма нахана юккъехь стегарий бу - шаьш АллахIна ваIда йина долучунна тешаме хилла…»[18] (Бухари: 2805, Муслим: 1903).

110. Абу МасIуд Iукъба бин Iамр ал-Ансари ал-Бадрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «СагIин хьокъехь аят доьссиначу хенахь[19] тхайн баккъашна тIехь маххьаш кхехьа дуьйлира тхо. Цхьана стага, ван а веана, дукха доккха хIума сагIина делира[20]. Ткъа (мунепикъаша) элира: «МоттаргIанна (луш ду цо и)!». (Цул тIаьхьа) кхин цхьа стаг а веара, сагIина цхьа сахь (хурманаш) а йохьуш. ТIаккха а баха хIиттира (мунепикъаш): «Боккъалаъ, АллахI хьашт долуш ма вац цо деллачу оцу саьхье!». Оцул тIаьхьа доссийна ду аят, шен чулацам (иштта) болуш долу: «Шайн лаамехь сагIа луш болу муъманаш а[21], (иштта) халла къахьегний бен сагIина дала хIума цакарош берш а[22] аьшнаш бо цара. Царех кхаьрда уьш. АллахI кхаьрдар ву царех[23]. Балане Iазап ду царна кечдина»[24] (Бухари: 1415, Муслим: 108).     

111. Абу Зарр ал-ГIаффарийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцира, доллучунна ницкъ кхочучу, Сийлахь-Воккхачу шен Дала элира аьлла: «ХIай, Сан лайш! Аса Сайна а дихкина зулам, шуна юккъехь а дихкина, хьарам дина Аса и. Цундела вовшашна зуламаш ма дойла аша! ХIай, сан лайш! Шу дерриге а тилла (дара), Аса нийса некъ гайтина боцурш. Цундела дехийша Соьга шаьш нийсачу новкъа нисдар - Аса нисдийр ду шу! ХIай, Сан лайш! Дерриге а меца дуьсур ду шу, Аса бузош боцурш. Цундела дехийша Соьга шаьш дузадар - Аса дузор ду шу! ХIай, сан лайш! Дерриге а дерзина дуьсур ду шу, Аса тIедухун боцурш. Цундела дехийша Соьга шайна тIедохар - Аса тIедухур ду шуна! ХIай, сан лайш! Боккъалаъ, къинош хьерчош ду шу буса а, дийнахь а, ткъа Со гечдеш ву дерриге къиношна. Цундела дехийша Соьга гечдар - Аса гечдийр ду шуна! ХIай, Сан лайш! Боккъалаъ, цкъа а Суна я зен а далур дац, я пайда а балур бац шуьга![25] ХIай, Сан лайш! Шух хьалхарниш а, тIаьхьарниш а, адамаш а, жинаш а догцIена хилча, шух уггаре догцIеначу стеган дагах терра[26], - цо хIумма а сов доккхур ма дацара Сан долуш долучул! ХIай, сан лайш! Шух хьалхарниш а, тIаьхьарниш а, адамаш а, жинаш а догвон хилча, шух уггаре догвон волучу стеган дагах терра[27], - цо хIумма а эшор ма дацара Сан долуш долучух! ХIай, сан лайш! Шух хьалхарниш а, тIаьхьарниш а, адамаш а, жинаш а цхьана метте дIа а хIиттина, цара Соьга (муьлхха а хIума) дехча, Аса хIоранна а цо дехнарг дала а делча, - цо Сан долучух эшор ма дацара хIордана чу Iоьттиначу мехо (оцу хIордан хин дукхаллех) эшшочул бен![28] ХIай, Сан лайш! Боккъалаъ, уьш - шун Iамалш ю, Аса шун дуьхьа хьесап деш йолу. Цул тIаьхьа царна тIера хьакъ дерг дуьззина шуна дIалур ду Аса. ТIаккха диканиг карийначо[29] - АллахIна хастам бойла, цхьа кхин хIума карийначо - ша воцучунна цхьанна а бехк ма буьллийла» (Муслим: 2577. СаIийда аьлла: «Аса хIара хьадис дуьйцучу хенахь Абу Идрис горахIоттара». Оха хIара хьадис дийцина Ахьмад бин Хьанбалера (АллахIа къинхетам бойла цуьнах), ша аьлла волучу: «Шемарчу бахархошна хIара санна лараме хьадис дац»).



[1] Вуьшта аьлча: «Тхайга догIуш долучу некъашка нисбийр бу Оха».

[2] Кхузахь юьйцург - Iожалла ю.

[3] Кхузахь дуьйцуш дерш - дика гIуллакхаш дар а, дика Iамалш яр а ю ду, ницкъ ма-кхоччу сиха ян езаш йолу, Iожаллин сахьт тIехIотталц тIаьхьа а ца тоьттуш, шега Iожалла цIеххьашха кхочург хилар диц а ца деш.

[4] Рамадан беттан тIаьххьара итт де ду цигахь дуьйцуш дерг.

[5] И бохург - оцу хенахь пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен зударех дIацахьакхалора, я ша-тайпа чIогIа Iамал-Iибадатна тIеволара иза.

[6] Цхьадолучу тидаршка хьаьжжина аьлча, оцу «нуьцкъала муъма стаг» бохучу дешнашкахь вуьйцург - нахаца юкъаметтигаш ларъян а, цаьргара хуьлу халахетарш лан а собар дерг ву.

[7] Кхузахь дуьйцурш - тайп-тайпанара бохамаш а, баланаш а бу.

[8] Кхузахь дуьйцург - шен лаамехь буса деш долу (тахIажжуд) ламаз ду.

[9] Пайхамара (АллахIера къинетам а, маршо а хуьлда цунна), «Фатихьа» сурат дешна ваьллачул тIаьхьа, «Бакъарат» сурат деша долийра боху чулацам бу цуьнан.

[10] Вуьшта аьлча: «Хьалхарачу ракаIатехь дерриге «Бакъарат» сурат дIадоьшург хир ду цо».

[11] Пайхамар (АллахIера къинетам а, маршо а хуьлда цунна) «Бакъарат» сурат дешна ваьллачул тIаьхьа аьлла ду цо и дешнаш.

[12] И дешнаш кхечу кепара гочдан йиш йолуш а ду, масала, иштта: «АллахIна хезна Шена хастам бинарг!». АллахIан тIеххазачу цIерех цхьаъ - СамиI (Хезаш верг) - даима а, массо а хIума хезаш верг бохург ю. Цундела оцу дешнех, хIора ракаIат мосазза ди юх-юха а олуш долу, АллахIе Шена хастам бечунна ял ялар дехар чулацам болуш ду аьлла, кхетон дезаш ду.

[13] «АхIл ас-суффа» - пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) таро йоцуш хилла болу асхьабаш бу уьш. Церан Меднахь я тIетовжийла а, я бевзаш берш а, я гергара нах а ца хилла. Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маьждигна уллохь йолучу лабанна кIел Iаш хилла уьш. Цхьана хеннахь цигахь Iаш-вехаш ткъе итт стаг волуш нислуш а хилла. Оцу лабанна кIел Iийна аьлла гIарабевллачеран цIерийн терахь везткъе итт стагал сов долуш а ду.

[14] Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Абу Фирасана мухха а цхьа совгIат дан лууш хила - цо дечу гIуллакхашна.

[15] Цо дуьйцург - шовзткъе итт Iад-пхерчий кхуьссучара динарг ду, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маккахойн дошлойх ларбала Iуйайн лома тIе дIахIиттийна хилла болучу. ДIахIитточу хенахь цо омра дина цаьрга: хIуъа хилахь а, шайн тIеман меттигаш дIамахеца аьлла. Амма царех дукхаха болучара шайга дина хилла омра кхочуш ца дина.

[16] Цо буьйцуш берш - пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дуьхьал тIом бан хIиттина болу мушрикаш бу.

[17] Вуьшта аьлча: тIом чеккхбаьллачул тIаьхьа.

[18] «ал-Ахьзаб» сурат, 23-гIа аят.

[19] Цигахь дуьйцург - «Товба» суратера I03-гIа аят хила тарлуш ду.

[20] Кхузахь хьехош верг - Iабд ар-Рахьман ибн Iавф (АллахI реза хуьлда цунна) ву, сагIина дезткъа эзар динар делла волу.

[21] Кхузахь буьйцуш берш - хьоладай бу, цара къечарна деш долу гIо кхинболучу нахана гайта хазманна а бен ма дац аьлла, мунепикъаша емал бина хилла болу.

[22] Кхузахь буьйцуш берш - къехой бу, таро йоцучарна шайна каро аьтто а, таро а нисьелларг сагIина елла хилла болу.

[23] Вуьшта аьлча: «АллахIа сийсазабийр бу уьш».

[24] «ат-Товба» сурат, 79-гIа аят.

[25] Кхечу дешнашца аьлча: «Наха мел деш долу гIуллакхаш шайна деш ду - пайденна дерш делахь а, зенехь дерш делахь а».

[26] Кхузахь вуьйцуш верг - пайхамар ву (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).

[27] Кхузахь дуьйцург - Иблис ду.

[28] Кхузахь дуьйцург - хIорданна чу а Iоьттина, юха хьалабаьккхича, оцу мехо шен буьххьехь схьаоьцу долу хи ду.

[29] Кхечу дешнашца аьлча: «АллахIера шена ял а хилла, ша ялсамане кхаьчнарг ву».

12-гIа дакъа

Опубликовано: 12 марта 2011

12-гIа дакъа

Дахаран чаккхенехь дуккха а диканаш[1] дан иракарахIотторах лаьцна дуьйцу дакъа

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Оха, тоам боллуш, дехха даха оьмар ца елира шуна - (оцу муьрехь) меттаван тарлуш (лууш) верг меттававаллал? (Цул а сов) шу лардеш хьехамча а ма веара шуьга» («ФатIыр»: 37).

Ибн Iаббаса а, кхин дуккхаъчу тидархоша а аьлла:

«Цуьнан маьIна: «Кхузткъа шаре оьмар ца яхйира Оха шун?»».

(Оцу кепара и тидар нийса хилар) тIечIагIдеш хьадис а ду, Сийлахь-Везачу АллахIан пурбанца, вай лахахь далон долу.

Кхинболучара аьлла:

«Цуьнан маьIна: берхIитта шаре (бохург) ду».

Вукхара аьлла:

«Цуьнан маьIна: шовзткъа шаре (бохург) ду».

Изза баьхна ал-Хьасан (ал-Басарис) а, ал-Калбис а, Масрукъа а. Цул совнаха, оцу кеппара ибн Iаббаса а элира аьлла а дийцина.

Иштта оцу хьокъехь дийциначарех ду: Меднарчу бахархошха, цхьаъ дезткъа шаре ваьлча, доллу гIуллакх дIа а тосий, (шен йиссина оьмар ша ерриге а) Iибадатна хьажош хилла хилар.

Иштта дийцина:

«Иза – кхиъна волу (гIеметтавоьду) хан ю»[2]

Сийлахь-Везачу (АллахIан) дешнех дерг аьлча: «(Цул а сов) шу лардеш хьехамча а ма веара шуьга» - ибн Iаббаса а, иштта дукхаха болучу (Iеламнаха) а аьлла:

«Иза – пайхамар ву (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)».

Иштта а дийцина:

«Цигахь дуьйцурш – къоьжа чоьш ду».

Изза Iикримас а, ибн Iуйайнас а, и шиъ воцучара а аьлла. Ткъа цуьнах дерг (массарначул а) дикаха хуург АллахI ву.

112. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа стагана гечдеш ду кхузткъа шаре валлалц, цуьнан оьмар тIаьхьа а тоьттуш[3]» (Бухари: 6419).

Iеламнаха аьлла:

«Цуьнан маьIна: (Оцул тIаьхьа) АллахIа стагана бехкзало юьтур яц, хIунда аьлча Цо иза ерриге оцу ханчохь вехха ваха витинера».

(Iаьрбоша) олуш ду:

«Стеган бехказвийлар къобалдеш ду - билгалдиначу дозане кхаччалц».

113. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «(Мухха а цкъа) Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) ша волучу дIакхайкхинера со[4], Бадран тIамехь дакъалаьцна хилла болучу баккхийрачу нахаца цхьаьна[5]. (ТIаьххьара а), хетарехь, и (гIуллакх), царех цхьанна цатайначух тера ду[6]. Ткъа цо хаьттина Iумаре: «Иза стенна вогIу тхьоьца цхьаьна хIокху чу, хIунда аьлча тхо цуьнан хеннара бераш а долуш (хенара нах ду)!?». Царна (жоп луш) Iумара аьлла: «Шуна ма-хаъара, ма дуй, ткъа, цуьнан хьал!»[7] Цкъа цхьана дийнахь, со схьа а кхайкхина, цаьрца цхьаьна чувигира цо. Суна хетарехь, оцу дийнахь цо (со кхайкхар) - царна гайтарна доцучу[8], кхечу цхьана а хIуманна дацара. Iумара элира: «Сийлахь-Везачу АллахIан хIокху дешнийн хьокъехь хIун эра дара аша: «АллахIан гIо а кхаьчча, толам а беъча»[9] (Оцу чохь хиллачарех) цхьаболучара элира: «(Иза) - вайга дина омра ду-кха: АллахIна хастамбе, Цуьнга шайна гечдар а деха аьлла, Цо вайна гIодиначуй, толам беллачуй хенахь». Ткъа важаберш, бист а ца хуьлуш, цхьа а хIуммаъ ца олуш, IадIийра. ТIаккха (шен хаттар) соьга делира цо: «ХIай, ибн Iаббас! Ахьа а боху цара аьлларг?». Аса жоп делира: «ХIан-хIа». Цо хаьттира: «Ткъа, хIун олу ахьа оцу хьокъехь?». Аса жоп делира: «Кхузахь юьйцург - АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) оьмар ю, (иза чекхъяла гергаяхана хилар хоуьйтуш, АллахIа) цуьнга хаам бина. АллахIа аьлла: «АллахIан гIо а кхаьчча, толам а беъча» - иза хьан оьмар чеккхъяла гергаяхаран билгалонах хир ду хьуна. Ткъа оцу хенахь: «…Хастам беш сийлахьве хьайн Дела, гечдар а деха Цуьнга. Бакъдолуш, даима тоба къобалдийриг ву И» («ан-Наср»: 3). (Сан жоьпе ла а доьгIна) Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) элира: «Суна хууш-м дац оцу суратан хьокъехь цхьа а хIума, ахьа аьлларг доцург» (ал-Бухари: 4970).

114. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIара сурат доссийначу хенахь: «АллахIан гIо а кхаьчча, толам а беъча…»[10] - АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа а ламаз деш ма дацара, (ша и дечу хенахь) хIара доIа ца доьшуш[11]: «Сийлахьалла Хьан ю, тхан Дела, хастам а Хьуна бу! Я, АллахI! Гечдехьа суна!» («Субхьанака, роббана, ва бихьамдика, игIфирли!») (ал-Бухари: 4967, Муслим: 484).

Оццу хьадисан шина а «Сахьихь» жайнахь долучу кхечу ривайатехь далийна (Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)) элира аьлла: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен рукуIашкахь а, сужданашкахь а (хIара дешнаш) дуккхазза а олуш вара: «Сийлахьалла Хьан ю, тхан Дела, хастам а Хьуна бу! Я, АллахI! Гечдехьа суна!» («Субхьанака, роббана, ва бихьамдика, игIфирли!»).

Цо иза - Сийлахь-Везачу АллахIа КъурIанахь (хIокху аятехь) шена тIедиллинарг кхочушдархьама деш дара: «Хастам беш сийлахьве ахьа хьайн Дела! Гечдар а деха ахьа Цуьнга».

«КъурIано тIедиллиначунна тIаьхьавозуш» бохучуьнан маьIна: КъурIанахь Сийлахь-Везачо Шен дешнашкахь тIедиллинарг кхочушдеш: «…Хастам беш сийлахьве ахьа хьайн Дела! Гечдар а деха Цуьнга».

Оцу хьадисан Муслима далийначу ривайатехь (Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)) аьлла: «Кхалхале хьалха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кест-кеста олура: «Сийлахьалла Хьан ю, тхан Дела, хастам а Хьуна бу! Я, АллахI! Гечдехьа суна, тоба до аса Хьоьга!» («Субхьанака, АллахIумма, ва бихьамдика, астагIфирука, ва атубу илайка!»)

Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Суна хьоьгара хезаш долу и керла ала долийнарш хIун дешнаш ду ахьа?». Цо жоп делира: «Сан умматехь билгало йина суна - сайна и гича, со уьш баха хIоттавезаш». (И билгало Сийлахь-Везачуьнан дешнаш ду): «АллахIан гIо а кхаьчча, толам а беъча…» - кхиндIа и сурат дерриге чекхдаллалц.

Оцу хьадисан кхечу (Муслима далош долучу ривайатехь Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (цхьана ханна тIера дIа) кест-кеста (хIара дешнаш) баха вуьйлира: «Сийлахьалла АллахIна ю, хастам а бу Цунна! АллахIе гечдар доьху аса, тоба а до аса Цуьнга!» («СубхьаналлахIи, ва бихьамдихIи, астагIфируллахIа, ва атубу илайхIи!»).

(Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса элира: «ХIай, АллахIан элча! Ахьа кест-кеста дешнаш олуш ма хеза суна: «Сийлахьалла АллахIна ю, хастам а бу Цунна! АллахIе гечдар доьху аса, тоба а до аса Цуьнга!». Цо жоп делира: «Сан Дала хаам бина соьга - суна сайн умматехь цхьа билгало гур йолуш ю аьлла, ткъа сайна и гича, аса хIара дешнаш кест-кеста баха дезар долуш. Ткъа и билгало хIара ю: «АллахIан гIо а кхаьчча, толам а беъча…». Оцу дешнийн чулацам – Макка яккхар ду[12]: «…Хьайна нах а байча - тобанашкахь АллахIан дине боьрзуш, Хастам беш сийлахьве ахьа хьайн Дела, гечдар а деха ахьа Цуьнга. Бакъдолуш, даима тоба къобалдийриг ву И».

115. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Боккъалаъ, доллучунна ницкъ кхочуш, Сийлахь-Веза волучу АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), иза кхалхале хьалха дукха хан йоццуш, тIаьхьий-хьалхий хаамаш биссийра. Хьалхачул а дукха хаамаш биссочу хенахь кхалха а кхелхира иза» (ал-Бухари: 4982, Муслим: 3016).

116. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIора (АллахIан) лай денвийр ву - лечу хенахь хиллачу хьолехь» («Муслим»: 2878)


 

[1] Кхузахь дуьйцург – Ислам-динан декхарш кхочушдар ду, АллахI резаван гIодеш долу тайп-тайпанара дика гIуллакхаш дар а, дика Iамалш яр а ду.

[2] Кхечу дешнашца аьлча, иза – стаг ша мел дечух дуьззина жоьпаллехь хуьлуш волу хан ю. Имам аш-ШафиIис гIеметтахIоттар - пхийтта шо кхачарца ду аьлла къастийна, ткъа имам Абу Хьанифас – берхIитта шо кхачарца ду аьлла.

[3] Вуьшта аьлча, оцу хене вахана стаг, гIиллакх-оьздангаллица дуьстина аьлча, ала йиш йолуш вац: «Нагахь АллахIа суна сан дахар дахдахь - аса дика гIуллакхаш дийр ду». ХIунда аьлча и гIуллакхаш дан а, дика Iамалш ян а тоъал еха оьмар яра Цо цунна елларг.

[4] Пачхьалкхан а, динан а коьртачу гIуллакхийн хьокъехь тайп-тайпанара сацамаш тIеэцаран декхарш кхочушдеш хиллачу кхеташонан декъашхо а вина.

[5] Вуьшта аьлча, пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) уггаре а лоруш болучу асхьабашца цхьаьна.

[6] Цигахь вуьйцург - Iабд ар-Рохьман ибн Iавф ву (АллахI реза хуьлда цунна).

[7] Iумар (АллахI реза хуьлда цунна) царна дагадоуьйтуш ву - IабдуллахI ибн Iаббас (6I9-686) (АллахI реза хуьлда цаьршинна) пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо  ахуьлда цунна) доьзалан гонан уггаре уллерачу гергарачарех верг хилар, сел жима воллушехь, динан Iилманаш довзарца къаьстина хилар а.

[8] Вуьшта аьлча, царна гайтархьама: ша со сел ларамечу нахаца ша волучу эрна кхойкхуш цахилар.

[9] Сурат «ан-Наср», 1.

[10] Вуьшта аьлча: «ан-Наср» сурат.

[11] РукуIашкахь а, сужданашкахь а бохург ду и.

[12] Бусалба нах Макки чу бахана 630-чу шеран 12-чу январехь.

18-гIа дакъа

Опубликовано: 23 мая 2010

18-гIа дакъа

Керла юкъадаьхнарш (бидаIаташ) а, керла хIуманаш (кхоллар) а дихкина хилар

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Бакъонал тIаьхьа хIун хила тарло - тилар доцург?» («Юнус», 32).

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Жайнахь цхьа а хIума юкъах дитина дац Оха» («ал-АнIам», 38).

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Шайн муьлхха а цхьана хIумангахь къовсам хилахь - АллахIе а, элчане а даккха и» * («ан-Нисаъ», 59).

* Вуьшта аьлча: «КъурIане а, Суннате а даккха и».

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Боккъалаъ, хIара - Сан нийса некъ бу. Оцунна тIаьхьадаза шу, и боцучу кхечу некъашна тIахьамадаза шу, хIунда аьлча (оцу некъаша) Цуьнан новкъах тилор ду шу» («ал-АнIам», 153).

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Нагахь шайна АллахI везахь - суна тIаьхьадаза. ТIаккха АллахIана шу а дезар ду, шун къиношна геч а дийр ду Цо» («али-Iимран», 31).

Иштта кхин дуккха а ду хIокху декъана догIу аяташ. Хьадисех дерг аьлча, ткъа уьш дукхе дукха ду. Дика гIарадевлла а ду уьш. Царех цхьадолучарех тоам бийр бу вай.

169. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «ХIокху тхан гIуллакхехь (бусалба динехь) цуьнах доцург юкъадаьккхиначуьнгара - иза (юкъадаьккхинарг) тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)» (Бухари: 697, Муслим: 1718).

Оцу хьадисан Муслиман риваятехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьамма тхан гIуллакхаца (бусалба динаца) цхьаьна ца догIуш долу муьлхха а цхьа хIума дахь - иза тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)».

170. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (нахана) хьехам бечу хенахь - бIаьргаш цIийлора цуьнан, аз а айлора чIогIа, оьгIазалло а чIагIлора. (МостагIийн) эскар гергагIортар дIахьедеш волуш санна, цо олура: «МостагI Iуьйранна вогIур ву шуна!» (я  «МостагI суьйранна вогIур ву шуна!»). (Пайхамара (АллахIера къинхеьам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «(Нахе пайхамар а вина) ваийтина со - со а, къематде а хIара шиъ санна гергадеача!» - шен хьажон пIелг а, юккъера пIелг а вовшах а тухуш. Цо элира: «Цул тIаьхьа, боккъалаъ, уггаре а дика къамел - АллахIан Жайнахь (дерг ду), уггаре а дика куьйгалла – Мухьаммадан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) куьйгалла ду, уггаре а вон гIуллакхаш - керла юкъадаьхнарш ду. ХIора керла юкъадаьккхинарг – тилар ду!». ТIаккха элира цо: «Делах тешначу хIоранна а герга ву со - цуьнан шен сил [1]. Муьлхха а цхьамма шена тIаьхьа муьлхха а цхьа бахам битинехь - иза цуьнан доьзале (берза безаш) бу. Шена тIаьхьа декхар я таро йоцу гергаранаш битинарг – суна тIе ван веза иза, (церан гIайгIа бан безарг) со ву» (Муслим: 867).

ХIокху декъана догIуш ду Iирбад бин Сарийас (АллахI реза хуьлда цунна) «Хаддаза Суннатана тIегIерта везаран декъехь» дийцина хьадис.



[1] Вуьшта аьлча: «Цуьнан хьокъехь долучунна бакъо сов йолуш ву со - цул шел а».

22-гIа дакъа

Опубликовано: 01 мая 2010

22-гIа дакъа

 

Дика хьехар дар (насихьа)[1]

 

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

 

«Боккъалаъ, (Делах) тешнарш – вежарий бу» («ал-Хьужурат», 10).

 

Сийлахь-Везачу АллахIа хаам бина, Нухь (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира аьлла:

 

«… Даггара хьехарш а до аса шуна» («ал-АIраф», 62).

 

Сийлахь-Везачу АллахIа хаам бина, иштта ХIуд (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира аьлла:

 

«…Со шуна – тешаме дика хьехамча ву…» («ал-АIраф», 68).

 

181. Рукъаййатан дас Тамим бин Авс ад-Дарийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: ««Дин - догцIеналла гучуяккхар ду». Оха хаьттира: «Хьенан хьокъехь?». Цо жоп делира: «АллахIан а[2], Цуьнан Жайнин а[3], Цуьнан элчанан а[4], бусалба нехан куьйгалхойн а[5], массо бусулба нехан хьокъехь а»»  (Муслим: 55).

 

182. Жарир бин IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дуй биира (байIат дира) аса: ламаз дан а, закат дIадала а, хIора бусалба стагаца догцIена хила а» (Бухари: 13, Муслим: 45) 

 

183. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьа а иман диллина хир вац - шена дезарг шен (динан) вешина а деззалц» (Бухари: 13, Муслим: 45).

 



[1] «Насихьат» боху Iаьрбийн дош - «шеца догцIена хила билгалваьллачунна диканиг лаар» бохучу маьIнехь лелаш ду. Дукха маьIнаш долуш дош а ду и. Цуьнан маьIнех ду – «цIеначу даггара а деш, дика хьехар дар; пайдехь хьехар дар; даггара, догцIена юкъаметтиг лелор».

[2] Цуьнах тешарехь хила дезаш дерг: Цуьнан омранашна муьтIахь хилар, Цо дихкиначу массо а хIуманах юхавалар, массо а тайпа ширкаш дIатасар, и.дI.кх.

[3] Цуьнан чулацам: КъурIан - АллахIан Дош хиларах тешар, оцу чохь мел дерг бакъдар, деша ма-деззара и доьшуш хилар, оцу чохь долучу ахькамашца Iамалъяр. 

[4] АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) догцIена юкъаметтиг хилар гуш хир ду - цо беана хаамаш бакъ хиларах тешарехь, цуьнан массо а омранашна муьтIахь хиларехь, иза ларарехь.

[5] Иза гуш хир ду - массо а дикачу хIуманехь царна гIодарехь, ШарIанна дуьхьал доцучуьнгахь царна муьтIахь хиларехь, оьшуш нислахь, массо а вон долучух уьш совцорехь.

27-гIа дакъа

Опубликовано: 23 мая 2010

27-гIа дакъа

Бусалба нехан бехкаллаш ларъяр а, церан бакъонаш кхетор а, царех доглазар а, цаьрца къихетаме хилар а

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«…АллахIан бехкамаш лийринарг[1] - шен Далла хьалха шена дикаха дерг деш ву» («ал-Хьаж», 30).

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«АллахIан Iадатан билгалонаш лийрина верг - дегнаш Делах кхерарна ду и» («ал-Хьаж», 32).

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Муъма нахана хьалха охьадахийта хьайн тIемаш» («ал-Хьижр», 88).

Сийлахь-Везчу АллахIа аьлла:

«… Нагахь муьлхха а цхьамма, стаг верна а я лаьтта тIехь хьарамлонаш[2] яржорна а доцуш, стаг вийнехь - берриге нах байъича санна ду. Стеган дахар дендиначунна[3] - берриге нехан дахар дендича санна ду» («ал-Маида», 32).

222. Абу Мусас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, вовшашца йолучу (юкъаметтигехь) муъма нах (цхьана) гIишлох тера бу, къаьст-къаьстина долучу дакъоша вовшийн чIагIдеш йолучу». (Иза а аьлла, шен шина куьйган) пIелгаш (дуьхь-дуьхьала) чучча доьхкира цо» (Бухари: 2026, Муслим: 2585).

223. Абу Мусас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шегахь пхерчий а долуш тхан маьждигашна я базаршна тIех (юккъехула) волуш волучо - церан ира боьхьигаш кара лоцийла я буйна духкийла - цаьрца бусалба нахах цхьанненна а чов ца ян» (Бухари: 452, Муслим: 2615).

224. НуIман бин Башира (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Вовшашка болучу безамехь а, къинхетамехь а, вовшех доглазарехь а муъма нах (цхьана) дегIах тера бу: цуьнан (цхьа) меже цомгаш хилча, (и бахьанехь) наб ца кхеташ а, хорша оьхуш а, дерриге дегIо бала хьоьгуш а долучу» (Бухари: 2011, Муслим: 2586).

225. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iелин кIантана Хьасанна[4] (АллахI реза хуьлда цаьршинна) барт баьккхира, иза волучохь АкъраI бин Хьабис а волуш. Ал-АкъраIа элира: «Боккъалаъ, итт кIант ву сан, амма цкъа а царех цхьанненна а барт баьккхина-м бац аса». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнга а хьаьжна, элира: «Къинхетам бийр болуш бац - ша (кхечаьрца) къинхетаме воцучух!» (Бухари: 5997, Муслим: 2319).

226. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу баьхкиначу акхачу Iаьрбойх цхьана наха хаьттира: «Шайн берашна барташ доху аша?»[5]. (Царна) жоп делира: «ХIаъ». Цара элира: «АллахIах чIагIо ма йо оха, оха-м ца доху (царна) барташ». (И цара аьлларг хезначу) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «АллахIа шун дегнаш къинхетамах даьхна хилча - ткъа соьга муха (берзалур  бу и шуна юха)?!» (Бухари: 5998, Муслим: 2317).

227. Жарир бин IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа къинхетам бийр болуш бац - нахаца къинхетаме воцучух» (Бухари: 7376, Муслим: 2319).

228. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлхха а цхьамма нахаца ламаз дечу хенахь[6] - дайдойла цо иза царна[7], хIунда аьлча, боккъалаъ, царна юккъехь (хила тарлуш) бу гIийланаш а, цомгашберш а, къенанаш а. Ткъа шух муьлхха а цхьамма ша (цхьаъ хIоьттина) ламаз дечу хенахь - шена мел луъу деха дойла цо (шен ламаз)» (Бухари: 703, Муслим: 467).

(Оцу хьадисан) кхечу ривайатехь (дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) иштта элира аьлла): «…гIуллакхаш долуш берш а…».

229. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), (цхьацца йолу) дика Iамал[8] яр кест-кеста дуьтура, шена и (Iамал) яр деззашехь а - изза кхечу наха а ян а йолийна, цул тIаьхьа и царна парз а дина тIедилларах ларлуш[9]» (Бухари: 1128, Муслим: 718).

230. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), нахах къахетарна, царна хаддаза марханаш кхабар дихкиначу (хенахь), цара элира: «Ткъа, хьо ма ву (и деш)!». Оцу хьокъехь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Боккъалаъ, шу санна вац со, хIунда аьлча сан Дала хIума яош а, малош а ву со» * (Бухари: 1964, Муслим: 1105). 

* И бохург: «Йиъначуьнгахь а, меллачуьнгахь а хуьлуш болу ницкъ бу суна луш».

231. Абу Къатадата ал-Хьарис бин РибIис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, ламазе ма хIутту со - дехха иза дан а лууш. Амма беран делхар хезча - дац до аса сайн ламаз, цуьнан нанна хало ян ца лууш» (Бухари: 707).

232. Жундуб бин IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Iуьйра-ламаз динарг[10] - АллахIан гIоьнна кIеллаьцна ву. Ткъа АллахIа Шен гIоьнна кIеллацарах хIумма а яц шуьга йоьхур йолуш, хIунда аьлча, боккъалаъ, Цо шен гIоьнна кIеллацарах муьлхха а цхьа хIума дехнарг - Цо лоцур а ву, тIаккха юьхьа тIе жоьжагIатина чу а вуллур ву иза» (Муслим: 657).

233. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалба - бусалбан ваша ву. Ткъа цунна гIело ян (ца мега) цо, я цунна ямартвала а ца мега иза. Шен вешина хьаштехь (гIодина волучунна) - цуьнан хьаштехь АллахIа цунна а дийр ду (гIо). Бусалба (цхьана) гIайгIанех хьалхаваьккхинарг - и бахьанехь АллахIа къематдийнан цхьана гIайгIанах хьалхавоккхур ву. Бусалба хьулвинарг - къематдийнахь АллахIа хьулвийр ву» (Бухари: 2442, Муслим: 2580).

234. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалба - бусалбан ваша ву. Я цунна ямартвала (йиш а яц) цуьнан, я цунна аьшпаш ботта а, я гIо ца деш (иза тесна) вита а. ХIора бусалбанна (бехке хила дезаш ду) кхечу бусалбан сий а, бахам а, дахар (цIий) а. Ткъа Делах кхерар кхузахь[11] хьулдина ду. Стага зен-зулам дина хила тоьуш ду - иза шен бусалба вешех цавашар»[12] (Тирмизи: 1928. Цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду). 

235. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Вовшашца хьаьгIнаш ма леца. Мах барехь вовшийн ле ма де (мехаш хьала ма даха *). Вовшашна оьгIазъэхар дита. Вовшашна баккъаш ма дета **. Вовшийн мах ма бохабе (юкъа а эккхий, хIума ма эца)[13]. Вежарий хила шу, хIай, АллахIан лайш! Бусалба стаг - бусалба стеган ваша ву. (Бусалба нахах цхьаммо) вукху (бусалба стагана) гIело ян йиш яц, цуьнах ца ваша йиш яц, иза гIо доцуш вита йиш яц цо. Ткъа Делах кхерар кхузахь ду» – пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхузза (шен куьйга) шен накха гайтира. (Цул тIаьхьа элира цо): «Стаг вон хила (кхин хIумма а ца оьшуш) тоаме ду-кха – иза шен бусалба вешех цавашар. ХIора бусалба стагана бехке (хьарам хила дезаш ду) кхинволучу бусалба стеган дахар а, бахам а, сий а» (Муслим: 2564).

* «Мехаш хьаладахар» («ан-нажш») бохург – юхкучу хIуманан мехаш хьаладахар ду базарахь а, иштта йолучу кхечу меттигашкахь а, мохь а бетташ, ма-дарра аьлча, и стаг ша а и хIума эца гIерташ а воцуш. Цуьнан Iалашо - кхиниг Iехон гIертар ю, ткъа иза - хьарам дина ду.

** «Вовшашна баккъаш деттар» («ат-тадабур») бохург – стаг, букъ а тоьхна, дIатесна витар ду, букъа тIехьа йиссина йолу хIума санна.   

236. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьа а Делах тешна (иман диллина) хир вац - шена дезарг шен (бусалба) вешийна а деззалц» (Бухари: 13, Муслим: 45).

237. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хьайн вешина гIо де - гIело йийриг (зулам дийриг) иза ша велахь а, (цунна еш) гIело елахь а (зулам делахь а)». (И хезначу цхьана стага) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Нагахь цунна еш гIело елахь-м гIо дийр дара аса цунна. Нагахь гIело йийриг иза ша велахь - гIо муха дан деза аса цунна?!». (Оцу хьокъехь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «ГIело ярах сацаве иза (я вухаваккха иза) - боккъалаъ, цунна гIолацар (хир) ду и» (Бухари: 2443).

238. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(ХIора) бусалба стагана тIехь долу бусалба стеган хьаккъаш пхиъ ду: салам схьаэцар, лазархочунна тIехIотта вахар, барам новкъа баккхар, кхайкхиначу вахар[14], хьоршам тоьхначунна диканиг лаар[15]» (Бухари: 1240, Муслим: 2162).

Оцу хьадисан Муслимехь долучу ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(ХIора) бусалба стагана тIехь долу бусалба стеган хьаккъаш ялх ду: хьо (бусалбанна) дуьхьал кхетча - салам ло цунга, цо хьо кхайкхинехь – цо (кхайкхиначу а) гIо, нагахь цо хьехар дар дехнехь - хьехар а де цунна, нагахь цо, хьоршам а тоьхна, АллахIана хастам бинехь - диканиг лаа цуна («АллахIа къинхетам бойла хьоьх!» ала), нагахь и цомгаш хилахь – тIе-хIотта а гIо иза волучу, нагахь иза лахь - (тIаьххьарачу новкъа а) ваккха иза».

239. Абу Iумарата ал-Бара ибн Iазиба (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ворхI хIума де (аьлла) омра дина тхоьга, (кхин) ворхI хIума дехка а дихкина. Цо омра дина тхоьга: цомгашниг волучу гучадовлар, (велларг тIехь волу) барам новкъа баккхар, хьоршам тоьхначунна диканиг лаар, чIагIо йина волучуьнан чIагIо кхочушъяр, гIелонехь (зуламехь) валлочунна гIодар, кхайкхиначо кхайкхиначу дахар, (нахе) маршалла хаттар (салам далар). Ткъа цо тхуна дихкира: дашон чIагарш лелор, детин пхьегIашна чуьра малар, цIен гIайбеш * а, ал-къасийй ** а лелор, иштта дари а, истабракъ а, дибаж а[16]» (Бухари: 1239, Муслим: 2166).

(Оцу хьадисан) кхечу ривайатехь дийцина, (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла)): «… яйнарг лехар а…» ***. (ХIара хьадис) далийначо дуьххьара (ягарйиначу) ворхI хIуманна тIе элира хIара дешнаш.[17]

* «ГIайбеш» («майасир») - бамбех я муьлхха а кхечу хIуманех дуьзина дарин гIайбеш ду уьш. Иштта болу гIайба говран я эмкалан нуьйрана тIебуьллуш бу, цул тIаьхьа оцунна тIе охьахуу бере.

** «Ал-къасийй» - вета (лён) а, дари а вовшах эдина кIади ду иза.

*** «Яйнарг лехар» бохург[18] – «йовзийтар» ду.     



[1] Кхузахь дуьйцуш дерш - АллахIа хIиттийна хьаьждаран хьукманаш а, иштта Цуьнан дерриге бехкамаш а ду.

[2] Кхузахь дуьйцуш дерш - - ширк даржориг а, талораш дийриг а, ницкъ бийриг а, иштта дIа кхиндолу а зуламаш ду.

[3] Вуьшта аьлча: «Стеган дахар кIелхьарадаьккхиначунна».

[4] Хьасан – пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) йоьIан ПетIаматан а, Iелин а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) шина кIантах цхьаъ ву.

[5] Бусалба наха шайн берашна барташ дохуш гича, делла цара (акхачу Iаьрбоша) и хаттар цаьрга.

[6] Имаман метта.

[7] Вуьшта аьлча: «доца дойла цо иза царна», КъурIанера доц-доцийра сураташ а доьшуш.

[8] Кхузахь юьйцуш йолу дика Iамалш - масала, мархин баттахь буса тIедеш долу ламазаш а, кхиндолу навафил-ламазаш а ду.

[9] Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шега и дан а луш, нахана парз а дина тIедиллахь, дан гIора а доцуш уьш биссарах ларлуш.

[10] Кхузахь дуьйцург - жамаIатехь дина долу парз Iуьйра-ламаз ду. Оцу хьокъехь хилар хьахийна ду хIокху хьадисан Муслимехь долучу кхечу ривайатехь.

[11] Вуьшта аьлча: «дагна чохь».

[12] Вуьшта аьлча: бусалба стагах цавешаш волучо ша-шена деш ду зулам, доккха къа ду цо хьарчош дерг, хIунда аьлча КъурIано билгалдаьккхина ма ду - АллахIа а цхьана Адаман сий дина хилар.

[13] И бохург - эцархо а, йохкархо а шайна юккъехь мах буьйцуш а волуш, цаьршинна юккъе а гIортий, хIума ма эца бохург ду, цуьначул а борахчу мехах и санна йолу хIума ю сан, я оцу мехах цул а тоьлларг ю сан бохуш.

[14] Кхузахь дуьйцург - зуда ялийна той а, цуьнах тера долу тойнаш а ду.

[15] Вуьшта аьлча: «АллахIа къинхетам бойла хьоьх!» («ЙархьамукаллахI»!) алар ду и -нагахь хьоршам тоьхначо алахь: «Хастам бу АллахIана!» («Алхьамду лиллахI!»).

[16] «Истабракъ а, дибаж а» – дарин кIадин тайпанаш ду уьш.

[17] Вуьшта аьлча: бусалба нахе, де аьлла, омра дина долучу ворхI хIуманна тIе.

[18] Масала: байна уьстагI.

28-гIа дакъа

Опубликовано: 01 октября 2010

28-гIа дакъа

Бусалба нехан кхачамбацарш хьулдарах а, оьшуш а доцуш[1] уьш даржор дихкина хиларах а лаьцна

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Бакъдолуш, муъма нехан хьокъехь цIармато яржа лууш волучунна[2] балане Iазап кечдина хIокху дуьненахь а, эхартахь а» («ан-Нур», 19).

240. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь хIокху дуьненахь (цхьана) лайно важа лай хьулвахь - билггал, къематдийнахь АллахIа иза а хьулвийр ву» (Муслим: 2590).

241. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Сан умматера хIора а хьалхавоккхур ву[3] - массарна а хезехь Iорадохуш боцурш. Массарна а хезехь Iорадахаран (масалех цхьаъ) ду-кха - буса цхьаъ дан а дой[4], АллахIа ша хьулвина (Iораваларах ларвина) Iуьйренга ваьлча, баха хIуттуш волу стаг: «ХIей, хьенех! Селхана аса хIара а, иза а дира». Дала хьул а вина буьйса яьккхина цо, ткъа Iуьйранна ша-ша Iорадоху цо АллахIа шен хьулвар»[5] (Бухари: 6069, Муслим: 2990).

242. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь гIарбаша зина динехь, цо зина дар гучу а далахь - (иза долахь йолучу дас) шарIо дIахIоттийна долу таIзар дойла цунна[6], цунна лен а ца луьш[7]. Нагахь цо шозлагIа а зина динехь - (юха а) шарIо дIахIоттийна долу таIзар дойла цунна, цунна лен а ца луьш. Нагахь цул тIаьхьа, кхоазлагIа а, цо зина дахь - дIаюхкийла цо иза, мерзийн карсах (муьшах) йоьхкина а»[8] (Бухари: 2555, Муслим: 1703).

243. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамарна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) чагIар мелла цхьа стаг валийра. Цо элира: «Етта цунна!». Тхох цхьаберш шайн куьйгаш детташ бара цунна, цхьаберш – тудургаш етташ бара, цхьаберш – шайн духар детташ бара. И дерриге дIадирзича, нахах цхьамма мохь туьйхира: «АллахIа сийсаза войла хьо!» (аьлла). (ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Ма ала иштта. Иза эшон (караверзо) гIо ма де шайтIанна!»» (Бухари: 6781).



[1] Кхечу дешнашца аьлча: и дан мегаш дац - нагахь шегара цхьа а вониг долуш воцучу стагера вониг даьллехь, нагахь и Iорадаьккхича хуьлучу пайданал а дукха зен хуьлуш делахь.

[2] Кхузахь дуьйцург - массо а къилахь дерг даржоре терра, масала, боьхалла, иштта оцу хьокъехь хезна хабарш даржор а ду.

[3] «Дуьненахь а, эхартахь а массо вочух хьалхавоккхур ву» бохург ду иза.

[4] Вуьшта аьлча: «…муьлхха а цхьа къилахь дерг дан а дой…».

[5] Вуьшта аьлча: «…оцу стага гIарадоккху - АллахIа кхинболучу нахах хьулдан сацам бинарг, и бахьана долуш ша-ша дуьненахь а, эхартахь а хIаллакъхуьлучу тIе а хIоттош».

[6] Цигахь дуьйцу таIзар - шовзткъе итт гIаж тохар ду.

[7] Вуьшта аьлча: «…цунна тIехбеттамаш а ца беш, массарна а хезехь «Къахьпа ду хьо» а ца бохуш».

[8] Кхечу кепара аьлча: «…хьем боцуш йохка а йоьхкина, кIелхьара волийла иза цуьнах».

29-гIа дакъа

Опубликовано: 01 мая 2010

29-гIа дакъа

Бусалба нехан хьашташ кхочушдар

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«… Дика а де - декъала хиларан дуьхьа» («ал-Хьажж», 77).

244. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалба - бусалбанан ваша ву. (Йиш йолуш вац иза) - я цунна гIело ян (я зулам дан), я (мостагIчунна иза) дIавала. Шен вешин хьаштехь (гIодина волучунна) - цуьнан хьаштехь АллахIа цунна а дийр ду гIо. Буслба стаг гIайгIанах хьалхаваьккхинарг - (и бахьанехь) АллахIа къематдийнан гIайгIанех цхьана гIайгIанах хьалхавоккхур ву. Бусалба стаг хьулвинарг - АллахIа къематдийнахь хьулвийр ву» (Бухари: 2442, Муслим: 2580).

245. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIокху дуьненан цхьана гIайгIанах муъма стаг хьалхаваьккхинарг - АллахIа къематдийнан цхьана гIайгIанах хьалхавоккхур ву. Таро йоцуш волучу (декхархочунна) аьтто биначунна - АллахIа цуьнан аьтто бийр бу хIокху дуьненахь а, эхартахь а. Бусалба стаг хьулвинарг - АллахIа иза а хьулвийр ву хIокху дуьненахь а, эхартахь а. АллахI Шен лайна гIо деш хир ву - ша и лай шен вешина гIо деш мел ву. Iилма лоьхучу муьлххачу а цхьана новкъа ваьллачунна - АллахIа и бахьанехь ялсамане боьду некъ атта бийр бу. Ткъа Веза-Сийлахьчу АллахIан цхьана цIа чохь нах гулбелча, цигахь цхьаьний АллахIан Жайна а доьшуш, вовшашна и Iама а деш, - царна тIе, билггал, синтем буссур бу, (АллахIан) къинхетамо дIа а хьулбийр бу уьш. Малекаш гонаха довлу царна, АллахIа Шена хьалха болучарна юккъехь хьахабо уьш. Шен Iамалша шена хьем биначунна - цуьнан схьаваларо (тайпано) каде хьовза гIо дийр дац цунна» (Муслим: 2699).

30-гIа дакъа

Опубликовано: 01 октября 2010

30-гIа дакъа

ГIо даккхаран хьокъехь

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Хаза гIо лаьцначунна[1] - цуьнах дакъа хир ду…[2]» («Ан-нисаъ», 85).

246. Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе дехарца (хьашт дохьуш) цхьаъ веъча, даима а ша волучохь цхьаьна болучарна тIе а воьрзий, олура цо: «Доьхучарна гIо лаца[3] - ял хир ю шуна. Ткъа АллахIа Шена лиъана болу сацам дIакхайкхор бу Шен пайхамарехула»» (Бухари: 1432, Муслим: 2627).

247. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) Бариран а[4], цуьнан майрачуьнан а[5] хьокъехь долу дийцар дуьйцуш, аьлла: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла (Барире): «Хьо цуьнга юхаяхача (хIун дара-те)?». Цо хаьттина: «ХIай, АллахIан элча! Омра ду ахьа соьга дийриг?». Цо жоп делла: «Юкъаралла деш бен вац со-м». (ТIаккха) цо аьлла: «Хьашт вац суна иза!»» (Бухари: 2583).



[1] Кхузахь дуьйцург - шарIан Iедалца цхьаьна догIуш долучу гIуллакхашкахь гIодаккхар а, юкъаралла дар а, хьашт кхочуш дар а ду.

[2] Юьйцуш ерг АллахIера ял ю - муьлхха а цхьа дика хIума кхочуш дарехь гIо диначунна а, хьашт долучунна аьтто биначунна а хир йолуш йолу.

[3] Кхузахь буьйцурш деккъа цхьа сагIа доьхуш берш хилла Iаш бац - муьлхха а лоруш болучу нахе шайн хьашташ далхош берш а бу, иштта царна гIо-накъаосталла дар доьхуш юкъаралла дан мегаш болу. Вукху агIор аьлча: пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юкъаралла дар а, гIодаккхар а дихкина - цхьана стага шарIехь таIзар (хьад) кхачош долу муьлхха а цхьа зулам динехь. Иштта долучу таIзаре, дуьйцийла а йоцуш, озон безаш бу бехкенаш.

[4] Барир - Iайшата лай йолучуьра паргIат йитина хилларг ю (АллахI реза хуьлда цаьршинна).

[5] Бариран майра - МугIис цIе а йолуш, лай лаьттина ву. ЧIогIа иза дукхаезаш хилла цунна, ткъа цунна иза везаш ца хилла.

39-гIа дакъа

Опубликовано: 01 мая 2010

39-гIа дакъа

Лулахочуьнан бакъонаш а, оцу хьокъехь дина весет а

«Iибадат де АллахIана, Цуьнца накъостий а ма нисбе. (Дика а де) дена-нанна, гергарачарна, боберашна, къехошна, шайн гергарачу а, иштта гергара боцучу а лулахошна, некъахочунна уллохь волучу накъостана, некъахочунна, йийсархошна (гIарбашна а, лайшна а)» (ан-Нисаъ: 36).

303. Ибн Iумара а, Iайшата а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Жабраил (малек) суна хьехар дечуьра ца сецира - лулахочуьцна дика юкъаметтиг лелон езаран хьокъехь, сел цо иза сайн верасашна юкъавалор ву а мотталуш!» (Бухари: 60I4-60I5, Муслим: 2624-2625).

304. Абу Зарра (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира (соьга): «ХIай, Абу Зарр! Айхьа жижиг кхехкочу хенахь - алсамо хи тоха цунна тIе, хьайн лулахойн гIайгIа бе (дакъа де)» (Муслим: 4/2025).

Муслима далийна долучу оццу хьадисан кхечу ривайатехь дийцина, Абу Заррас элира аьлла: «Суна дукхавезначу сан доттагIчо (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) весет дира соьга: «Айхьа жижиг кхехкочу хенахь - тIе алсамо хи тоха, тIаккха, хьайн лулахошкахь (хIун хьал ду а) хьажий, дан ма-деззара дакъа де царна»». 

305. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мохь туххуш элира: «Аса дуй буу АллахIах: иман диллина ма вац! Аса дуй буу АллахIах: иман диллина ма вац! Аса дуй буу АллахIах: иман диллина ма вац!». Цхьамма хаьттира (цуьнга): «Мила, хIай, АллахIан элча?». Цо жоп делира: «Шегарачу зенах шен лулахо кхерамазаллехь (тешамехь) воцург!»» (Бухари: 6016, Муслим: 46).

Муслиман ривайатехь ду: «Ялсамане гIур вац - цуьнан лулахо цуьнгарачу зенах кхерамазаллехь (тешамехь) воцу (стаг)».

306. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIай, бусалба зударий! Цхьана а лулахочунна шен лулахочунна (дика дарехь цхьа а хIума) кIеззиг (тIаламаза) ма хоьтуьйла - (яла леринарг) уьстагIан берг бен яцахь а» (Бухари: 2566, Муслим: 1030).

308. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах а, къематдийнах а тешачо - шен лулахочунна зен ма дойла. АллахIах а, къематдийнах а тешачо - шен хьаша ларамца, дика тIеоьцийла. АллахIах а, къематдийнах а тешачо - дика хIума олийла я вист ма хуьлийла иза» (Бухари: 6018, Муслим: 48).

309. Абу Шурайхь ал-ХузаIис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах а, эхартан дийнах а тешаш волучо - шен лулахочунна дика дойла. АллахIах а, эхартан дийнах а тешаш волучо - шен хьаша ларамца тIеоьцийла. АллахIах а, эхартан дийнах а тешаш волучо - муьлхха а цхьа дика хIума олийла я вист ма хуьлийла иза» (оцу кепара и хьадис дийцинарг Муслим ву: 48, ткъа Бураис дуьззина а доцуш даладо и: 6019). 

310. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) аса хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Сан ши лулахо ву, ткъа совгIат хьанна ло аса цаьршиннах?». Цо жоп делира: «Шен неI хьайна герга йолучунна ло»» (Бухари: 6020).

311. IабдуллахI бин Iамра (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хулда цунна) элира аьлла: «Сийлахь-Везачу АллахIана гергахь дикаха накъост - массарел а шен накъостана дикаха верг ву, ткъа Сийлахь-Везачу АллахIана гергахь дикаха лулахо - шен лулахочунна дикаха верг ву» (Тирмизи: 1945, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).

Еще статьи...

  • 42-гIа дакъа
  • 68-гIа дакъа
  • 48-гIа дакъа
  • 52-гIа дакъа
  • 58-гIа дакъа
  • 59-гIа дакъа
  • 61-гIа дакъа
  • 76-гIа дакъа
  • 78-гIа дакъа (риядус-салихьийн)
  • 82-гIа дакъа
  • 84-гlа сурат «ал-иншикъакъ»
  • 86-гIа сурат «ат-тIарикъ»
  • 87-гIа сурат «ал-аIла»
  • 92-гIа дакъа
  • 97-гIа дакъа
  • 100-гIа дакъа
  • 101-гIа дакъа
  • 102-гIа дакъа
  • 103-гIа дакъа
  • 104-гIа дакъа
  • 1
  • 2
  • 3
  • 4
  • ...
  • 6
  • 7
  • 8
  • 9
  • 10

Страница 2 из 19

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft