Бусалба нахана АллахIа шайн мостагIашна тIехь толам луш долу бахьанаш
Везачу а, Сийлахьчу а Аллах1а толамна а дехкина бахьанаш, эшамна а дехкина бахьанаш.
Иман ох1ланна т1ехь декхар ду: толам лур болу бахьанаш лелор - шаьш дечу Жих1адехь а, кхидолчу шайн г1уллакхашкахь а. Ч1огг1а царех тасабалар - маьждигехь а, ц1ахь а, новкъахь а, мостаг1ашна дуьхьал кхетачу хенахь а, кхидолчу хьелашкахь а.
Муъма нахана т1ехь ду: Аллах1ан омранаш лардар а, Аллах1аца а, Цуьнан лаьшца а догц1ена хилар а, 1есаллех а, къинойх а ларбалар а - эшам хуьлуьйтучу бахьанех шаьш долчу.
1есаллех а, къинойх а ду толам хинболчу бахьанашкахь ледарло яр: х1умаллин (дахаран) бахьанашкахь а - Аллах1а шаьш доцуш а, ларданза йиш йоцуш а лерина долчу, иштта динера долчу бахьанашкахь а. Цундела хьалхарачуьнгахь ледарло яр а, я шолг1ачуьнгахь ледарло яр а - эшам бохьучу бахьанех ду.
Везачу а, Сийлахьчу а Аллах1а боху Шен ларамечу Жайнахь, олучарех бакъдерг эриг ву И:
/يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تَنْصُرُوا اللهَ يَنْصُرْكُمْ وَيُثَبِّتْ أَقْدَامَكُمْ / سورة محمد:آية7.
«Х1ай Делах тешнарш! Нагахь аша Аллах1ана г1о дахь, Цо шуна а дийр ду г1о, шун когаш а ч1аг1дийр ду» («Мухьаммад» сурат, 7 аят).
Х1ара исбаьхьа аят берриге а муъма нахе деш къамел ду. Ша Хастаме волчо кхетийна цуьнгахь: нагахь цара Аллах1ана г1о дахь, Цо царна а г1о дийриг хиларх.
Муъма нахера Аллах1ана оьшуш долу г1о х1ун ду? Иза ду - Цуьнан Шар1ана т1аьхьа вазар а, Цуьнан динна г1одар а, Цуьнан хьакъ кхочуш дар а. Ша Хастаме волу Аллах1 вац Шен лаьшка хьаште, муххале а, уьш бу Цуьнга хьаште берш, Цо ма-аллара:
(يَا أَيُّهَا النَّاسُ أَنْتُمُ الْفُقَرَاءُ إِلَى اللهِ وَاللهُ هُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ إِنْ يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَأْتِ بِخَلْقٍ جَدِيدٍ وَمَا ذَلِكَ عَلَى اللهِ بِعَزِيزٍ) سورة فاطر: الآية 15-17.
«Х1ай нах! Аллах1е хьашт ду шу, ткъа Аллах1 – цхьаьнгге а хьашт вац, хастаме ву. Нагахь Цунна лаахь, шу х1аллак а дина, керла халкъ кхуллур ду Цо. Хала а дац и Аллах1ана» («Фат1ир сурат», 15-17 аяташ).
Ша берриге нах а, жинаш а, адамаш а, паччахьаш а шайн Деле хьаште бу. Аллах1ан къоьллин ялхой бу уьш, шаьш къен болун дела. Аллах1 ву – Хьал долуш, Хастаме. Цунна г1одар бохург - Цуьнан Шар1ана г1одар ду, Цуьнан динна г1одар ду, Цо Шен элчане даийтиначунна г1одар ду, Цо Шен сий долчу жайнахь Къур1ан чохь доссийначунна г1одар ду. И ду и Цунна г1одар бохург.
Нагахь бусалба нах д1ах1иттахь Цуьнан динна г1одан а, Цуьнан хьаккъаш лардан а, Цуьнан гергарачу нахана г1о дан а, - т1аккха Аллах1а а г1о дийр ду царна церан мостаг1ашна т1ехь, хьелаш а тодийр ду Цо церан, г1уллакхаш атта а дийр ду Цо церан, хастаме т1аьхье а хуьлуьтур ю Цо церан, Леккхачу Аллах1а ма-аллара:
{فَاصْبِرْ إِنَّ الْعَاقِبَةَ لِلْمُتَّقِينَ} سورة هود: آية 49.
«Собаре хила хьо - хастаме чаккхе Делах кхоьручарна кечйина ю» («Х1уд» сурат, 49 аят).
{ وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا لا يَضُرُّكُمْ كَيْدُهُمْ شَيْئًا إِنَّ اللَّهَ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطٌ} سورة آل عمران: 120
«Нагахь шу собаре а хилахь, Делах а кхерахь, церан х1уьмалгаша (х1илланаша, мекарлонаша) шуна дан цхьа а зен дац. Боккъалаъ, Аллах1 хууш ву цара лелориг» («Али 1имран» сурат, аят 120).
Собар а, Делах кхерар а хуьлуш ду Аллах1ан г1оьнца, Цуьнан дин лардан х1оттарца, кхечаьрга а и ларде аьлла весет дарца - къайлах а, гучахь а, халонехь а, парг1атонехь а, Жих1адан хенахь а, цул хьалха а, цул т1аьхьа а, кхечу хьелашкахь а.
Дала муъма нахах боцурш накъостий а, доттаг1ий а лацарх ларло аьллачу хенахь а:
{ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لا تَتَّخِذُوا بِطَانَةً مِنْ دُونِكُمْ لا يَأْلُونَكُمْ خَبَالًا وَدُّوا مَا عَنِتُّمْ قَدْ بَدَتِ الْبَغْضَاءُ مِنْ أَفْوَاهِهِمْ وَمَا تُخْفِي صُدُورُهُمْ أَكْبَرُ قَدْ بَيَّنَّا لَكُمُ الْآيَاتِ إِنْ كُنْتُمْ تَعْقِلُونَ} سورة آل عمران: 118
«Х1ай Делах тешнарш! Г1оьнчий ма лоцийла аша шайх воцург (мунепикъаш, керстанаш). Шуна зен дан баьлла аьтто т1ех ца болуьйту цара, шуна хуьлучу халонех са а къерало церан. Х1инцале а хьаг1 гучу яьлла церан баганашкара, цара шайн дегнаш чохь хьулъен хьаг1 кхин дуккха а йоккха ю. Билгалонаш йовзуьйту Оха шуна, нагахь шу кхеташ делахь!» (сурат «Али 1имран», аят 118).
Ша Ц1ена волчо билгалдина т1аьхьарчу аяташкахь: нагахь уьш собаре а хилахь, Делах а кхерахь, церан мостаг1аша царна цхьа а бохам бийриг цахилар. Цо аьлла:
{ وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا لا يَضُرُّكُمْ كَيْدُهُمْ شَيْئًا إِنَّ اللَّهَ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطٌ} سورة آل عمران:120
«Нагахь шу собаре а хилахь, Делах а кхерахь, церан х1уьмалгаша (х1илланаша, мекарлонаша) шуна дан цхьа а зен дац шуна. Боккъалаъ, Аллах1 хууш ву цара лелориг» («Али 1имран» сурат, аят 120).
Кхечу аяташкахь а аьлла Сийлахьчу а, Везачу а Аллах1а:
{وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا فَإِنَّ ذَلِكَ مِنْ عَزْمِ الْأُمُورِ} سورة آل عمران: 186
«Нагахь шу собаре а, Аллах1ах кхоьруш а хилахь, ткъа оцу г1уллакхашкахь хадаме (ч1ог1а) хила хьакъ ду» («Али 1имран» сурат, 186 аят).
Кхечу аятехь а аьлла Цо:
{ إِنَّهُ مَنْ يَتَّقِ وَيَصْبِرْ فَإِنَّ اللَّهَ لا يُضِيعُ أَجْرَ الْمُحْسِنِينَ} سورة يوسف: آية 90.
«Боккъалаъ, Делах кхоьруш, собаре хиллачунна, ткъа Аллах1а эрна ца дойту дика деш болучеран совг1ат» («Юсуф» сурат, 90 аят).
Ша Сийлахь волчо боху:
{ وَاصْبِرُوا إِنَّ اللَّهَ مَعَ الصَّابِرِينَ } سورة أنفال: 46
«Собаре хила, боккъалаъ, собаре болучаьрца ву Аллах1» («Анфал» сурат, 46 аят).
Сийлахьчу а, Везачу а Аллах1ана г1одар бохург - Цуьнан Шар1ана т1аьхьа вазар а, оцу т1ехь собаре хилар а ду, Лекхачу Аллах1а ма-аллара:
{يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تَنْصُرُوا اللَّهَ يَنْصُرْكُمْ وَيُثَبِّتْ أَقْدَامَكُمْ } سورة محمد: آية 7
«Х1ай Делах тешнарш! Нагахь аша Аллах1ана г1о дахь, Цо шуна а дийр ду г1о, шун когаш а ч1аг1дийр ду» («Мухьаммад» сурат, 7 аят).
Делан элчанан (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дашах тера ду х1ара, ибн 1аббасе цо аьлла долчу:
((احفظ الله يحفظك احفظ الله تجده تجاهك))
«Аллах1 ларве - Цо хьо а ларвийр ву. Аллах1 ларве - хьайна хьалххахь карор ву хьуна И».
Аллах1 ларвинарг милла велахь а - Цуьнан дин лардарца а, оцу т1ехь нисвелла латтарца а, Цуьнан хьакъ ларде олуш весет дарца а, оцу т1ехь собаре хила олуш весет дарца а - цунна Аллах1а г1о а дийр ду, Цо ч1аг1 а вийр ву иза шен мостаг1ашна дуьхьал, церан х1илланех а, мекарлонех а 1алаш а вийр ву Цо иза.
Дала аьлла:
{وَكَانَ حَقًّا عَلَيْنَا نَصْرُ الْمُؤْمِنِينَ} سورة الروم: آية 46
«Декхарийлахь ду Тхо муъма нахана г1о дан» («Рум» сурат, 46 аят).
Муъма нах - Аллах1ан динна т1ехь нисбелларш бу, Цуьнан хьакъ лардинарш а бу, Цо хьарам диначух гена бевлларш а бу, Сийлахьчу Аллах1а ма-аллара:
{أَلا إِنَّ أَوْلِيَاءَ اللَّهِ لا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلا هُمْ يَحْزَنُونَ الَّذِينَ آمَنُوا وَكَانُوا يَتَّقُونَ} سورة يونس:62
«Боккъалаъ, Аллах1ан гергарачарна кхерам хаалур бац, я г1айг1ане а хир бац уьш. Иман диллина, Делах кхийринарш бу уш» («Юнус» сурат, 62 аят).
Муъма нах - Аллах1ах кхийринарш бу, уьш бу и Аллах1ан гергаранаш, уьш бу и Аллах1ан динан г1оьнчий берш. Царна лерина ду Аллах1а г1одар а, церан мостаг1ийн мекарлонех уьш ларбар а. Ша Ц1ена а, Лекха а волчо хастаме йолу чаккхе а лур ю царна.
Сийлахьчу а, Везачу а Аллах1а боху Шен ларамечу Жайнахь:
{وَلَيَنْصُرَنَّ اللَّهُ مَنْ يَنْصُرُهُ إِنَّ اللَّهَ لَقَوِيٌّ عَزِيزٌ الَّذِينَ إِنْ مَكَّنَّاهُمْ فِي الْأَرْضِ أَقَامُوا الصَّلاةَ وَآتَوُا الزَّكَاةَ وَأَمَرُوا بِالْمَعْرُوفِ وَنَهَوْا عَنِ الْمُنْكَرِ وَلِلَّهِ عَاقِبَةُ الْأُمُورِ} سورة الحج: الآيتان 40-41.
«Аллах1а билггал г1о дийр ду Шена г1о дечунна. Боккъалаъ, Аллах1 – доллучунна ницкъ кхочуш, тоьлла ву. Лаьтта т1ехь Оха шайн кара 1едал делча, ламаз дийр ду цара, закат лур ду, диканиг де эра ду, вониг ма де а эра ду. Дерриге а г1уллакхийн йист (чаккхе) – Аллах1ехь ю» («Хьадж» сурат: 40-41 аяташ).
Х1орш бу и шайна г1о дийр долуш берш, х1орш бу и хастамечу т1аьхьенан дай бан ва1да шайна йина берш.
Цул т1аьхьа билгалдо Хастамечу Дала Шен «динан г1оьнчийн куьцаш». Цо аьлла:
{الَّذِينَ إِنْ مَكَّنَّاهُمْ فِي الْأَرْضِ}
«Лаьтта т1ехь Оха шайн кара 1едал делча…»
(Вуьшта аьлча: «Оха шайн таро йича, Оха шайн ницкъ кхачийтича»)
{أَقَامُوا الصَّلاةَ وَآتَوُا الزَّكَاةَ}
«ламаз дийр ду цара, закат лур ду…»
(Вуьшта аьлча: Аллах1а шайна т1е ма-диллара, Цуьнан арканашца, цуьнан декхаршца ламаз дар лардинарш а, закат далар лардинарш а бу уьш, дог ц1ена а долуш. Диканца омра дина, вониг дитарна т1ехьег1нарш бу уьш. Оцо чулоцу дерриге Аллах1ан омранаш а, дерриге Аллах1а дихкина долу вонаш а.
Диканаш аьлча, оцу юкъа дог1у: марха кхабар, хьадж дар, Жих1ад дар, дена-нанна дика хилар, уьш доцурш а - Аллах1а а, Цуьнан элчано а омра мел динарг.
Вонаш аьлча, оцу юкъа дог1у: Аллах1а мел дихкинарг а, Цо хьарам мел динарг а, къаьсттина ширкан дакъош, иштта кхидолу къинош а, 1есаллаш а.
Муъма наха цхьаъ во Аллах1. Даггара Цуьнах теша а теша уьш, шайна т1ехь долу И цхьаъ варан декхар а леррина лардо цара, Цуьнца догц1ена хилар а латта до цара, Цуьнан дийцарех теша а теша уьш, иштта Цуьнан элчанан дийцарех а теша уьш. Цо омра ма-дарра, Цуьнан хьаккъаш а лардо цара. Оцу дерригенца а цхьаьна ларло уьш Цо дихкиначух, гена бовлу уьш Цо шайна хьарам диначух - Цуьнгарчу йоле сатуьйсуш, И резавар лоьхуш, Ц1ена а, Лекха а волчу Цуьнан 1азапах ларлуш.
Х1орш бу и бакъ болу муъма нах. Х1орш бу и Сийлахь волчу Аллах1ан дашехь, «Анфал» сурат чохь, бийцина болу Делах кхоьруш берш:
. {وَمَا كَانُوا أَوْلِيَاءَهُ إِنْ أَوْلِيَاؤُهُ إِلا الْمُتَّقُونَ وَلَكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لا يَعْلَمُونَ } سورة الأنفال: الآية34
«Цуьнан гергара хила хьакъ бац уьш? Цуьнан гергаранаш Делах кхоьруш берш бен бац, делахь а, царех дукхах берш хууш бац и» («Анфал» сурат, 34 аят).
Ткъа вайн Дала тайп-тайпана дешнаш олу муъма нехан куьцаш дуьйцучу хенахь. Делахь а, уьш дерриге а цхьана чулацаме доьрзу, Сийлахьчу Аллах1а ма-аллара:
{وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا}
«Шу собаре а, Делах кхоьруш а хилахь…».
Цо чулоцу: ламаз, закат, диканиг де алар, вониг ма де алар, кхидолу Аллах1а а, Цуьнан элчано а омра мел динарг а. Иштта чулоцу цо хьалхарчу т1ег1анахь: Аллах1 цхьаъ вар а, Цуьнах тешар а, Цуьнан элчанах (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тешар а, Аллах1ан а, цуьнан элчанан а дийцарех тешар а. И ша дерриге а чулаьцна Сийлахь волчу Аллах1ан дашо:
{وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا}
«Шу собаре а, Делах кхоьруш а хилахь…».
Оцу кеппара чулоцу и Ша Сийлахь волучуьнан дашо:
{الَّذِينَ إِنْ مَكَّنَّاهُمْ فِي الْأَرْضِ أَقَامُوا الصَّلاةَ وَآتَوُا الزَّكَاةَ وَأَمَرُوا بِالْمَعْرُوفِ وَنَهَوْا عَنِ الْمُنْكَرِ}
«Лаьтта т1ехь Оха шайн кара 1едал делча, ламаз дийр ду цара, закат лур ду, диканиг де эра ду, вониг ма де а эра ду. Дерриге а г1уллакхийн йист (чаккхе) – Аллах1ехь ю» («Хьадж» сурат: 40-41 аяташ).
Ткъа собаро а, Делах кхераро а чулоцу - дерриге а Делан омраша бохург дар, Цо дихкина мел дерг дитар.
Иштта Ша Сийлахь волучуьнан дашо
{يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تَنْصُرُوا اللَّهَ يَنْصُرْكُمْ وَيُثَبِّتْ أَقْدَامَكُمْ }
«Х1ай делах тешнарш! Нагахь аша Аллах1ана г1о дахь, Цо шуна а дийр ду г1о, шун когаш а ч1аг1дийр ду»
чулоцуш ду – дерриге а Аллах1ан омраша бохург дар, Цо дихкинарш дитар.
Х1ара ду и Аллах1ана г1одар бохург: Цо дина омранаш кхочуш дар, Цо дихкинарш дитар - Делах даггара тешна а волуш, Аллах1аца догц1ена а волуш, ц1енна ширках д1ац1андина И цхьаъ вар а долуш, иштта Цуьнан элчанах тешна а волуш - деккъа майраллийна а доцуш, дераллийна а доцуш, ишта-вуьшта ву алийта а доцуш, Шар1ана т1аьхьа вазар йоцучу муьлхха а йолчу кхечу 1алашонна а доцуш.
Аллах1ан динна г1одар хуьлуш ду - Аллах1ана муьт1ахь хиларца, И вазварца, Цуьнца догц1ена хиларца, Ц1ена а, Лекха а волчу Цуьнгарчу дикане догдахарца, Цуьнгара маьл безаш, Цуьнан Шар1а д1ах1оттон къахьегарца, Цуьнан дин д1ах1оттон къахьегарца.
Х1ара куьцаш шегахь дерг - муъма нахах ву, Аллах1а шайн хьокъехь аьлла болчу:
{يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تَنْصُرُوا اللَّهَ يَنْصُرْكُمْ وَيُثَبِّتْ أَقْدَامَكُمْ }
«Х1ай делах тешнарш! Нагахь аша Аллах1ана г1о дахь, Цо шуна а дийр ду г1о, шун когаш а ч1аг1дийр ду»
Веза а, Сийлахь а волчу Аллах1а боху церан хьокъехь:
{إِنَّا لَنَنْصُرُ رُسُلَنَا وَالَّذِينَ آمَنُوا فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَيَوْمَ يَقُومُ الْأَشْهَادُ يَوْمَ لا يَنْفَعُ الظَّالِمِينَ مَعْذِرَتُهُمْ وَلَهُمُ اللَّعْنَةُ وَلَهُمْ سُوءُ الدَّارِ} سورة غافر: 51-52.
«Боккъалаъ, г1о дийр ма ду Оха тхайн элчанашна а, иман диллиначарна а, дуьненан дахарехь а, тешаш (маликаш, пайхамарш, муъма нах) х1уьттучу дийнахь а, зуламхошна церан бехказабийларо пайда ца бечу дийнахь а. Не1алт ду царна, вон 1ойла а ю царна кечйина» («Г1афир» сурат, 51-52 аяташ).
Вуьшта аьлча: сийсаза бен, х1аллак бен чаккхе ю царна, иза – не1алт а, ирча боьрзийла а ю. Сийсаза бен, х1аллак бен чаккхе ю царна, иза – жоьжаг1ати ю, Аллах1ан къинхетамах бахар ду. Х1унда аьлча, Аллах1ана а, Цуьнан динна а г1о ца дина цара. Ткъа зуламхошна пайда бийр бац цара лоьхучу бехказлонаша а, цара дуьйцучу бахьанаша а. Не1алт ду царна дуьненахь, вон боьрзийла а ю царна къематдийнахь.
Аллах1ан динна г1о диначеран а, оцу т1ехь нисбеллачеран а хьал - нисса б1остамехьа хир ду. Царна хир ду - Аллах1ан реза хилар а, Цуьнгара сий-ларам а, хастаме йолу чаккхе а. И хир ду царна - дуьненахь царна г1о дарца а, эхартахь ялсамане бахийтина, жоьжаг1атах хьалха баьхна, уьш декъала барца а. Аллах1е доьху вай: со а, шу а, ваьш дерриш а царех дар.
Элчанаш а, царна т1аьхьа баьзнарш а бу муъма нах. Толам хир бу царна х1окху дуьненахь - шайн мостаг1чунна т1ехь царна толам баларца а, мостаг1чунна т1ехь аьтто баккхарца а, хастаме чаккхе церан аг1онна яларца а. Ткъа толам хир бу царна эхартахь а - ялсамане бахарца, жоьжаг1атах хьалха бахарца, доккхачу къематдийнан кхерамечу хьолах маьрша бахарца, царех хьалха бахарца.
Сийлахь а, Веза а волчо боху:
{وَعَدَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا مِنْكُمْ وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَيَسْتَخْلِفَنَّهُمْ فِي الْأَرْضِ كَمَا اسْتَخْلَفَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ وَلَيُمَكِّنَنَّ لَهُمْ دِينَهُمُ الَّذِي ارْتَضَى لَهُمْ وَلَيُبَدِّلَنَّهُمْ مِنْ بَعْدِ خَوْفِهِمْ أَمْنًا يَعْبُدُونَنِي لا يُشْرِكُونَ بِي شَيْئًا وَمَنْ كَفَرَ بَعْدَ ذَلِكَ فَأُولَئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ} سورة النور:55
«Аллах1а ва1да йина, шеко а йоцуш, шух иман диллина, дика 1амалш йиначарна, лаьтта т1ехь царех сардалш (дай) бан, царел хьалха хиллачех сардалш (дай) ма-барра. Шеко а йоцуш, шайн дин лело аьтто лур бу Цо царна, Ша цара и лелорна реза хилла долу, цаьргара кхерам кхерамзалле а хуьйцур бу. Суна 1ибадат до цара, Соьца цхьа накъостий а ца нисбо цара. Цул т1аьхьа керстаналла динарш - (Далла) муьт1ахь болучуьра д1абевллраш бу» («Нур» сурат, 55 аят).
Х1орш бу и Аллах1ан г1оьнчий - иман а диллина, дика 1амалш йина болу. Уьш бу и - ламаз дина, закат делла, диканиг де аьлла, вониг ма де аьлла берш. Уьш бу и - Аллах1ан динна г1о динарш а, оцу т1ехь нисбелларш а.
Вай дицина долу дерриге аяташ а, хьадисаш а вовшех кхетам луш ду, цхьадерш вукхера маь1на гойтуш ду.
Аллах1ан г1оьнчий: уьш – муъма нах бу. Уьш бу – Делах кхоьруш берш, догц1ена берш, собар дерш, диканаш. Уьш бу – лаьтта т1ехь куьйгалла шайга делча, ламаз дийриш, закат лурш, диканиг де олуш берш, вониг ма де олуш берш. Уьш бу – «Нур» ц1е йолчу суратехь, х1окху аятехь бийцина берш: Делах тешна, дика г1уллакхаш динарш.
Х1ара ши х1ума кхочуш динарш бу уьш: Аллах1ах а, Цуьнан элчанех а тешнарш. Тешнарш бу уьш - Аллах1 шайн Дела хиларх, Шена 1ибадат дан хьакъ верг хиларх. Цара ц1енна Шена 1ибадат дан къастийнарг ву И. Тешна бу уьш Цуьнан ц1ерех а, Цуьнан куьцех а. Цуьнан динна т1ехь нисбелларш бу уьш - къамелехь а, г1уллакхашкахь а, 1амалшкахь а, 1акъидатехь а, дега тешамашкахь а. Уьш бу и ц1ена болу муъма нах - Аллах1ан г1оьнчий шаьш болу, Цуьнан динан г1оьнчий а болу, Делах кхоьруш а болу. Шайн хьокъехь аьлларш бу уьш:
{وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا لا يَضُرُّكُمْ كَيْدُهُمْ شَيْئًا} سورة آل عمران:120
«Нагахь шу собаре а хилахь, Делах а кхерахь, церан х1уьмалгаша (х1илланаша, мекарлонаша) шуна дан цхьа а зен дац» («Али 1имран» сурат, аят 120).
Уьш бу и муъма нах - Дала Шен дашехь хьахийна болу:
. {وَكَانَ حَقًّا عَلَيْنَا نَصْرُ الْمُؤْمِنِينَ} سورة الروم: آية46
«Декхарийлахь ду Тхо муъма нахана г1о дан» («Рум» сурат, 46 аят).
Уьш бу и бийцинарш Сийлахь-Воккхачо Шен дашехь:
{وَلَيَنْصُرَنَّ اللَّهُ مَنْ يَنْصُرُهُ إِنَّ اللَّهَ لَقَوِيٌّ عَزِيزٌ}
«Аллах1а билггал г1о дийр ду Шена г1о дечунна. Боккъаллаъ, Аллах1 – доллучунна ницкъ кхочуш, тоьлла ву» («Хьадж» сурат, 40-41 аяташ).
Уьш бу и бийцинарш Аллах1ан дашехь:
{إِنَّا لَنَنْصُرُ رُسُلَنَا وَالَّذِينَ آمَنُوا فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَيَوْمَ يَقُومُ الْأَشْهَادُ } سورة غافر: آية51
«Боккъалаъ, г1о дийр ма ду Оха тхайн элчанашна а, иман диллиначарна а, дуьненан дахарехь а, тешаш (маликаш, пайхамарш, муъма нах) х1уьттучу дийнахь а» («Г1афир» сурат, 51 аят).
Уьш бу - лаьтта т1ехь дай бан шайна ва1да йина берш, лаьтта т1ехь халифаш бан шайна ч1аг1о йина берш, лаьтта т1ехь дин д1ах1отто аьтто бан шайна ч1аг1о йина берш, кхерамал т1аьхьа кхерамазалле баха шайна ч1аг1о йина берш, халонал т1аьхьа сийлахьалле баха шайна ч1аг1о йина берш.
Х1ай Аллах1ан лай! Х1ара маь1на дикка довзар ду хьуна т1ехь декхар, цуьнца 1амал яр а ду хьан декхар - Аллах1ан г1оьнчех хилархьамма, Аллах1а Шен г1оьнчашна ч1аг1о йина йолу хастаме чаккхе хьайна хилийтархьамма.
Ч1аг1о (ва1да) йина Аллах1а Шен г1оьнчашна толам бала а, хастаме чаккхе яла а, лаьтта т1ехь 1едал церан кара д1адала а, кхерамера кхерамазалле хьал хийцан а - Шен дуьхьа цара Шен мостаг1ашна кхерам латтор бахьана долуш. Цуьнан дин т1ехь уьш собаре хиларна, Аллах1ан новкъахь цара Жих1ад дарна. Цуьнан къинхетаме сатуьйсуш а, Цуьнан 1азапах кхоьруш а, шайн дог1маш Цуьнан новкъахь, доккха х1ума ца хеташ, д1адаларна. Аллах1ана доьхкина цара уьш, Аллах1ана д1аделла цара уьш, Цуьнан дашо бохург кхочуш дархьамма:
{إِنَّ اللَّهَ اشْتَرَى مِنَ الْمُؤْمِنِينَ أَنْفُسَهُمْ وَأَمْوَالَهُمْ بِأَنَّ لَهُمُ الْجَنَّةَ}سورة التوبة:111
«Боккъалаъ, муъма нахера церан синош а, бахамаш а эцна Аллах1а ялсаманина дуьхьал хийцина» («Товбат» сурат, 111 аят).
Х1орш бу и Аллах1ан г1оьнчий - Цуьнан динна т1ера ца боьхна болу, оцу т1ехь, нис а белла, лаьттина болу - шайн дешнашкахь, 1амалшкахь, кхерамазаллехь, кхерамехь, халонехь, парг1атонехь, леларехь, бахарехь. Аллах1ан дуьхьа Жих1ад а дина, собаре хилларш бу уьш. Цундела хастаме чаккхе елла царна, Аллах1-Дала (Ц1ена ву И) ма-аллара:
{وَالَّذِينَ جَاهَدُوا فِينَا لَنَهْدِيَنَّهُمْ سُبُلَنَا وَإِنَّ اللَّهَ لَمَعَ الْمُحْسِنِينَ}
«Тхайн дуьхьа жих1ад деш берш - билггал, Тхайн новкъа буьгур бу Оха. Боккъалаъ, дика деш болучаьрца ву Аллах1» («1анкабут» сурат, 69 аят).
Ч1аг1о йина царна Аллах1а - нийсачу новкъа нисбан а, шайна толам бала а, дика дан а.
Х1ара бахьанаш элчанехь а (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан асхьабашкахь а (Аллах1 реза хуьлда царна) гулделлачу хенахь, Бадр г1азот долчу дийнахь, керстанашна т1ехь толам белла царна. И керстанаш царал дуккхаъ алсам боллушехь, шайн ницкъехь а, шайн дукхаллехь а царал дуккхаъ сов хиллашехь, х1етте а царна т1ехь толам белла царна. Лакхахь дийцина долу куьцаш цара шайгахь гулдалийтина дела. Цара Аллах1ан динна г1о дина дела - дашца а, 1амалца а. Уьш мостаг1ашна дуьхьал кхетча, собаре хиларна а, ц1еначу даггара хиларна а, Аллах1а аьтто баьккхина церан, мостаг1 а эшийна Цо церан, хастаме чаккхе а елла Цо царна.
Иштта хилла Ахьзаб г1азот долчу дийнахь а. Шаьш арадаьккхиначу г1уллакхна тешаме хилла уьш, даггара хилла уьш, доккха собар хилла цаьргахь, керстанаш дуккха а дукха царал алсам хиллашехь а.
Собаре хилла бусалбанаш, шайна лаьцна го а болуш: Аллах1ан пурбанца шайн мостаг1ашна т1ехь Аллах1ана гергарачу эскарца г1о кхаччалц - царна гуш хилла а доцучу эскарца, Аллах1ана гергара толам шайна кхаччалц - шайн б1аьргашна гуш доцучу эскарца. Керста вегийна Цо, дикане догдаха меттиг боцуш, эшамца уьш буха а тухуш. И дерриге а хилла пайхамар а (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), асхьабаш а (Аллах1 реза хуьлда царна) Аллах1ана муьт1ахь хилар бахьана долуш Аллах1ан мостаг1ашца Жих1ад дарна т1ехь.
Иштта толам белла Аллах1а бусалба нахана Макка йоккхучу дийнахь а. Аллах1а г1о дина оцу дийнахь бусалбанашна шайн мостаг1ашна т1ехь толам баккха. Макка маьрша а яьккхина цара, ширк а, цуьнан г1оьнчий а эшийна цара. Бусалба динна мостаг1 долу «х1авазин» тайпа а эшийна к1елдитина цара - Дала диначу диканна а, комаьршаллина а Цо Шен гергарачарна г1одар бахьана долуш а, Цо Шен эвлаяаш ч1аг1бар бахьана долуш а.
Изза хилла асхьабаша румошца (римлянашца) а, г1ажарошца (персашца) а т1емаш бечу хенахь а, и шиъ йоцчу кхечу пачхьалкхашца т1емаш бечу хенахь а. Цигахь собаре хилла уьш. Жих1ад а дина цара, т1аккха декъала хилла уьш. Толам а кхаьчна цаьрга, хастаме чаккхе а елла царна Аллах1а. Т1аккха дуьненан тхьамданаш хилла царех, лаьтта т1ехь паччахьаш а хилла царех.
Х1ара Аллах1ан суннат, х1ара Аллах1ан некъ, Цуьнан лаьшна юккъехь лелар болуш бу къематде х1отталц - Шена г1о диначунна г1о деш, Шен динна дуьхьала ваьлларг сийсаз веш.
Ухьуд г1азотехь, асхьабашкара г1алатло яьллачу хенахь, бохам боьссина бусалбанашка, эшам боьссина бусалбанашка. Аллах1ан лаьтта т1ехь Аллах1ан халкъах уггаре диканиш уьш боллушехь а, халкъах уггаре веза элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) царна юккъехь воллушехь а, пайхамарел а т1аьхьа уггаре сийлахь берш боллушехь а, царна юккъехь элчанал т1аьхьа умматах уггаре дика волу Абу-Бакар-Сиддикъ (Аллах1 реза хуьлда цунна) воллушехь а, царна юккъехь пайхамарал а, Абу-Бакар-Сиддикъал а т1аьхьа умматах уггаре диканиг ша волу 1умар воллушехь а, царна юккъехь дуккха а кхиболу диканиш боллушехь а.
Бусалба нах эшна - цаьргара даьлла г1алат бахьанехь, 1едаш тухучара шайгара далийтина долу. Аллах1а Шен мостаг1ашна дуьхьал собаре хила аьлла шайна т1едиллиначу собарх уьш боьхначу хенахь. Мостаг1 цигахула чуг1орта кхерам болу дукъ лардар цара д1атесначу хенахь.
Элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) 1едаш тухучаьрга омра дина хиллера, шаьш лаьттачу меттера д1а ма довла аьлла, и меттигаш д1а ма тийса аьлла: нагахь мостаг1чо бусалбанех каетташ шайна гахь а - д1а ма хеца, я бусалба наха толам баьккхина шайна гахь а - д1а ма хеца, я хьалхарчу хьолехь а, я шолг1ачу хьолехь а. Ткъа царна т1ехь дерг - шайн меттигашкахь латтар дара, уьш ларъяр дара, цигара д1ацабовлар а дара.
Ухьуд дийнахь, мостаг1 эшначу хенахь, 1едаш тухучарна уьш эшна а гича, т1амах йист яьлла-кха аьлла хетта царна. Т1аккха и шайн меттигаш хецна д1а а яхийтина цара. Церан амир г1иртина уьш оцу меттигера д1а ца бовлийта, цаьрга и меттигаш д1а ца хецийта. Делахь а, цо бохург ца дина цара, 1еса хилла уьш цунна - керста эшна ваьлла, керстано букъ тоьхна баьлла, керста вухавоьрзур вац, керста кхоччуш эшна ваьлла аьлла.
Цара и меттиг д1а ма хецна, оцу д1ахецначу меттигехула бусалба нахана чухьаьдда керста. Т1аккха бохам бусалба нахе боьссира, эшам бусулба нахе бирзира. Байъарш, чевнаш яр, эшам, элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вен а г1ерташ. Амма Аллах1а хьалхаваьккхира иза церан вонах. Чевнаш йира цунна дуккха а, хьалхара церг а кагйира цара цуьнан, иштта кхин а вонаш, чевнаш хилира цунна. Кхузткъе итт асхьаб а вийра цигахь, бисинчу цхьаболчарна чевнаш а йира. Церан хьокъехь доссийра т1аккха Аллах1а Шен дош:
{وَلَقَدْ صَدَقَكُمُ اللَّهُ وَعْدَهُ إِذْ تَحُسُّونَهُمْ بِإِذْنِهِ}
«Аллах1а кхочуш йина Ша шуна йина йолу ва1да, аша Цуьнан пурбанца уьш х1аллакбинчу хенахь…»
(Вуьшта аьлча: хьалхарчу т1емашкахь аша уьш х1аллакбинчу хенахь)
{حَتَّى إِذَا فَشِلْتُمْ}
«шу сацамах доьхча…»
(вуьшта аьлча: 1едаш тухуш берш)
{وَتَنَازَعْتُمْ فِي الْأَمْرِ}
«омрин хьокъехь къийсадала а х1иттича…»
(вуьшта аьлча: омра кхочуш даран хьокъехь шун барт боьхча, декъа дала а х1иттича)
{وَعَصَيْتُمْ }
«1еса а хилча…»
(вуьшта аьлча: шаьш ларъян декхар долу меттиг д1ахийцира аша, элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цигахь латта аьлла омра дина йолу)
{مِنْ بَعْدِ مَا أَرَاكُمْ مَا تُحِبُّونَ}
«шайна дезарг (толам, мостаг1 эшар) Цо шайна гайтиначул т1аьхьа…»
(вуьшта аьлча: т1аккха тесира шуна т1е мостаг1)
{مِنْكُمْ مَنْ يُرِيدُ الدُّنْيَا وَمِنْكُمْ مَنْ يُرِيدُ الْآخِرَةَ ثُمَّ صَرَفَكُمْ...} آل عمران: 152
«Шуна юккъехь х1ара дуьне дезаш берш а бу, эхартан дахар дезаш берш а бу. Цул т1аьхьа царна (гаурашна) букътохийтира Цо шуьга» («Али 1имран» сурат, 152 аят).
Доца аьлча, эшна уьш, Жих1адан даран новкъахь хиланза йиш йоцучу ладамечу меттехь цаьргара даьлла г1алат бахьанехь. Иза - дозанаш 1алашдар ду, мостаг1 чуг1оьртан волу херонаш д1акъовлар ду, бусалба нахана мостаг1 чувог1ур волу дозанаш лардар ду, бусалба эскарна мостаг1 т1елетан волу яккъаш д1акъовлар ду, бусалба нахана кхераме долу даккъаш д1ацахецар ду. Т1ом болочу хенахь эскарна т1ехь ду - цуьнан т1алам сов хилар, цуьнах ларлуш хилар, бусалба нахана зен дан, я царна т1ехьахула т1елатан тарлуш йолу ерриге меттигаш а, херонаш а д1акъовларна т1ехь сутара хилар.
Х1окху лазамечу хиламах бусалба нах ца кхетначу хенахь, уьш оцу балхана инкарло йолуш хиллачу хенахь - йиначу чевнашна, хиллачу байъаршна, цара элира: «Х1унда хилла вайна х1ара? Х1унда доьжна вайна х1ара?». Царна юккъехь Аллах1ан элча а (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волуш, царна юккъехь пайхамарел т1аьхьа Аллах1а къастийна болу цуьнан лаьш а болуш. Лекхачу Аллах1а доссийна т1аккха:
{أَوَلَمَّا أَصَابَتْكُمْ مُصِيبَةٌ قَدْ أَصَبْتُمْ مِثْلَيْهَا}
«Шуьга бохам (Ухьуд т1амехь эшам) беанчу хенахь, аша царна (Бадр т1амехь) шозза сов бохам биначул т1аьхьа…»
(Вуьшта аьлча: Бадр дийнахь керстанех кхузткъе итт вийна цара, кхузткъе итт йийсар а валийна цара, керстанашна юккъехь дуккха а чевнаш йина)
{قُلْتُمْ أَنَّى هَذَا}
«аша элира: «Мичара хили х1ара?»»
(вуьшта аьлча: инкарло йина цара оцу хиллачунна, ца дезаделла царна и, цецбевлла уьш цуьнах: «Мичхьара хили вайна х1ара эшам?» бохуш, «Х1ун бахьанехь хили х1ара?» бохуш).
Аллах1а аьлла цаьрга, хиллачуьнан бахьанех уьш кхетош:
{قُلْ هُوَ مِنْ عِنْدِ أَنْفُسِكُمْ}
«Ахь ала (х1ай Мухьаммад): «Шуьгара шайггара ду и»».
Х1окхо гойту: эскарах цхьаберш 1еса хилар а, эскарах цхьаболчара толаман бахьанаш лардар дитар а - массарна а бала хилар, массарна а бохам хилар. Цхьаберш 1еса хилар бахьанехь массаьрга а бохам беъна цаьрга. Цуьнах терра ду шуна нехан хьал а: царна хьарамлонаш гича, уьш яржа а яьржича, бусалбанаша уьш д1а ца дахахь, нисдан бахьанаш а ца леладахь - 1азап массаьрга а кхочур ду, массаьрга а цхьабосса буссур бу бала.
Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
// إن الناس إذا رأوا المنكر فلم يغيروه أوشك أن يعمهم الله بعقابه // أخرجه الإمام أحمد رحمه الله بإسناد صحيح عن الصديق رضي الله عنه
«Нахана вониг гича, цара и д1а ца даккхахь, Шен 1азап цаьрга массаьрга а кхачо герга ду Аллах1а».
Имам Ахьмада (Аллах1а къинхетам бойла цуьнах) дийцина и, нийсачу иснадаца, Сиддикъера (Аллах1 реза хуьлда цунна).
Цуьнах луъш дерг - умматана т1ехь ваджиб хилар ду: вовшашка диканиг де алар а, вовшашка вониг ма де алар а, диканна т1ехь а, Делах кхерарна т1ехь а вовшашна г1одар а, оцу дерригенехь а ц1еначу даггара хилар а.
Х1ора шахьарахь а, х1ора юьртахь а, х1ора тайпанна юккъехь а т1ехь ду: вовшашна хьехар дар а, вовшашка бакъонца весет дар а, оцу т1ехь собаре хиларца весет дар а, вовшашна нийса а, дика а долчу г1уллакхашна т1ехь г1одар а, диканиг де алар а, вониг ма де алар а - шайн къинош а, вон г1уллакхаш а, 1есаллаш а бахьанехь шайга бохам ца кхачийтархьамма.
Дала боху:
{وَالْعَصْرِ إِنَّ الْإِنْسَانَ لَفِي خَسِرإِلا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَتَوَاصَوْا بِالْحَقِّ وَتَوَاصَوْا بِالصَّبْرِ}
«Аса дуй буу заманах-хенах. Боккъалаъ, адам эшамехь ду. Делах тешнарш а, дика 1амалш йинарш а, вовшашка бакъдолчуьнца весеташ динарш а, собаре хиларца весеташ динарш а боцурш» («1аср» сурат).
Х1орш бу и сане болу мах бинарш. Уьш бу и Дала шайна г1о дийр дерш, шайна толам лун берш. Цундела йиш йоцуш ду х1ара диъ куц х1орангахь а хиланза: ц1еначу даггара долу Делах тешар а, дика 1амалш яр а, бакъонца вовшашка весет дар а, Жих1адехь а, иштта кхийолчу меттигашкахь а собаре хиларца вовшашка весет дар а.
Г1аланашкахь а, ярташкахь а, тайпанашкахь а, юкъараллехь а йиш йоцуш ду х1ара диъ куц хиланза.
Милла а велахь Аллах1ана г1одар лиъна верг, шен динан ц1аналла а, хаза чаккхе а езнарг - кхоьрийла иза Аллах1ах, собаре а хуьлийла иза Аллах1ана муьт1ахь хиларна т1ехь, лар а лойла иза Аллах1ан хьарамлонех, миччахьа ша велахь а. Х1ара ду и Аллах1а цунна г1о дийр долу бахьана, и ду и дуьненахь а, эхартахь а иза к1елхьара вера волу бахьана.
Стагана т1ехь ваджиб ду: шен ц1ахь а, маьждигехь а, новкъахь а, машенахь а, кеманахь а, ц1ерапоштана т1ехь а, туьканахь а, йохка-эцарехь а, Жих1адехь а, массо меттахь а Аллах1ах кхерар а, Аллах1ан динна г1одар а - шен дашца а, шен 1амалшца а, шен Жих1адехь а, шен дерригечу г1уллакхашкахь а.
Иштта зудчунна а ду т1ехь, шен ц1ахь елахь а, миччанхьа елахь а: Аллах1ах кхерар, Аллах1ан динна г1одар - шен дашца а, шен 1амалшца а. Шен ницкъ кхачаре хьаьжжина, Аллах1ан (Лекха ву И) дашна т1етевжина:
{فَاتَّقُوا اللَّهَ مَا اسْتَطَعْتُمْ } سورة التغابن:16
«Аллах1ах кхера, шайн ницкъ ма-кхоччу» («Таг1абун» сурат, 16 аят).
Юха а аьлла Цо:
{لا يُكَلِّفُ اللَّهُ نَفْسًا إِلا وُسْعَهَا} سورة البقرة آية 286
«Аллах1а адамна тIе ца дуьллу цуьнан ницкъ кхоччург бен» («Бакъарат» сурат, 286 аят).
Пайхамаран (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дашна т1етевжина а:
//ما نهيتكم عنه فاجتنبوه وما أمرتكم به فأتوا منه ما استطعتم فإنما هلك من كان قبلكم بكثرة مسائلهم واختلافهم على أنبيائهم // متفق على صحته
«Аса шайна дихкиначух ларло. Аса шуьга омра динарг, цуьнах шайн ницкъ кхоччург де. Боккъалаъ, шул хьалха хилларш х1аллак хилла, церан хаттарш дукха хиларна а, цара шайн пайхамараша аьлларг цадарна а».
Барт хилла ц1ена хьадис ду х1ара.
Зуда хилар декхар ду: дика лууш а, ц1енчу даггара а - шен майрачуьнца а, берашца а, х1усамехь а, гергарачаьрца а, лулахошца а, хьешашца а, накъосташца а. Оцуьнах шена Аллах1ера ял хиларе са а туьйсуш, Делан лаьшна цуьнца пайда баре дог а дохуш.
Х1ора стагана т1ехь ду: Аллах1ах кхерар, Цуьнан динна г1одар - шен дашца а, 1амалца а. Цунна т1ехь ду: дикане кхойкхуш хилар а, вониг ма де олуш хилар а - ц1енчу даггара а, ц1енчу негатца а. Делера дикане сатуьйсуш а, Цуьнан 1азапах кхоьруш а, Аллах1а ма-аллара, «Анбийаъ» ц1е йолчу суратехь, Шен дикачу лайн хьокъехь:
{إِنَّهُمْ كَانُوا يُسَارِعُونَ فِي الْخَيْرَاتِ وَيَدْعُونَنَا رَغَبًا وَرَهَبًا وَكَانُوا لَنَا خَاشِعِينَ} سورة الأنبياء:90
«Боккъалаъ, диканаш дан сихо йора цара, тхоьга кхайкха а кхойкхура цара, сатуьйсуш а (Тхан къинхетаме), кхоьруш а (Тхан 1азапах), муьт1ахь а бара уьш тхуна» («Анбийаъ» сурат, 90 аят).
«Муъминун» суратехь а аьлла Цо:
{إِنَّ الَّذِينَ هُمْ مِنْ خَشْيَةِ رَبِّهِمْ مُشْفِقُونَ وَالَّذِينَ هُمْ بِآيَاتِ رَبِّهِمْ يُؤْمِنُونَ وَالَّذِينَ هُمْ بِرَبِّهِمْ لا يُشْرِكُونَ وَالَّذِينَ يُؤْتُونَ مَا آتَوْا وَقُلُوبُهُمْ وَجِلَةٌ أَنَّهُمْ إِلَى رَبِّهِمْ رَاجِعُونَ أُولَئِكَ يُسَارِعُونَ فِي الْخَيْرَاتِ وَهُمْ لَهَا سَابِقُونَ} سورة المؤمنون:57-61
«Боккъалаъ, шайн Делах кхерарна бегош берш а, шайн Делан 1аламатех тешаш берш а, шайн Делаца накъост ца веш берш а, саг1а д1аса луш берш а, кхоьруш дегнаш а долуш, шайн Деле берза а безарна, - уьш берриге а диканаш дан сихо еш бу, оцу т1ехь кхечарал хьалхе яьккхинарш а бу» («Муъминун» сурат, 57-61 аяташ).
Х1орш ду и толаманан бахьанаш, х1орш ду и Аллах1а Шен лаьш моссо вочух 1алаш беш долу бахьанаш, х1орш ду Цо царна г1о дийр долу бахьанаш. Уггаре даккхийра а, коьрта а бахьанаш ду уьш - ялсамане кхача а, жоьжаг1атах хьалха бовла а. Оцу дерригенна а т1е, лелонза йиш йоцуш ду динан а, дуьненан а бахьанаш, шаьш толаман бахьанех дуйла вайна хууш долу, Дала боху дела:
{وَإِذَا كُنْتَ فِيهِمْ فَأَقَمْتَ لَهُمُ الصَّلاةَ فَلْتَقُمْ طَائِفَةٌ مِنْهُمْ مَعَكَ وَلْيَأْخُذُوا أَسْلِحَتَهُمْ فَإِذَا سَجَدُوا فَلْيَكُونُوا مِنْ وَرَائِكُمْ وَلْتَأْتِ طَائِفَةٌ أُخْرَى لَمْ يُصَلُّوا فَلْيُصَلُّوا مَعَكَ وَلْيَأْخُذُوا حِذْرَهُمْ وَأَسْلِحَتَهُمْ وَدَّ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْ تَغْفُلُونَ عَنْ أَسْلِحَتِكُمْ وَأَمْتِعَتِكُمْ فَيَمِيلُونَ عَلَيْكُمْ مَيْلَةً وَاحِدَةً وَلا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِنْ كَانَ بِكُمْ أَذًى مِنْ مَطَرٍ أَوْ كُنْتُمْ مَرْضَى أَنْ تَضَعُوا أَسْلِحَتَكُمْ وَخُذُوا حِذْرَكُمْ}
«Хьо (пайхамар) царна юккъехь волуш, ахьа цаьрца ламаз деш хилча, царех цхьа тоба хьоьца д1ах1уттийла, шайн герз карахь а хуьлийла церан. Цара сужуд дича, т1аккха шуна т1ехьа а хуьлийла уьш. Ламаз данза йолу важа тоба схьайог1ийла т1аккха, цара ламаз дойла хьоьца цхьаьна ларлуш, герз карахь а хуьлийла уьш. Делах цатешначарна лаьа, шайн герзе а, х1умане а шу сема ца хуьлийла, тешшийтина цкъа шуна т1елетархьамма. Бехке лорур дац шу, аша шайн герз охьадиллахь - дог1а бахьанехь аьтто ца хиларна, я шу цомгаш делахь. Амма ларлуш хилар т1ехь ду шуна. Боккъалаъ, гаурашна кечдина Аллах1а сийсаз бен 1азап» («Нисаъ» сурат, 102 аят).
Сийлахь волчо боху:
{وَأَعِدُّوا لَهُمْ مَا اسْتَطَعْتُمْ مِنْ قُوَّةٍ}
«Шайн таро мел ю ницкъ кечбе царна дуьхьал баккха» («Анфал» сурат, 60 аят).
Лекха волчо боху:
{يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا خُذُوا حِذْرَكُمْ}
«Х1ай Делах тешнарш! Ларлуш хила» («Нисаъ» сурат, 71 аят).
Бусалба нахана т1ехь декхар ду: шайн мостаг1чух ларлуш хилар, къаьсттина т1еман заманахь тидаме хилар. Шайн ницкъ мел бу царна дуьхьал ницкъ кечбар. Герз а, эскаран дуккхалла а, дика хехой а, дозанаш а б1аьра1уналле эцар. Т1ебог1у некъаш а, даккъаш а тидамца къевллина лардеш латтор, оьшучу хенахь герз карахь латтор, ламазехь белахь а.
Муджах1идо ала мегар дац: «Со бусалба ву, и суна тоам бу» аьлла. Х1унда аьлча, дог-ойла айъаран кечам а, герзаца болу кечам а бу хиланза йиш йоцуш.
Делан элча (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) муъма нахах уггаре а везаниг ву, кхоччуш болх Далла т1е биллинарг ву. Ткъа асхьабаш бу пайхамарел а т1аьхьа уггаре сийлахь а, дика а берш. И иштта доллушехь а, Ухьуд дийнахь бохам кхаьчна цаьрга, эшам кхаьчна цаьрга, эшна уьш - 1едаш тухучара лардан хьакъ долу шайна т1ера деккхар тесна ма диттина, цигахь совца аьлла, шайга омра дина йолу меттиг цара д1а ма хеццанехь.
Ткъа къинош - Дала г1о данза буьтучу бахьанех ду, Цо шен лаьш тесна буьтучу бахьанех ду, 1едаш тухуш берш 1еса хилар Ухьуд дийнахь эшарна бахьана хилла х1оьттина ма хиллара.
Иштта ю и ерриге а 1есаллаш, муьлхха а заманахь эшаман бахьанаш хуьлий х1уьттуш. Уьш яьржинчу хенахь, цхьамма а царна инкарло а ца яхь, эшамна а, мостаг1 т1етасарна а бахьана хуьлий х1уьтту уьш, дуккха а бохамаш бохьу цара. Иштта дог дакъош а, дохош а бахьана хуьлий х1уьтту уьш. Аллах1а 1алашдойла вай царех.
Аллах1а (Лекха ву И) аьлла:
{وَمَا أَصَابَكُمْ مِنْ مُصِيبَةٍ فَبِمَا كَسَبَتْ أَيْدِيكُمْ وَيَعْفُو عَنْ كَثِيرٍ}سورة الشورى:30
«Шуьга боьссина бала, ткъа шун куьйгаша динарг бахьанехь боьссина бу, дукханна а гечдо Цо» («Шура» сурат, 30 аят).
Аллах1а (Леккха ву И) аьлла:
{أَلَمْ يَأْنِ لِلَّذِينَ آمَنُوا أَنْ تَخْشَعَ قُلُوبُهُمْ لِذِكْرِ اللَّهِ وَمَا نَزَلَ مِنَ الْحَقِّ وَلا يَكُونُوا كَالَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ مِنْ قَبْلُ فَطَالَ عَلَيْهِمُ الْأَمَدُ فَقَسَتْ قُلُوبُهُمْ وَكَثِيرٌ مِنْهُمْ فَاسِقُونَ} سورة الحديد:16
«Хан ца кхаьчна-те Делах тешначийн дегнаш муьт1ахь хила (хьаста дала, кхера дала), Аллах1 хьахочу хенахь а, бакъ долуш доссийнарг хьахош а, д1а ца тарбала а хьалха шайга жайна деллачарех, ехха хан д1аяхарца шайн дегнаш дакъаделла болу, царех дукхах берш фасикъаш хилла болу а?» («Хьадид» сурат, 16 аят).
1есалла яьржича - массарна а бохаме йолу, массарна а зене йолу, нагахь цунна инкарло а ца яхь, и д1а а ца яккхахь.
Муъма нах шайга омра дина бу - Аллах1ах кхера а кхера, Аллах1ан мостаг1ашна дуьхьал Жих1ад а де аьлла. Аллах1ах кхоьруш: собаре хиларна т1ехь а, дика г1уллакхаш дарна т1ехь а, миччанхьа уьш белахь а. Аллах1а шайна г1о дийриг хиларх тешна а болуш, Цо шайн мостаг1ашна т1ехь толам лург хиларх дог тешна а болуш, шайн хьал Цо кхерамаллера кхерамазалле хуьйцур дуйла а хууш, догдохарера а, сингаттамера а синтеме хуьйцур дуйла а хууш - цара Аллах1ан хьакъ кхочушдар харжар бахьана долуш, цара Цуьнан динна г1одар къастор бахьана долуш, диканехь а, Аллах1ах кхерарехь а вовшашна г1одар бахьана долуш, оцу т1ехь уьш даггара леларна а. Нагахь цара цуьнах цхьадерг тесна дитахь, т1аккха хаийла царна - иза шайна боккха кхерам буйла. Шайга цхьа бохам беъча, т1аккха хаийла царна – шаьш-шайгара г1алатло бахьанехь хилла дуйла а.
Сийлахьчу а, Везачу а Аллах1а аьлла:
شورى:30 {وَمَا أَصَابَكُمْ مِنْ مُصِيبَةٍ فَبِمَا كَسَبَتْ أَيْدِيكُمْ وَيَعْفُو عَنْ كَثِيرٍ}
«Шуьга боьссина бала, ткъа шун куьйгаша динарг бахьанехь боьссина бу, дукханна а гечдо Цо» («Шура» сурат, 30 аят).
Юха а боху Аллах1а:
{مَا أَصَابَكَ مِنْ حَسَنَةٍ فَمِنَ اللَّهِ وَمَا أَصَابَكَ مِنْ سَيِّئَةٍ فَمِنْ نَفْسِكَ} سورة النساء:79
«Муьлхха а дика, хьуна хуьлуш долу, - Аллах1ера ду хьуна. Ткъа муьлхха а вон, хьуна хуьлуш долу, - хьоьгара хьайггара ду хьуна» («Нисаъ» сурат, 79 аят).
Сийлахь волу Аллах1 ву «Али 1имран» ц1е йолчу суратехь аьлларг, керста нехан х1илла а, мекарло а йийциначул т1аьхьа:
{وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا لا يَضُرُّكُمْ كَيْدُهُمْ شَيْئًا إِنَّ اللَّهَ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطٌ}
«Нагахь шу собаре а хилахь, Делах а кхерахь, церан х1уьмалгаша (х1илланаша, мекарлонаша) шуна дан цхьа а зен дац шуна. Боккъалаъ, Аллах1 хууш ву цара лелориг» («Али 1имран» сурат, аят 120).
И ву Ша аьлларг «Нур» суратехь:
{وَعَدَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا مِنْكُمْ وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَيَسْتَخْلِفَنَّهُمْ فِي الْأَرْضِ كَمَا اسْتَخْلَفَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ وَلَيُمَكِّنَنَّ لَهُمْ دِينَهُمُ الَّذِي ارْتَضَى لَهُمْ وَلَيُبَدِّلَنَّهُمْ مِنْ بَعْدِ خَوْفِهِمْ أَمْنًا يَعْبُدُونَنِي لا يُشْرِكُونَ بِي شَيْئًا} سورة النور:55
«Аллах1а ва1да йина, шеко а йоцуш, шух иман диллина, дика 1амалш йиначарна, лаьтта т1ехь царех сардалш (дай) бан, царел хьалха хиллачех сардалш (дай) ма-барра. Шеко а йоцуш, шайн дин лело аьтто лур бу Цо царна, Ша цара и лелорна реза хилла долу, цаьргара кхерам кхерамзалле а хуьйцур бу. Суна 1ибадат до цара, Соьца цхьа накъостий а ца нисбо цара» («Нур» сурат, 55).
«Мухьаммад» суратехь боху Аллах1а:
{يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تَنْصُرُوا اللَّهَ يَنْصُرْكُمْ وَيُثَبِّتْ أَقْدَامَكُمْ}
«Х1ай Делах тешнарш! Нагахь аша Аллах1ана г1о дахь, Цо шуна а дийр ду г1о, шун когаш а ч1аг1дийр ду» («Мухьаммад» сурат, 7 аят).
Уггаре воккхаха волу мостаг1 - шайт1а ду. Адамийн мостаг1ех уггаре воккха мостаг1 ву иза, адаман ц1ий лелачухула лела иза. Цундела т1ехь ду хьуна цуьнца Жих1ад дар - Аллах1ах кхерарца а, Цунна 1еса хилар дитарца а, шайт1анан мекарлонех ларваларца а, цо дага туьйсучу вон ойланех ларваларца а, Аллах1е цуьнах ларвар дехар алсам даккхарца а, дуккха а диканаш а деш, вонех а ларлуш, ерриге хенашкахь а. Х1ара бен бац цуьнан вонах маьрша висаре кхачош болу некъ а, цуьнан х1илланех хьалха валаре вуьгуш болу некъ а, оцу т1е Аллах1ера кхетамца а, Цуьнгара г1оьнца а. Цуьнца цхьаьна йиш йоцуш ду: ша-шен дег1аца Жих1ад дар а - Аллах1 хьехор алсам даккхарца а, Цуьнан динна т1ехь нисваларца а, Цуьнан дозанаш лардарца а, ерриге заманашкахь а, меттигашахь а Аллах1ан мостаг1ех ларваларца а.
Аллах1а (Ц1ена ву И) боху:
{وَمَنْ يَتَّقِ اللَّهَ يَجْعَلْ لَهُ مَخْرَجًا وَيَرْزُقْهُ مِنْ حَيْثُ لا يَحْتَسِبُ} سورة الطلاق:2-3
«Аллах1ах кхийриначунна - халачу хьелера вала аьтто ло, рицкъа а ло Цо цунна, цунна цамоьттучера» («Т1алакъ» сурат, 2-3 аяташ).
Аллах1а (Лекха ву И) боху:
{وَمَنْ يَتَّقِ اللَّهَ يَجْعَلْ لَهُ مِنْ أَمْرِهِ يُسْرًا} سورة الطلاق:4
«Аллах1ах кхийриначунна - г1уллакхаш дай (атта) до Цо» («Т1алакъ» сурат, 4 аят).
Аллах1а, Лекха а, Сийлахь а волчу, боху:
{إِنَّ الشَّيْطَانَ لَكُمْ عَدُوٌّ فَاتَّخِذُوهُ عَدُوًّا إِنَّمَا يَدْعُو حِزْبَهُ لِيَكُونُوا مِنْ أَصْحَابِ السَّعِيرِ} سورة فاطر:6
«Боккъалаъ, шун мостаг1 ду шайт1а, мостаг1чуьнца санна хила цуьнца. Шен тоба кхойкхуш ду и, ц1ергахь хинболучарех уьш хилийта» («Фат1ир» сурат, 6 аят).
Аллах1а (Ц1ена ву И) паччахьан зудчуьнан хьокъехь боху:
{وَمَا أُبَرِّئُ نَفْسِي إِنَّ النَّفْسَ لَأَمَّارَةٌ بِالسُّوءِ إِلا مَا رَحِمَ رَبِّي إِنَّ رَبِّي غَفُورٌ رَحِيمٌ} سورة يوسف:53
«Со-о бехказа ваккха г1ертац со, вониг хьоьху сино, нагахь сан Далла цуьнах шен къинхетам ца бахь. Боккъалаъ, сан Дела – гечдеш, къинхетам беш ву» («Юсуф» сурат, 53 аят).
Аллах1а, Веза а, Сийлахь а волчу, боху «Нази1ат» суратехь:
{وَأَمَّا مَنْ خَافَ مَقَامَ رَبِّهِ وَنَهَى النَّفْسَ عَنِ الْهَوَى فَإِنَّ الْجَنَّةَ هِيَ الْمَأْوَى} سورة النازعات:40-41
«Шен Далла хьалха х1отта везарах кхийриначунна, харцахьарачу дезарех (дуьненан марзонех) ша вуха а тоьхначунна - воьрзу меттаг ялсамани хир ю» («Нази1ат» сурат, 40-41 аяташ).
Х1орш ду и толаман бахьанаш, х1орш ду и мостаг1ех хьалха воккхуш долу бахьанаш, х1орш ду и жинех а, адамех а болчу мостаг1ийн мекарлонех хьалха воккхуш долу бахьанаш, иштта царех уллорачарех а, генарачарех. Уьш ду и царна массарна а т1ехь толам луш долу бахьанаш, церан х1илланех хьалха вала бахьанаш а. И бахьанаш: Аллах1ах кхерар ду хьуна дерриге а хьелашкахь, Цуьнан динна т1ехь ларвалар ду хьуна, Цунна 1еса хиларх ларвалар ду хьуна, миччанхьа хьо велахь а - Жих1адехь а, кхечанхьа а. Х1орш ду хьуна и Аллах1а хьо ларвийр волу бахьанаш, хьан мостаг1ашна т1ехь Цо хьуна г1о дийр долу бахьанаш, хьан мостаг1 сийсаз вийр волу бахьанаш.
Х1окху белхаш т1ехь, х1ара бахьанаш лардарна т1ехь муъма наха ледарло йича, - ма-дарра аьлча, шайн мостаг1 ч1аг1ван къахьоьгаш хуьлуш бу уьш, шайна т1ехь царна толам бала. Вуьшта аьлча: эскаран 1еса хилар - царна т1ехь толам баккха г1о ду церан мостаг1чунна хуьлуш, Ухьун г1азотехь ма-хиллара.
Берриге а муъма нахана т1ехь ду, муьлхха а меттехь уьш белахь а: Аллах1ах кхерар, Цуьнан динна г1одар а, Цуьнан Шар1а лардар а, шайн дог1машкахь долчу И оьг1аз вохуьйтучу дерригенах ларбалар а, шайн куьйга к1ел берш ларбар а, шайн юкъараллин хьокъехь ларбалар а, х1орамма шен ницкъ кхачаре хьаьжжина. Аллах1а (Ц1ена ву И) ма-аллара:
{فَاتَّقُوا اللَّهَ مَا اسْتَطَعْتُمْ} سورة التغابن:16
«Аллах1ах кхера, шайн таро йоллучул» («Таг1абун» сурат, 16 аят).
Везачу а, Сийлахьчу а Аллах1е доьху вай: суна а, шуна а - берриге а бусалбанашна Ша реза верг дан аьтто бар, вайн дегнаш а, 1амалш а тояр, ваьш нисделла а, кхинаш нисбечарех а вай дар, вайн берриге мостаг1ех вайн дог1маш лардан г1одар, Ша хьехон а, Шена шукар дан а, Шена хаза 1ибадат дан а г1одар.
Берриге а бусалба нехан куьйгалхошна кхетам балар, Ша реза верг дан а, церан мостаг1ашна т1ехь царна г1о хиндерг дан аьтто бар. Цаьргахула бакъонна г1одар а, цаьргахула телхинарг сийсаз дар а, Шех кхераран буха т1ехь церан дош цхьаъ дар а.
Дерриге а бусалба къаьмнаш а, церан куьйгалхой а тобар, нисбар, бусалба нехан куьйгалхошна дерриге диканан не1арш д1аеллар, Ша реза волу дерриге а дан царна г1одар.
Аллах1а Шен къинхетам а, маршо йойла вайн пайхамарах Мухьаммадах, цуьнан доьзалах, цуьнан асхьабех, Цуьнан некъа т1ехь къематде х1отталц д1а мел ваханачух.

