234-гIа дакъа
ЖихIадан дозалла
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Массо а мушрикашца тIом бе, цара шуьца массаьрца а тIом ма барра. Хаалаш, АллахI – (Шех) кхоьруш болучаьрца вуйла» («ат-Товба», 36).
Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:
«ТIом бар (парз дина) тIедиллина шуна, шуна и ца безахь а. Шуна цадезадала тарло - шайна дикаха дерг, шуна деза а тарло - шайна вон (зенехь) дерг. АллахIана хаьа, ткъа шуна ца хаьа» («ал-Бакъара», 216).
Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:
«ТIаме гIо - шайна иза атта делахь а, я хало еш делахь а[1]. АлахIан новкъахь тIом бе шайн бахамашца а, шайн синошца а» («ат-Товба», 36).
Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:
«Боккъалаъ, АллахIа муъма нахера церан синош а, бахамаш а эцна, дуьхьал ялсамани яларца. АллахIан новкъахь тIом бо цара - уьш а бойъуш, шаьш а кхелхаш. Иштта ю Цуьнан ваIда а, тIелацам а - Товратехь а, Инжилехь а, КъурIанехь а. Хьамма кхочушйо шен ваIда АллахIачул а дика? Биначу бартана даккхийдеш хила шу. Иза ю и – сийлахь-йоккха декъалалла» («ат-Товба», 111).
Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:
«Хало хьоьгуш[2] а боцуш, цIахь севцна болу муъма нах а, шайн даьхнешца а, догIмашца а жихIад деш болу (муджахIидаш) а цхьатерра бац. Шайн даьхнешца а, догIмашца а жихIад деш берш айбина (базбина) АллахIа цIахь севцначарел а дийнна цхьа дарж. Делахь а, царех хIоранна а дикаха дерг (дала)[3] ваIда йина АллахIа. ЖихIад деш болу (муджахIидаш) айбина АллахIа цIахь Iачарел а, (царна) сийлахь-доккха совгIат (а кечдина) – Шегара даржаш а[4], (къиношна) гечдар а, къинхетам а. АллахI – Гечдеш а, Къинхетам беш а ву!» («ан-Нисаъ», 95-96).
Сийлахь-Везачу АллахIа иштта аьлла:
«ХIай, Делах тешнарш! Махлелор гайта Аса шуна[5], балечу Iазапах шу хьалха дохун болу? АллахIах а, Цуьнан элчанах а теша. АллахIан новкъахь тIом а бе шайн бахамашца а, шайн синошца а. Иштта гIолехь хир ду шуна, нагахь шуна хаахь! ТIаккха Цо шун къиношна а гечдийр ду шуна, лахахь лелаш хиш долучу ялсаманин бошмашка а догIуьйтур ду шу, кечйиначу бошмашкахь тIеххазачу хIусамашка а. Иза – сийлахь-йоккха декъалалла ю. Кхин а шуна дезарг хир ду: АллахIера гIо а, герггарачу (хенахь) толам а. Муъма нахе кхаъ баккха!» («ас-Сафф», 10-13).
1285. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира (цкъа): «Уггаре еза Iамал муьлха ю?». Цо жоп делира: «АллахIе а, Цуьнан элчане а иман диллар». (Цуьнга) хаьттира: «Ткъа цул тIаьхьа?». Цо жоп делира: «АллахIан новкъахь жихIад дар». (Цуьнга юха а) хаьттира: «Ткъа цул тIаьхьа?». Цо жоп делира: «Ала хIума доцуш дина хьаж»» (Бухари: 1519, Муслим: 83).
1286. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха а цкъа) аса хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Сийлахь-Везачу АллахIана уггаре дукхаха еза Iамал муьлха ю?». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Шен хеннахь дина ламаз». Аса хаьттира: «Ткъа цул тIаьхьа?». Цо жоп делира: «Дена-нанна дика хилар». Аса (юха а) хаьттира: «Ткъа цул тIаьхьа?». Цо жоп делира: «АллахIан новкъахь жихIад дар»» (Бухари: 527, Муслим: 85).
1287. Абу Зарра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса хаьттира (цкъа): «ХIай, АллахIан элча! Уггаре езаха Iамал муьлха ю?». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «АллахIах тешар а, Цуьнан новкъахь жихIад дар а»» (Бухари: 2518, Муслим: 84).
1288. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Iуьйранна я суьйранна АллахIан новкъахь (гIазот) дар дикаха (дезаха) ду дуьненал а, оцу чохь долучу массо хIуманал а» (Бухари: 2792, Муслим: 1880).
1289. Абу СаIийд ал-Худрийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, хаьттира: «Нахах уггаре диканиг мила ву?». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Муъма стаг - шен дегI а, шен бахам а ца кхоош, АллахIан новкъахь жихIад деш волу». Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юха а хаьттира цо: «Ткъа цул тIаьхьа?». Цо жоп делира: «Муъма стаг - ламанан цхьана чIожахь[6] АллахIана гIуллакх деш волу, шегара (хила тарлучу) вонах нах хьалха а буьтуш»» (Бухари: 2786, Муслим: 1888).
1290. СахIл бин СаIда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь (цхьана) дийнахь юкъ а йихкина гIаролехь Iар гIоле ду дуьненал а, оцу чохь мел долучу хIуманал а. Шух муьлххачу а цхьаьннан шедо ялсаманера дIалоцуш йолу меттиг гIоле ю дуьненал а, оцу чохь мел долучу хIуманал а. Iуьйре я суьйре, Сийлахь-Везачу АллахIан новкъахь (йоккхуш йолу), гIоле ю дуьненал а, оцу чохь мел долучу хIуманал а» (Бухари: 2892, Муслим: I88I).
1291. Салмана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Де-буьйса (АллахIан новкъахь) гIаролехь даккхар гIоле ма ду цхьана баттахь кхобучу марханел а, буса дечу ламазел а. Нагахь (оцу хенахь) стаг лахь – цо ша (дийна волуш) еш хиллачу (Iамалийн ял - иза дийна волучу хенахь санна) тIеоьхуш хир ю[7], дакъа а билгалдоккхур ду цунна[8], (кошахь) барт хаттарах хьалха а вер ву иза» (Муслим: 1913).
1292. Фудала бин Iубайда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIора веллачу (стеган) Iамалийн тептар дIакъовлуш ду[9], АллахIан новкъахь гIаролехь Iийна воцучуьнан. Боккъалаъ, цуьнан Iамалш цунна кхуьур ю[10] къематде кхаччалц, кошан Iазапах хьалха а воккхур ву иза» (Абу Дауд: 2500, Тирмизи: 1621, Тирмизис аьлла хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь ду).
1293. Iусмана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «(Цхьа) де АллахIан новкъахь гIаролехь даккхар (муьлхха а) кхечу меттигашкахь эзар де даккхарал а гIоле ду[11]» (Тирмизи: 1667, цо аьлла хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь ду).
1294. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа шена тIеоьцур ву[12] - Шен новкъахь (тIом бан) араваьлларг. (АллахIа эра ду): «(Оцу новкъа иза цхьана а хIумано) ца ваьккхина - Сан новкъахь жихIад дар (дезаро) а, Соьх тешаро а, Сан элчанаш бакъбаро а бен!». Со юкъара хир ву - иштта волу (стаг) ялсамане вахийта, я ша араваьллачу (цуьнан) хIусаме иза вухаверзор ву Аса цунна хилла йолучу йолаца[13] я хIонсаца. Аса дуй буу Мухьаммадан са шен карахь долучух: АллахIан новкъахь муьлхха а чов йина волу (стаг) - къематдийнахь, билггал, вогIур волуш ма ву чов хиллачу дийнахь хиллачу суьртехь: цуьнан бос - цIийн бос хир бу, ткъа хьожа – мискан хьожа хир ю. Аса дуй буу Мухьаммадан са шен карахь долучух: айса бусалба нахана хало ярна ца кхерахьара, АллахIан новкъахь тIом бан йоьдучу цхьана а тобанна юкъара ваьлла (цIахь) вуьссур волуш ма вацара со. Делахь а, таро яц сан уьш (берриге) тIеховшон[14], я шаьш а бац уьш и дан таро йолуш[15]. Ткъа со араваьлча бухабисса а хала хир ду царна. Аса дуй буу Мухьаммадан са шен карахь долчух: боккъалаъ, АллахIан новкъахь тIом беш кхалха ма лаьара суна. Цул тIаьхьа (юха а) АллахIан новкъахь тIом беш (юха а) кхалха. Цул тIаьхьа (юха а) АллахIан новкъахь тIом беш (юха а) кхалха[16]» (Муслим: 1876, Бухари: 2703).
1295. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь чов йина волу муьлхха а (стаг) къематдийнахь, билггал, вогIур волуш ма ву цIий оьхучу чевнехь, бос - цIийн бос а болуш, ткъа хьожа – мискан хьожа а йолуш» (Бухари: 5533, Муслим: 1876).
1296. МуIаза (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Билггал, ялсамани яьккхина - цкъа эмкал оьзча иза юха оззалц йолучу юкъанна[17] АллахIан новкъахь тIом биначу муьлххачу а бусалба стага. Ткъа АллахIан новкъахь чов йина верг я шега бохам кхаьчна верг - къематдийнахь хIинцца йича санна йолучу шен чевнаца вогIур ву: бос цIийн а болуш, хьожа мискан а йолуш» (Абу Дауд: 2541, Тирмизи: 1657, Тирмизис аьлла хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь ду).
1297. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха а) цкъа АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабех цхьаъ цхьана чIожах тIехволуш хилла. Цигахь хилла, хаза чам а болуш, жима хин хьост. (И чIож) хазделлачу цо аьлла: «(Ма дика хир дар-кха), нахах а къаьстина, со-о а ваьлла, хIокху чIожехь ваха хиъча[18]. Ва амма аса цкъа а дийр дац иза АллахIан элчанера (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бакъо еххалц!». Цул тIаьхьа цо иза дийцира АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ткъа цо элира: «Ма делахь (иза), хIунда аьлча, боккъалаъ, шух муьлхха а АллахIан новкъахь хилар дезаха ду цо шен цIахь кхузткъе итт шарахь дечу ламазел а! АллахIа шайна гечдойла а, Цо шаьш ялсамане дохуьйтийла а ца лаьа шунна? ГIазот де АллахIан новкъахь, (хIунда аьлча) цкъа эмкал оьзча иза юха оззалц йолучу юкъанна АллахIан новкъахь тIом биначо, билггал, ялсамани яьккхина»» (Тирмизи: 1650, Тирмизис аьлла хIара хьадис «хьасан» даржехь ду).
1298. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха а цкъа цхьана наха) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! АллахIан новкъахь дечу жихIаде нислуш йолу (Iамал муьлха ю-те)?[19]». (Жоп луш) элира цо: «Шуьга далун доцург (ду-кха)!». Цул тIаьхьа, юх-юха а луш, шозза я кхузза изза шайн хаттар делира цара. (Шега и хаьттича) хIоразза а пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Шуьга далун доцург (ду-кха)!». Ткъа цул тIаьхьа цо элира: «АллахIан новкъахь жихIад деш верг - марханаш кхобучух а, ламазаш дечух а, АллахIан аяташ доьшучух а тера ву, АллахIан новкъахь жихIад деш волу муджахIид вухаверззалц йолучу юкъанна хаддаза марханаш а кхобуш, ламазаш а деш» (Бухари: 2785, Муслим: 1878, кхузахь далош дерг Муслиман ривайат ду).
Оцу хьадисан Бухарис далийначу ривайатехь Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха а цкъа цхьана стага) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! (Шен йозаллехь) жихIаде нислуш йолу Iамал йовзийтахьа суна?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «Суна ца карайо иштта йолу (Iамал)». ТIаккха хаьттира цо цуьнга: «МуджахIид жихIаде араваьлча, хьайн маьждигна чу а вахана, (хаддаза) гIел а ца луш, ламазаш дан а, (иштта хаддаза) доха а ца деш, марханаш кхаба а ницкъ кхочур барий хьан?[20]». Оцу (стега цеце мохь белира): «И хьаьнга далур дара?!».
1299. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нахана уггаре дикаха долу дахар - АллахIан новкъахь, чIоггIа шен говран архаш а лаьцна, Iачу стеган дахар ду: хIоразза а шена мохь хезначу метте оцу тIехь дIахьодуш[21] волучу, (цигахь) тIаме вала гIерташ а, каро йиш йолучохь шен Iожалла лоьхуш а[22]. Я стеган дахар ду иза, шен кIеззигчу уьстагIашца оцу баххьех цхьана бухьа тIехь я оцу атагIех цхьана атагIахь Iаш волучу: (цигахь шен) ламазаш а деш, закат а доккхуш, ша валлалц шен Далла гIуллакх а деш, нахаца цхьана а тайпа (вон, зене) уьйраш а ца лелош, диканехь бен[23]» (Муслим: 1889).
1300. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, ялсаманехь бIе дарж ду АллахIан новкъахь жихIад дечарна АллахIа кечдина. Цхьана даржера вукхуьнга кхаччалц йолу юкъ - стигланний, латтанний юккъера юкъ санна ю» (Бухари: 2790).
1301. Абу СаIид ал-Худрийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахI шен Дела хиларна резахиллачунна а, иштта Ислам - шен дин хиларна а, Мухьаммад - шен элча хиларна а – (цунна дуьхьал), билггал, ялсамани хир ю (цуьнан совгIат)». И (дешнаш) тайначу Абу СаIийда (АллахI реза хуьлда цунна) элира: «Юха алахь суна уьш, хIай, АллахIан элча!». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) (и дешнаш) цунна юха а аьлла, тIетуьйхира: «Кхин а ду цхьа хIума - и бахьанехь АллахIа ялсаманехь лай бIе дарж лакха воккхуш, цхьана даржера вукхуьнга кхаччалц йолу юкъ стигланний, латтанний юккъера юкъ санна а йолуш». (Абу СаIийда (АллахI реза хуьлда цунна)) хаьттира: «Ткъа хIун ду иза, хIай, АллахIан элча?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «АллахIан новкъахь жихIад дар ду, АллахIан новкъахь жихIад дар ду» (Муслим: 1884).
1302. Абу Бакр бин Абу Муса ал-АшIарийс дийцина: «Суна хезира (цкъа) мостагIчунна дуьхьал лаьттачу сан дас[24] (АллахI реза хуьлда цунна) олуш, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, ялсаманин неIарш (шун) таррийн IиндагIашкахь ю!». (Шена и дешнаш хезча, ша хиъна Iачуьра) хьала а гIаьттина, тишделла барзакъ тIехь долучу цхьана къонахчо хаьттира: «ХIай, Абу Муса! (Ма-дарра аьлча, хьайна) хезна-кха хьуна иза, хезний, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш?». Цо жоп делира: «ХIаъ, хезна». ТIаккха, шен накъосташна тIе а вахана, цо аьлла: «Маршо хуьлда шуна (ала лаьа суна шуьга)[25]». Цул тIаьхьа, шен туьран ботт каг а йина, уьш юьстах а тийсина, дIахьаьдда мостагIчунна тIе а вахана, лийтира иза ша кхалххалц» (Муслим: 1902).
1303. Абу Iабс Iабдуррохьман бин Джабра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь шен когашна тIе чан йиллиначу лайх жоьжагIатин цIе хьакхалур яц» (Бухари: 2811).
1304. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах кхоьруш вилхина стаг жоьжагIате гIур вац - шура юханехьа тIерачу яххалц. АллахIан новкъахь шена тIе чан йиллина волучу лайна тIе (цкъа а) жоьжагIатин кIур билла йиш йолуш бац» (Тирмизи: 1633, цо аьлла хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь ду).
1305. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Шина бIаьргах жоьжагIатин цIе хьакхалур йолуш яц: АллахIах кхоьруш билхиначу бIаьргах а, АллахIан новкъахь гIарол деш буьйса яьккхиначу бIаьргах а» (Тирмизи: 1639, цо аьлла хIара хьадис «хьасан» даржехь ду).
1306. Зайд бин Халида (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь (гIазоте) ваха бIаьхо кечвиначо - ша а дакъалаьцна гIазотехь[26]. ГIазоте араваьллачуьнан метта, (цуьнан) доьзалан гIайгIа биначо - гIазотехь дакъалаьцна» (Бухари: 2843, Муслим: 1895).
1307. Абу Умамас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Уггаре дезаха сагIа - АллахIан новкъахь IиндагIна четар далар а[27], АллахIан новкъахь ялхо валар а[28], АллахIан новкъахь тIаьхье кхио кхиъна йогIу стен эмкал ялар а ду» (Тирмизи: 1627, цо аьлла хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь ду).
1308. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха а цкъа) Аслам тайпанах волучу цхьана жимачу къонахчо элира (пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)): «ХIай, АллахIан элча! ГIазотехь дакъалаца лууш ву со, амма цхьа а цунна оьшург (тIеман гIирсах хIума) яц-кха соьгахь». (Оцу хьокъехь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла (цуьнга): «Воло, хьенех волучу гIо. (ГIазоте) аравала кечам бина Iаш вара иза, амма цомгаш хилла иза». (Оцу жимачу къонахчо), и стаг волучу а вахана, аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салам-маршалла а доуьйту хьоьга. Айхьа кечбина хьайн тIеман гIирс соьга схьало а боху цо хьоьга». ТIаккха оцу стага аьлла: «ХIай, хьенех![29] ДIалол цуьнга аса кечбина мел хилла болу берриге тIеман гIирс, цуьнах цхьа а хIума буха а ма йита. АллахIах дуй буу хьуна аса: цуьнах цхьа а хIума буха ма йиталахь, и бахьанехь АллахIа беркат дийр ду хьуна» (Муслим: 1894).
1309. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Бану лихьйан (тайпанна) дуьхьал тоба йохуьйтучу хенахь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «ХIора шина стагах цхаъ араволийла, ткъа ял цаьршинна юкъахь хир ю» (Муслим: 1896).
(Оццу хьадисан) кхечу ривайатехь дийцина, (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла): «ХIора шина стагах цхьа стаг араволийла». Цул тIаьхьа, бухабуьссучаьрга а хьаьжна, элира цо: «Шух араволуш волучуьнан муьлххачуьнан доьзална а, бахамна а диканца Iуналла дарехь метта хиллачунна - араваьллачуьнан йолах ах ял хир ю».
1310. Ал-Барраа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) аьчкан (туьтамIаьжигца) къевлина юхь а йолуш[30], цхьана стага, пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе а веана, хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! (Хьалха) тIом бан беза аса я Ислам-дине ван веза со?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «(Хьалха) Ислам-дине вола, тIаккха тIом бе». И (стаг), Ислам-дине а веана, тIом а бина, (циггахь) дIакхелхира. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «КIеззиг Iамал а йина, йоккха ял яьккхи цо» (Бухари: 2808, Муслим: 1900).
1311. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ялсамане ваханачух цхьаьллиг цхьаъ хIокху дуьненчу вухаван лууш хир вац, лаьтта тIехь мел дерг шена дIаделча а, шахIид воцург. Цунна луур ду хIокху дуьненчу вухаван - динна тIехула иттазза кхалхархьама, (шен) мел (доккха) сий дина (шена) гича[31]».
Оцу хьадисан кхечу ривайатехь дийцина, (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла): «Динна тIехула кхалхаран дозалла мел доккха ду шена гича» (Бухари: 2817, Муслим: 1877).
1312. IабдуллахI бин Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа шахIидана муьлхха а къа гечдийр долуш ду, (цо такхаза диссина) декхар доцург» (Муслим: 1886).
(Оццу хьадисан) кхечу ривайатехь дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь кхалхаро (такхаза диссина) декхар доцучу дерриге къинойх дIацIанво».
1313. Абу Къатадас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), хьала а гIаьттина, царна хьехам бечу (хенахь)[32] элира: «Уггаре еза Iамал - АллахIан новкъахь деш долу жихIад а, АллахIе иман диллар а ю». (И хезначу цхьана) стага, (ша хиъна Iачуьра) хьала а гIаьттина, хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Алахь соьга, гечдийр дуй суна сан къиношна, нагахь АллахIан новкъахь со кхалхахь?». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира цунна: «Ду, нагахь хьо АллахIан новкъахь кхалхахь - собаре хуьлуш, АллахIера йоле сатуьйсуш, тIом бан тIегIерташ (тIамна хьалха теIаш), юха ца волуш». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Муха элира ахьа?». (Оцу стаг юхадира шен хаттар): «Алахь соьга, гечдийр дуй суна сан къиношна, нагахь АллахIан новкъахь со кхалхахь?». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Ду, нагахь хьо АллахIан новкъахь кхалхахь - собаре хуьлуш, АллахIера йоле сатуьйсуш, тIом бан тIегIерташ (тIамна хьалха теIаш), юха ца волуш. (Иштта делахь-м) декхар доцучу (дерриге къиношна гечдийр ду хьан). Боккъалаъ, Жабраила (АллахIера маршо хуьлда цунна) элира соьга и (хIинцца)»[33] (Муслим: 1885).
1314. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Нагахь со вехь[34] - мичахь хир ву со?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «Ялсаманехь». ТIаккха (оцу) стага, шен карахь йолу хурманаш охьа а кхиссина, (тIамна юкъа а иккхина), тIом бира, (керста наха) ша веллалц» (Муслим: 1885).
1315. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан асхьабаш а новкъа бевлира. Мушрикел а хьалха Бадранга дIа а кхечира уьш. Ткъа мушрикаш схьакхаьчначу хенахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Шух цхьаммо, хIуъа хилча а, асачул хьалха хIумма а ма дойла!»[35] Мушрикаш гергабаьхкиначу хенахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Ялсамане хьалха шайна, шен шораллехь стиглане а, латтане а (нислуш) йолучу!», Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Iумайр бин ал-Хьумам ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттина: «ХIай, АллахIан элча! Боккъалаъ, стигланаш а, латта а санна шуьйра ю-те ялсамани?!» (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делла: «Ю!». Таккха (Iумайран) мохь белира: «Исбаьхьа ду, исбаьхьа ду!». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «ХIунда элира ахьа: «Исбахьа ду, исбаьхьа ду!» (боху дешнаш)?». (Iумайра) жоп делира: «АллахIах чIагIо ма йо аса, хIай АллахIан элча: со цуьнан охIланах цхьаъ хиларе сатесна (аьлла ма дара аса и)!». (Цунна дуьхьал пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Боккъалаъ, цуьнан охIланах хир ву хьо!». ТIаккха (Iумайр), шен Iад-ботт чуьра хурманаш хьала а яьхна, уьш яа хIоьттира, (амма сихха) элира цо: «Боккъалаъ, нагахь сан дахар, со хIара сайн хурманаш кхачо а ларош, деха хилахь, ма деха дахар хир ду-кха сан дахар!». (Иза а аьлла,) шегара хурманаш охьа а тийсина, (тIамна чу а хьаьдда,) ша кхалххалц тIом бира цо» (Муслим: 1901).
1316. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа дехаре цхьа) нах баьхкира[36] АллахIан элчанна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). (Цара дехар дира цуьнга): «Нах бахкийтахьа тхоьца, тхуна КъурIан а, Суннат а Iамон болу». ТIакха цо уьш болучу ансарех кхузткъе итт стаг вахийтира, шайх «дешархой» олуш хилла болу. Царна юккъехь сан ненан ваша Хьарам а вара. КъурIан доьшура (оцу наха). Буьйсанашкахь цхьаьний Iама а дора цара и. Ткъа дийнахь, хи а дохьий, маьждиг чу охьадуьллура цара и[37]. (Цул совнаха) дечиг а доккхий, и дохка а духкий, (цуьнах даьккхиначу ахчанах) яахIума а оьций, рагIуна кIел[38] Iачарна а, мискачарна а дIайоькъура и. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (царна хьеха) бахийтира уьш. Ткъа дIабоьлхуучу новкъахь, кхача безачу метте дIакхачале тIе а летта, байъира цара уьш[39]. (Шаьш балале хьалха) цара элира: «Я АллахI! Тхан пайхамаре дIахаийта Ахьа - тхо Хьайна дуьхьал даьхкина хилар а, Хьуна резахилла хилар а[40], Хьо тхуна резахилла хилар а![41]».
(И хьадис дийцинчо аьлла): «Цхьана стага, Анасан ненан вешина Хьарамна тIехьашхула тIе а кхиъна, Iоьттина цуьнах шен гIоьмукъ чекхъяьккхира. (Ша валале хьалха) Хьарама элира: «Хьажин цIийнан Делах дуй ма буу аса: декъала ма хили со!». АллахIан элчанах (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дерг дийцича, ткъа цо элира: «Боккъалаъ, шун вежарий байъина. Боккъалаъ, цара аьлла: «Я АллахI! Тхан пайхамаре дIахаийта Ахьа: тхо Хьайна дуьхьал даьхкина хилар а, Хьуна резахилла хилар а, Хьо тхуна резахилла хилар а!» (Бухари: 2801, Муслим: 1511, кхузахь далийнарг Муслиман ривайат ду).
1317. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Бадр тIамехь дакъа лацанза виссиначу сан ден вашас Анас бин Надрас (АллахI реза хуьлда цунна) пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «ХIай, АллахIан элча! Мушрикашца ахьа дуьххьара биначу тIамехь дакъа ца леци-кх аса. Амма аса дуй буу АллахIах: нагахь Цо (кхул тIаьхьа мацца а суна) мушрикашца тIом бан (аьтто баккхахь), боккъалаъ, АллахIана гур ма ду хьуна, аса ден дерг!». Ухьуд тIамехь бусалба наха шайн тIеман меттигаш дIатийсиначу хенахь мохь туьйхира цо: «Я АллахI! Сайна бехк цабиллар доьху Хьоьга кхара диначунна (асхьабаш бу цо буьйцуш берш). (Тоьшалла даре кхойкху) Хьоьга оцара (мушрикаша) диначунна со декъаха цахиларна!». (Иза а аьлла) хьалха таттавелла вогIу иза, (ведда вогIучу) СаIд бин МуIазна ша тIеIоттавелча, цо аьлла: «ХIай, СаIд бин МуIаз! Ялсамане (гIерташ ма ву со-м,) ан-Надран Деле гIерташ ма ву со-м! Боккъалаъ, Ухьуд (лам) болучу агIор цуьнан хаза хьожу ма ю суна хаалуш!». (Цул тIаьхьа) СаIда аьлла: «Соьга дан-м ца делира, хIай АллахIан элча, цо динарг!»».
Анаса дийцина: «(ТIом чекхбаьлча) кхелхина карийра тхуна иза, мушрикаша эрчаваьккхина. Ягарйича (цуьнан дегIехь) туьрах а, гIоьмукъах а, пхерчех а хилла езткъа чов яра. (Сел чIогIа эрчаваьккхина вара иза), цхьанне вовза а ца вевзаш, цуьнан йиша йоцучунна. (Цунна вевзира иза, Анасан) пIелгаш бахьанехь!».
Анаса дийцина: «ХIара аят цуьнан а, и санна болучеран а хьокъехь доьссина лоруш дара (хеташ дара) тхуна: «Муъманашна юккъехь стегарий бу - шаьш АллахIаца йина чIагIо кхочуш йина берш, кхин а, (шайн сацам) цхьана а хIуманехь хийцина а боцуш, хьоьжуш Iаш берш а бу»[42] (Бухари: 2805, Муслим: 1903)[43]
1318. Самуратас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Цкъа) цхьана буса (гIенах) со волучу веана ши стаг гира суна. Цаьршимма, (оцу) дитта тIе хьала а ваьккхина, цхьа ша тайпа хазачуй, дикачуй хIусаме вигира со, шел хазаниг а, диканиг а цкъа а суна гина а йоцуш. Цаьршимма элира соьга: «ХIара шахIидийн хIусам ю»» (Бухари: 1386).
ХIара хьадис дуккха а хаамаш луш долучу доккхачу хьадисана юккъера дакъа ду. АллахIана лиънехь, дуьззина схьадалор ду иза «Аьшпаш боттар доьхкучу декъехь».[44]
1319. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Суракъатан кIентан Хьарисан нана (а йолу), Барраан йоI (а йолу) Умм РабиIа еара пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу. Цо элира: «ХIай, АллахIан элча! Хьарисах дерг дуьйцур дацара ахьа суна?» (Бадрангахь (тIам болучу) дийнахь кхелхина вара иза). «Нагахь иза ялсаманехь велахь - собаре хир яра со, ткъа вацахь – хаддаза цунна тIаьхьа йоьлхур яра со!». (Цунна жоп а луш, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «ХIай, Умм Хьариса! Боккъалаъ, ялсаманехь-м дуккха а бошмаш яй! Боккъалаъ, хьан кIантана Фирдовсан (уггаре а лакхара) дакъа кхаьчна хьуна![45]» (Бухари: 2809).
1320. Жабир бин IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Керстанаша) вен а вийна, эрчадаьккхина сан ден (дакъа)[46], пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе а деана, цунна хьалхха охьадиллича, со тIевахара цуьнан юьхьа тIера хIума хьалаайъян, ткъа сан тайпанхой со вухаваккха хьаьвсира[47]. Таккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «ХIокху сохьта (хIинца) а шайн тIемашца цунна IиндагI латтош ду-кха малекаш» (Бухари: 2816, Муслим: 2471).
1321. Бадрангахь тIамехь дакъалаьцначу Абу Сабита (цуьнан тиллина цIе Абу СаIид яра аьлла а дийцина, иштта Абу ал-Валид яра аьлла а дийцина) СахIл бин Хьунайфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сийлахь-Везачу АллахIе доIанехь даггара шена динна тIехула кхалха (аьтто бар) дехна волучунна - кхалхар шен (дIавуьжучу) меттахь хилахь а, дин тIехула кхелхиначу шахIидийн даржашка хьалавоккхур ву иза[48]» (Муслим: 1909).
1322. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Даггара шена динна тIехула кхалхар дехнаволучунна - кхалхар шахIидийн санна ца хиллехь а, (шахIидашна луш йоллу ял лур ю)» (Муслим: 1908).
1323. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ШахIидана кхелхачу хенахь валаран хало ца хаало - шух муьлххачу а цхьанна къовзийча[49] хаалуш ерг бен» (Тирмизи, цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду).
1324. IабдуллахI бин Абу Авфас (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша мостагIашна дуьхьал нисвеллачу цхьана дийнахь[50], малх чубузехьа таIIалц хьоьжуш а Iийна, цул тIаьхьа нахана юккъе дIа а хIоьттина (хIара дешнаш) элира: «ХIай, нах! МостагIчунна дуьхьал нисдала гIерта лаам ма хила, АллахIе хьалхадахар а деха[51]. Ва амма нагахь шаьш царна дуьхьал нисделлехь - собаре а хила, ялсамани (шайн) таррийн IиндагIашкахь юйла а хаа!». Цул тIаьхьа (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Я, АллахI! Жайна доссийна верг, мархаш лоьлуьйтуш верг, бартхойн тукхамаш[52] эшийна верг! Эшабехьа уьш, царна тIехь толам лохьа тхуна» (Бухари: 3025, Муслим: 1742).
1325. СахIл бин СаIда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ши (доIа) юхатухуш дац, я наггахь бен юхатухуш дац: ламазе кхойкхучу[53] хенахь дина доIа а, тIамехь (мостагIий) чучча боьлхучу хенахь дина доIа а» (хIара хьадис «сахьихь» йолучу иснадаца Абу Дауда дийцина: 3578).
1326. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша гIазоте воьдучу хенахь даима а олура: «Я, АллахI! Хьо ву-кха сан гIодархо а, со ларвархо а! Хьан пурбанца лела со, Хьан пурбанца тIелета со, Хьан пурбанца тIом бо аса!» («АллахIумма, анта Iадзуди, ва насири, бика ахьулу[54], ва бика асулу, ва бика укъотилу») (Абу Дауд: 2632, Тирмизи: 3578, тIаьххьарачо хIара хьадис «хьасан» даржехь ду аьлла).
1327. Абу Муса ал-АшIарийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) муьлхха а цхьана нахах шена кхерам хIоьттича, олура: «Я, АллахI! Боккъалаъ, царна дуьхьал гIоьнна кхойкху оха Хьоьга[55]. Церан вонах а ларло тхо Хьоьца!» («АллахIумма инна нажIалука фи нухьурихIим, ва наIузу бика мин шурурихIим») (хIара хьадис «сахьихь» йолучу иснадаца Абу Дауда дийцина: 1537).
1328. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Говрийн кIужалшкара дика хедар дац къематде кхаччалц» (Бухари: 2849, Муслим: 1871).
1329. Iурват ал-Барикъийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Говрийн кIужалшкара дика хедар дац къематде кхаччалц: (нахана эхартан) ял (кхоьхьуш а), (дуьненахь) хIонс (йохьуш а)» (Бухари: 2852, Муслим: 1873).
1330. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах тешаш, Цо ваIда йиначух а тешаш АллахIан новкъахь говр кхиийначуьнан терзанахь хир ю къематдийнахь (массо а оцу говро) йиънарг а, мелларг а, цуьнан пхьаж а, хьаткъа а[56]» (Бухари: 2854).
1331. Абу МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе цхьа стаг веана, муцIар тIехь жулар йолу стен эмкал а ялош. Цо аьлла: «(Аса) хIара (стен эмкал) АллахIан новкъахь (тIамна дIало)». Ткъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Къематдийнахь цунна дуьхьал ворхI бIе эмкал хир ю хьуна, царех хIораннан муцIар тIехь жулар а йолуш» (Муслим: 1892).
1332. Абу Хьаммада (цуьнан кунья Абу СуIад ю аьлла а дуьйцу, Абу Iамир ю аьлла а дуьйцу, Абу ал-Асвад ю аьлла а дуьйцу, Абу Iабс ю аьлла а дуьйцу) Iукъба бин Iамир ал-ЖухIанис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), минбар тIехь лаьтташ а волуш, олуш хезна суна: «Ницкъ кечбе царна (дуьхьал)[57], шайн ницкъ ма-кхоччу. (Ницкъах дерг дийцича), боккъалаъ, иза – кхоссарехь бу, боккъалаъ, иза – кхоссарехь бу, боккъалаъ, иза – кхоссарехь бу!» (Муслим: 1917).
1333. Iукъба бин Iамир ал-ЖухIанис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «(Дуккха а) латтанаш (лур ду) шуна, АллахIа (мостагIех) а лардийр ду шу, ткъа шух цхьаммо а шен пхерчашца ловзар ма сацадойла![58]» (Муслим: 1918).
1334. Iукъба бин Iамир ал-ЖухIанис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «СекхаIад кхосса а Iамийна, цул тIаьхьа и дитина волу (стаг)[59] - вайх вац (Iеса хилла иза)» (Муслим: 1919).
1335. Iукъба бин Iамир ал-ЖухIанис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Боккъалаъ, цхьа пха бахьанехь АллахIа кхо (стаг) ялсамане вохуьйту: дикане сатуьйсуш[60] и кечбина верг а, и кхоьссина верг а, (пхьаьрчашка) и дIакхойдийна верг а. СекхаIад кхийса, говрахь а лела. Ткъа аша (секхаIад) кхийсар суна дукхаха деза шу (говрахь, эмкалахь) леларал а. СекхаIад кхосса а Iамийна, цул тIаьхьа (шен) лаам бахьанехь и дитина верг - къинхетамах вухаваьлла (баркалле ца хилла иза цунна)» (Абу Дауд: 2513).
1336. Саламат ибн АкваIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша цхьана секхаIад кхоссар къуьйсуш йолучу тобанна тIех волучу хенахь элира: «Кхийса аша, хIай, ИсмаьIалан кIентий! Боккъалаъ, шун да а ма вара шуна (вуно дика) кхоссархо» (Бухари: 3373).
1337. Iамр ибн Iабасас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «АллахIан новкъахь пха кхоьссина волучунна - (и пха) цхьа лай маьршаваккхаран метта хир бу» (Абу Дауд: 3965, Тирмизи: 1638, цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду).
1338. Абу Яхья Хувайрим бин Фатика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь хIуъа харж йина волучунна - цунна дуьхьал ворхI бIозза сов дIаяздийр ду» (Тирмизи: 1625, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).
1339. Абу СаIийда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь (жихIадехь) цхьана дийнахь марха кхаьбначу муьлххачу а лайн юьхь - и де бахьанехь АллахIа, билггал, (жоьжагIатин) цIарна гена йоккхур ю кхузткъе итт шеран (некъан бохаллина)» (Бухари: 1901, Муслим: 1153).
1340. Абу Умамата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь (жихIадехь) (цхьана) дийнахь марха кхаьбна верг - АллахIа (шен шораллехь) стигланний, латтанний юкъ санна (шуьйрачу) саьнгаран барамехь (жоьжагIатин) цIарна гена воккхур ву» (хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь йолучу иснадаца Тирмизис дийцина: 1624).
1341. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(АллахIан новкъахь) тIом бина а воцуш, я ша шега (цкъа а) тIом (бан безаш ву хьо) аьлла а воцуш велларг[61] - мунепикъаллин цхьана декъах (хьалхаваланза а волуш) велла» (Муслим: 1910).
1342. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) тхо пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана гIазотехь а долуш[62], цо элира: «Боккъалаъ, Меднахь цхьа нах бу, муьлххачу а новкъа шу долхахь а, муьлхха а боьра аша хадабахь а - даима а шуьца цхьаьна хилла уьш[63], цамгаро совцийна (цIахь биссина хиларе ца хьоьжуш)».
Кхечу ривайатехь аьлла: «…бехказа бахьана долуш (цIахь) биссинарш бу уьш».
Кхечу ривайатехь аьлла: «… шуьца йолан юкъахь бу уьш» (Бухари: 2839, Анасан ривайат. Муслим: 1911, Жабиран ривайат).
1343. Абу Мусас (АллахI резу хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе а веана, цхьана акха Iаьрбочо элира: «ХIай, АллахIан элча! (Цхьа) стаг - хIонсан дуьхьа тIом беш ву, (важа - шен) цIе яккхийтаран дуьхьа тIом беш ву, ткъа (кхоалгIаниг) - куьцана тIом беш ву…[64]».
(Оцу хьадисан шина а «Сахьихь» жайнахь далош долучу) кхечу ривайатехь (дийцина, оцу акха Iаьрбочо элира аьлла): «(Цхьаъ) - шен майраллина тIом беш ву[65], (цхьаъ - шен тайпанан) сийн дуьхьа[66] тIом беш ву…».
Оцу хьадисан кхоалгIачу ривайатехь дийцина, (оцу акхачу Iаьрбочо элира аьлла): «…(Кхечу цхьаммо) - оьгIазлонна тIом бо. Ткъа АллахIан новкъахь верг муьлха ву (царех)?». (Цунна жоп луш,) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан новкъахь тIом беш ву-кха - дерригенал лакхахь (урхалла дийриг) АллахIан дош хилийта тIом беш волу (стаг)» (Бухари: 2810, Муслим: 1904).
1344. IабдуллахI бин Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ГIазоте новкъа йолуш йолу муьлхха а (тIемалойн) тоба, хIонс а йоккхуш, кIелхьараяьлла йолу[67] - билггал, (ваIда йиначу) йолан кхаа декъах шиъ хьалххе дIахир ду цунна[68]. Ткъа гIазоте новкъа йолуш йолучу (тIемалойн) тобанах дерг дийцича, аьтто а ца болуш[69], бохаме кхаьчна йолу[70] - билггал, царна юьззина дIахир ю (царна ваIда йина хилла йолу) ял» (Муслим: 1906).
1345. Абу Умамата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (мухха а цкъа) цхьана стага элира аьлла: ««ХIай, АллахIан элча! Некъало а хилла, ваьлла лела пурба лохьа суна». (Оцу хьокъехь) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делла (цунна): «Боккъалаъ, сан умматехь болучеран, некъало а хилла, ваьлла лелар - доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIан новкъахь жихIад дар ду»» (хIара хьадис, дика иснад а йолуш, Абу Дауда дийцина: 2486).
1346. IабдуллахI бин Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Юхадерзар – гIазот санна ду» (Абу Дауда дийцина «сахьихь» йолчу иснадаца: 2487).
Цигахь дуьйцуш дерг - гIазот дIадирзиначул тIаьхьа вухаверзар ду. Оцу (дешнийн) маьIна – «ГIазотехь дакъалаьцначунна оцу гIазотера вухаверзарна а цхьаьна ял хир йолуш ю» (бохург ду).
1347. Саиб бин Йазида (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Табук гIазотера вухавирзиначу (цIавирзиначу) хенахь нах дуьхьал бахара цунна[71]. Ткъа со кхиндолучу берашца цхьаьна Саниййатул-вадаI[72] (олучу меттехь) вара дуьхьал вахана» (хIара хьадис оцу кепара «сахьихь» йолучу иснадаца Абу Дауда даладо: 2779).
И хьадис иштта Бухарис а даладо: 3083, (Саиб бин Йазида (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина) аьлла: «(Кхиндолучу) берашца цхьаьна АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дуьхьал даханера тхо Саниййатул-вадаIе».
1348. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ГIазотехь дакъалаьцна а воцуш, я гIазотан декъашхо кечвина а воцуш, я церан доьзална диканца гIайгIа бина а воцуш волучуьнга – къематде кхачале хьалха АллахIа бохам кхачор бу» (Абу Дауда дийцина «сахьихь» йолчу иснадаца: 2503).
1349. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Мушрикашца тIом бе шайн бахамашца а[73], шаьш а - (шайн догIмашца а)[74], шайн меттанашца а[75]» (хIара хьадис «сахьихь» йолучу иснадаца Абу Дауда дийцина: 2504).
1350. Абу Iамр (цуьнан кунья Абу Хьаким ю аьлла а дуьйцу) ан-НуIман бин Мукъаррина (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Суна гира АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша тIом дийнан юьххьехь дIацаболийча - малх бузехьа таIIалц а, мох баллалц а тIаьхьатоттура, ткъа хIетахь (цунна) гIо доссадора» (Абу Дауд: 2655, Тирмизи: 1613, цо аьлла хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь ду).
1351. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «МостагIчуьнца вовшехкхетар ма лаа[76]. АллахIе шаьш хьалхадахар а деха[77]. Ва амма нагахь шаьш цаьрца тIеттаIиттаделлехь - собаре хила» (Бухари: 1742, Муслим: 3026).
1352. Абу ХIурайрас а, Жабира а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ТIом - хIилла ду[78]» (Бухари: 3029, Муслим: 1739).
[1] Оцу дешнаша - «Массо а гIазоте ваха везаш ву» аьлла, кхето дезаш ду: атта делахь а, хала делахь а, кегийранаш а, баккхийранаш а, лаахь, ца лаахь а, мостагI дукха велахь а, кIеззиг велахь а, и.дI.кх.
[2] Цигахь дуьйцуш дерш - гIораллин айпаш а, заьIапалла а ду, стагана гIозотехь дакъалаца новкъарло еш долу.
[3] Вуьшта аьлча: ялсамани (яла).
[4] Кхузахь дуьйцурш - кхин а лакхара дика хьал а, меттиг а ю ялсаманера.
[5] Вуьшта аьлча: «И бахьана а хIоьттина, шуна хьалхадовлар хиндерг гайта Аса шуна».
[6] Вуьшта аьлча: «Нахах а къаьстина, ша ваьлла стаг».
[7] Вуьшта аьлча: «АллахIан новкъахь гIаролехь волучу хенахь кхелхиначу стагана - оцу хенан юккъехь цо деш хиллачу гIуллакхийн а, Iамалийн а ял хаддаза тIеоьхуш хир ю».
[8] Кхузахь дуьйцург: «Ишттачу стагана, ялсаманехь лур ду аьлла, ваIда йина хилла долу рицкъа цуьнга дIакхачор ду» бохучу маьIнехь ду.
[9] Вуьшта аьлча: «ХIора веллачунна шен Iамалийн ял хуьлучуьра соцуш ю».
[10] Вуьшта аьлча: «…цуьнан ял хаддаза дебар ю, алсамъер ю».
[11] Кхечу дешнашца аьлча: «АллахIан новкъахь гIаролехь Iар муьлхха а кхечу Iамал-Iидател гIолехь ду».
[12] Вуьшта аьлча: «АллахIа оцу стеган хьокъехь цхьацца декхарш тIеоьцур ду Шена, Ша кхочуш данза дуьтун доцу».
[13] Эхартахь цуьнга хьоьжуш хин йолу ял ю юьйцург.
[14] Вуьшта аьлча: «ЖихIадехь дакъа лацийтархьама берриге бусалба нахана эмкалшца я говрашца кхачоян таро яц сан».
[15] Вуьшта аьлча: «ЖихIадехь дакъалаца шайна говраш а, эмкалш а эца таро йолуш бац уьш».
[16] Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) АллахIан новкъахь жихIадехь масийттазза а кхалха болу шен лаам гойтуш ву, динна тIехула кхелхиначарна АллахIа кечйина йолу ял мел йоккха ю гайта Iалашо йолуш.
[17] Вуьшта аьлча: хенан вуно йоца юкъ ю и.
[18] Вуьшта аьлча: оцу стагана ваха лиъна хилла дерриге дуьненан хIуманна геннахь - АллахIана Iамал-Iибадат дархьама.
[19] Вуьшта аьлча: «Тхан ял АллахIан новкъахь дечу жихIаде нислуш йолу (Iамал муьлха ю-те)?».
[20] «МужахIид вуханехьа цIаверззалц и дерриге дан дезар ду» бохург ду цуьнан маьIна.
[21] Вуьшта аьлча: сихо еш.
[22] Кхечу кепара аьлча: «…динна тIехула тIаме вала лууш - шахIид а хилла, ялсамане кхачаран дуьхьа».
[23] Вуьшта аьлча: цо цаьрца дакъа лоцу - цара дан леринарг дика гIуллакх делахь, дика доцучу цхьана гIуллакхехь декъашхо а ца хуьлуш.
[24] Вуьшта аьлча: Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна).
[25] Вуьшта аьлча: оцу стагана шен накъосташца Iодикаян лиъна.
[26] «Оцу стагана гIазотехь дакъалаьцначунна санна йолу ял хир ю» бохург ду и.
[27] Вуьшта аьлча: «ЖихIадехь дакъалоцург кечван сагIа далар а».
[28] Вуьшта аьлча: «ГIазотехь дакъалоцуш волчунна ялхо лацар а».
[29] Шен зудчуьнга кхойкхуш ву иза.
[30] «И стаг ша верриге а аьчкан гIагIанах вухавелла хилла» бохург ду иза.
[31] Вуьшта аьлча: «Ялсаманехь шахIиде хьоьжуш мел йоккха ял ю (шена) хиъча».
[32] «Асхьабашна хьехам бечу хенахь» бохург ду иза.
[33] Вуьшта аьлча: «Жабраила (АллахIера маршо хуьлда цунна) сан Делера хаам беа суна».
[34] Оцу хьадисехь дуьйцург Ухьуд гIазотехь хилларг ду.
[35] Кхечу дешнашца аьлча: пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIуммаъ ма де аьлла, ша делла омра а доцуш.
[36] Кхузахь дуьйцург Нажд тайпанах цхьана векалийн тобанех лаьцна ду.
[37] Кхечу дешнашца аьлча: «Маьждиге маьхза хи кхоьхьура цара - бусалба нахана муьлхха а цхьа дика дан лууш. Ткъа маьждиге оьхучу бусалба наха и хи мала а молура, цуьнца ламаз а оьцура».
[38] РагIуна кIел Iаш берш - иштта олуш хилла таро йоцучу пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабех, Меднахь шайн гергара нах а боцуш, маьждиган лабанна кIел Iаш хилла болучу.
[39] Новкъа боьлхучу хенахь КъурIан дешархошна тIелетта хилла кхайкхиначу тайпанах цхьа тоба, Iамр бин ат-ТIуфайл коьртехь а волуш.
[40] Вуьшта аьлча: «Тхо Ахьа тхайх биначу сийлахь-боккхачу къинхетамна резахилла хилар а!».
[41] Цуьнан маьIна: «Ахьа тхуна Хьайн совгIат делла».
[42] «Ал-Ахьзаб» сурат, 23.
[43] 109 лоьмар йолучу хьадисе а, цунна беллачу кхетаме а хьажа.
[44] 1546 лоьмар йолучу хьадисе хьажа.
[45] Кхечу дешнашца аьлча: «Ялсаманехь дикаха йолу меттиг кхаьчна хьуна!».
[46] Жабиран да (АллахI реза хуьлда цаьршинна) 625-чу шарахь Ухьуд гIазотехь кхелхина.
[47] Веллачуьнан юхь чIогIа эрчаяьккхинера: маккахоша мара а, лергаш а даьхнера цуьнан.
[48] Кхечу дешнашца аьлча: негат цIена хилар бахьана долуш, АллахIа иштта волу стаг ялсамане вохуьйту, кхинболу шахIидаш санна.
[49] Кхузахь дуьйцург - дайн къовзор ду: зингато къовзийча, стагана хаалуш дерг санна долу.
[50] Вуьшта аьлча: цхьана гIазотехь.
[51] Кхузахь дуьйцург - массо а бала хьоьгуьйтучу, динан а, дуьненан а барт эгIош долучу массо а гIуллакхех хьалхаваккхар дехар ду.
[52] Кхузахь дуьйцурш - 627-чу шарахь Меднина голаьцна хилла долу бартхойн тукхамаш ду.
[53] Кхузахь дуьйцург - моллалла кхайкхар а, иштта къамат дар а ду.
[54] Вуьшта аьлча: «Цхьана меттера вукхунхьа волу со, цхьана гIуллакхера вукхуьнга волу со!».
[55] Вуьшта аьлча: «…церан мекарлонашна а, хIуьмалгашна а дуьхьал тхайна гIодар доьху оха Хьоьга».
[56] Вуьшта аьлча: диканаш узучу кеда диллина хир ду и дерриге а къематдийнахь.
[57] Вуьшта аьлча: керстанашна (дуьхьал).
[58] Оцу дешнех – «секхаIад кхуьйсуш белхаш даран» маьIнехь кхета везаш ву.
[59] Вуьшта аьлча: «…карла а ца йоккхуш, шен говзалла йицйина волу (стаг)».
[60] Кхечу дешнашца аьлча: «АллахIана а, Цуьнан йоланна а гергакхача гIерташ…».
[61] Вуьшта аьлча: «…шен дагчохь АллахIан новкъахь тIом бар декхар хетта а воцуш велларг».
[62] Табук гIазот ду дуьйцург.
[63] Цуьнан маьIна: оцу гIазотехь цIеначу негатца дакъалаца лаар бахьана долуш, цигахь дакъалаьцначарна санна ял хир ю царна.
[64] Кхечу дешнашца аьлча: «…кхечарна шен майралла гайтаран дуьхьа тIом беш ву».
[65] Ма-ярра йолу майралла ю юьйцург, моттаргIане йолу майралла а йоцуш.
[66] «Хьамийа» - оьгIазло; даггара хилар; деза деттар. И дешнаш тайп-тайпана маьIна дан йиш йолуш ду. Цигахь вуьйцург стаг хила а тарло, шен гергаранаш ларбаран дуьхьа тIом беш волу.
[67] Вуьшта аьлча: «…могаш-маьрша юхайирзина йолу».
[68] Кхузахь юьйцург - АллахIа Шен новкъахь тIом бечарна эхартахь хир ю аьлла, ваIда йина хилла йолу ял ю. Ткъа гIазотехь дакъа а лаьцна, могаш-маьрша цIабирзиначарна - кхаа декъах ши дакъа ял хIокху дуьненахь дIахир ю, ткъа диссина цхьа дакъа – эхартахь хир ю.
[69] Вуьшта аьлча: «…цхьана а тайпана хIонс каракхаьчна а йоцуш».
[70] Кхечу дешнашца аьлча: «…я кхелхина, я лазийна хилла болу».
[71] Кхузахь буьйцуш болу нах - гIазотехь дакъа ца лаьцна болу мунепикъаш а, иштта бехказа бахьана долуш цIахь биссинарш а бу, пайхамарна а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнца Меднахь гIазотехь дакъалаьцначу кхинболучучарна а дуьхьал бахана хилла болу.
[72] Саниййатул-вадаI - Меднина уллохь йолучу метиган цIе ю.
[73] ГIазотехь дакъалаца бIаьхой кечбан сагIа далар ду иза.
[74] «Шаьш а дакъа лаца тIамехь».
[75] И бохург: «Емалбе уьш - церан керстаналла а, ширкалла а бахьанехь. Бух болучу тоьшаллин гIоьнца дIагайта царна церан тилар а, церан бух боцу гIуллакхаш а».
[76] Кхузахь дуьйцург - массо а бала хьоьгуьйтучу, динан а, дуьненан а барт эгIош долучу массо а гIуллакхех хьалхаваккхар ду.
[77] 1324 лоьмар йолучу хьадисе хьажа.
[78] Тайп-тайпана кийтарлонаш а, хIилланаш лелор а ду иза.